«Нохчийн хелхар»

Иштта цIе а йолуш хIорашеран республикин шиннан халкъан хелхаран фестивалан-къовсаман хьалхара тур хилира хIокху деношкахь  Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментехь.MG_6248

    Оцу фестивалах лаьцна  Соьлжа-ГIалин мэрин культурин  департаментан куьйгалхочо  Омаева Мадинас дина къамел шун тидаме дуьллу оха.

 – Мила ву  фестиваль вовшахтоьхнарг?

–ХIара фестиваль вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин культурин министерство а, оцу ведомствона юкъайогIу Халкъан кхоллараллин туш а ю.

 – ХIун Iалашонаш ю фестивалан?

–Цуьнан  Iалашонаш ю:

– нохчийн халкъан синмехаллаш дIакхайкхор;

– нохчийн халкъан хелхаран культура Iалашъеш, кхидIа кхиор;

– тIекхуьучу чкъурана  шайн къоман орамаш а, ламасталлин шиннан хелхаран бакъенаш а, кеп а ларъян   Iамор а;

– коллективаша а, хьехархоша а зеделларг вовшашна довзийтар;

– хореографически искусствон ламасталлин культурин тоьлла масалш дендар а, лардар а, кхидIа  кхиор а;

– кегийрхошна юкъара халкъан хелхаран  похIма дерш схьакъастор, и.дI.кх.

– Муьлхачу  билгалонашца  къастош бу  тоьлларш?

–Уьш  хIара тайпа билгалонаш ю:

– конкурсни программин халкъан вад  лардар;

– лела хааран нормаш а, бакъенаш а ларъяр, вовшашца тIекаре хиларан культура, къоман духар тIехь товш хилар;

– хелхарехь цхьаннах тера доцу, шен хатI, шен куц хилар;

– исбаьхьаллин чулацам болуш хилар;

– хелхар хьуьнаре а, къегина а хилар;

– къаьсташ хилар;

– шатайпаналла;

– сценически культура;

– хIотторан культура (къоман духар къастор…).

– Мила ву оцу фестивалехь-къовсамехь дакъалаца бакъо йолуш?

– И бакъо ю 16-шарера 25 шаре кхаччалц хенаш йолчу вайн махкахь бехачу похIма долчу кегийрхойн, къоман — культурин автономийн кхоллараллийн коллективийн декъашхойн, Россин  субъектийн диаспорийн, СНГ-н, генарчу а, юххерчу а дозанал арахьа бехачийн, муьлххачу къомах уьш хиларх.

 – Мила ву тахана оцу фестивалан 1-чу турехь дакъалоцуш?

– Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментана юкъайогIучу искусствийн учрежденийн хелхарийн студешкахь Iемашберш а, вайн коьртачу шахьаран вузийн а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а студенташ бу уьш.

  – Хьо йоцург кхин мила вара хьалхарчу туран жюрина юкъахь?

–Уьш бара  тхан департаментан хелхаран а, эшаран а «Заманхо» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо Цакаева Хеда а, оцу коллективан коьрта балетмейстер Цакаев Ренат а, коьрта хормейстер Басиров Акраман а, репетитор Абдулаев Аслан а.

– Маса стаг  ву  хьалхарчу турехь  дакъалоцуш?

– Уьш 76 стаг ву.

– Царах шолгIачу туре ваьлларг маса ву?

– Царах шолгIачу туре ваьлларг 16 йоIIий, 16 кIанттий ду.

– Царах финале валавезарг маса ву?

– Уьш 10 йоIIий, 10 кIанттий ву.

 – Маца  хила езаш ю  финал?

– Финал  хIокху шеран 29-чу апрелехь дIаяхьа лерина.

 – Мадина, къамел дерзош хIун ала луур дара хьуна?

–Суна сайн а, сайн коллективан а  цIарах, уггаре а хьалха,  даггара баркалла ала луур дара хIара тайпа проекташ вовшахтохарна, дIаяхьарна тIехь доккха гIо-накъосталла  деш, нохчийн къоман культура а, искусство а йоI-бIаьрг санна ларъеш, церан аьрда-бIогIам хилла  схьавогIучу мехкан дена Кадыров Рамзанна а,  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина а, хIара фестиваль-къовсам вовшахтоьхначу Нохчийчоьнан культурин министрана Дааев Хож-Бауддина а, Халкъан кхоллараллин туьшан директорна Даудов Рамзанна а, церан белхан накъосташна а, соьца цхьаьна жюрина юкъахь хиллачарна а, дакъалаьцначарна а.

Интервью  зорбане кечйинарг-
ИБРАГИМОВ Ризван

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: