Иштта ду нохчийн ц1еяхханчу яздархочо М.Мамакаевс вайга дина косташ.
Нана дуьнен чохь Дала уггаре а сийлахь кхоьллинарг ю. Садолчу массо а хIуманна, хуьлийла иза мотт ца хуу хьайба, экха я олхазар, хьоме ю нана. Дуьххьара кийра бузо кхача белларг, ховха куьг хьаькхна, хьан дог эцнарг ца хуьлийла дац хьоме.
Нана… Нохчийн нана, хьайн къомана къиза, хала даьхкинчу тIеман шерашкахь яккхий халонаш, дагахь доцу вуонаш лайра ахь.
Яханчу заманахь цхьа а бIе шо ца деана хьан дог паргIат даьлла, хьан доккха садаккха йиш хилла. Декъаза, хала, амма сийлахь хилла, нана, хьан некъаш. Нохчийн нана, цкъа къонах хуьлий, хьайн доьзалан напха лаха новкъа йолура хьо, юха, гIайгIанаша кIадйой, дог дуткъаделлачохь, йоьлхура хьо…
Амма цкъа а, цхьанна а ца гира хьо доьзалан хьаштех къаьхкина, хьайна аьтто лоьхуш, юьстах яьлла Iаш. Хьан дуьхьа оха дан дезарш дуккха а дара, дуккха а. Ламаст хилла дIахIоьтти Ненан де билгалдаккхар. Гой хьуна, нана, хьуна лерина а догIу-кх шера чохь цхьа де… Хьо-м кеста Iемар яц хьайна лерина дезде ду бохучух теша. Баккъал дийцича, хIора догIу де а ма-дара, нана, хьан де хилла дан дезаш. Хьуна-м ма догIий хІора де а доьзалан де хуьлий…
Нохчийн нана… ДагайогIий шуна, чохь тIулгаш кхехкийначу «чорпица» Сибрех цо шаьш дузийна суьйренаш? ТІаьххьара тІеман лаьттинчу шерашкахь цкъа Дагестане уьдуш, юха цига некъ дихкича, дохийча, коггаш Iуьйра шийлачу хих юьйлуш, шен махкана а, доьзална а цо «сискал» латтийна денош?
Нана, йиша, зуда, йоI ден цIахь а, арахь а уггаре а деза дукъ кхочура хьуна. Оьзда зуда, хьан мах дуьненахь а, эхартахь а базбина Дала. Мел буьрсачу Iай а хаза бIаьсте хуьлу хьуна уллехь, нана!
Нанойх лаьцна ечу ойланашца дахарера цхьацца тидамаш карлабуьйлу тахана.
Масех шо хьалха, генарчу махкара цIа йирзинера со. Аьхка дара иза. Суьйранна бажа цIабогIучу хенахь, сайн дагахь гIуллакх деш, тхешан бежанашна дуьхьал кетIа яьллера со (хIетахь даьхни дуккха а наха кхобура, тIеман шераш делахь а). Некъ дIалаьцна, партала техкаш цIагIертара бежнаш. Нехачарна юкъахь тхайнаш а хила дезара. Массаьрга а бIаьрг тухуш хьаьжира со. Уьш дерриге а цхьатерра а, цхьабосса а дара суна. Тхешан етт суна ца бевзара, ткъа цунна со – муххале а. Иштта Іаш, кевна уллера со дIа а тоттуш, кочара муш бастабелла, кемсийн чардакхна кIелахь дихкина хилла жима эса кех ара иккхира. Ма-доддара суна «цхьабосса» долчу бежанашна юккъерчу шен нанна тIехьаьдира иза. И цунна хьесталуш, ткъа вукхо шен хана мотт хьоькхуш, етт-эсий, со тергал а ца еш, тIехдаьлла тхан керта дахара. Иштта еза кхоьллина-кх хьо, Нана, Сийлахьчу АллахI-Дала (С.Т.), генаш тIехь дахар токхучу олхазаран нана а тІехь.
ЧIегIардиг хIун хила еза?! Вайх дукхахболчарна ца хаьа иза Дала шен кIорнийн мел само йолуш кхоьллина ду. Оцу пекъаро, шен зIакарца чемхалгах кохкар дой, цуьнца шен кІорнин когаш бенах дIабоьхку, тIема дала Iаммалц, иза латта дожарх лардеш.
Нохчийн нана, хьо санна дукха йилхина юй-техьа кхечу къаьмнийн нана?
ХIурда-кемано ша отуш бечу некъах тера ду ахь къоман, доьзалан, марзахойн, дехойн, ненахойн дуьхьа халонашна дуьхьал мел де-доху некъаш.
Дуьнен чохь беза хилла болу хьоьгара бала, Махьшаран майданахь байбойла хьуна вайн Везачу Дала.
Вайн жимачу, дегалчу къомана тIехIиттина халонаш вай ловр а яцара, вайн наной боьхна хьийзина хиллехьара. ХIетте а, цхьаъ даккха гIерташ, тхаьшна худар дан а хаале хьуна хьовла дан Іамо ма-хIуьттийца тхо, нана. Лехамаш боцчу оха, хьехамаш а ма бо хьуна, нана. Нохчийн наной, царех цхьаберш муххале а, доьзалера а, хIусамдегара а баркалла хила а ца Iеминера. Ткъа шу, пекъарш, ирсе дан даккхий хIуманаш, яккхий таронаш оьшуш яцара. Хьо ен цхьа дош тоьа, хьо юхаденъян а цхьа дош тоьа. Дог ма диллалахь, тхуна а цкъа хуур ду хьуна, хьо кIадъеллий, гIелъеллий, нохчийн къам хьо бахьанехь Iалашделлий…
Дуьне доьхча а ма духийла хьан ийман, собар, доьналла. Доьзало дог хьостуш ехийла хьо!..
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап