Долуш дерг хилла дIахIоьттина тахана махкарчу а, дозанал арахьарчу а инвесторша вайн республикина, бизнесан гIуллакхаш кхин а кхиаме хилийта цигахь йолчу таронашна тIеттIа алсам тидам тIебахийтар. Шорлуш ю цаьрца йолу уьйраш, зIенаш. Цунна къеггина долу тоьшалла ду тIаьхьарчу пхеа шарахь регионан экономика кхиорна 270 миллиард соьмал сов инвестицеш юкъаехкина хилар.
Гуш ма-хиллара, хаддаза алсам а болуш, бIеннаш миллиардаш соьмашка кхочуш ду регионан экономика кхиорна инвесторша юкъадохкуш долчу ахчанийн барам. Иза ларамаза а дац, хIунда аьлча, тахана Нохчийн Республика лакхарчу боларшца, цхьанаэшшара кхуьуш йолчу субъектех цхьаъ хилла Россехь дIахIоьттина хиларна. Цуьнца доьзна дуккха а бакъдерш далийра республикин Правительствон Председателан заместитела экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас журналисташца дукха хан йоццуш хиллачу цхьаьнакхетарехь. Кхиамца гIуллакх деш ду Iедалан органийн дерриге а тIегIанаш, бIеннаш дешаран учрежденеш йина, схьайиллина шайн цигахь дуьненаюкъарчу маьIнин тайп-тайпана къийсадаларш дIахьош йолу Iаламат яккхий спортан объекташ, бахархойн культурин хьашташ кхиамца кхочушдо театраша, музейша, тайп-тайпанчу аттракционаша, чIагIдора цо. Уггаре а коьртаниг лорура инвестицийн яккхий проекташ кхиамца кхочушъеш хилар.
ТIаьхьарчу деа шарахь вайн экономикехь хиллачу бIаьрлачу кхиамех лаьцна дуьйцуш министра шуьйрачу хаамийн, гIирсийн векалийн тидам тIебахийтира федеральни Iалашонан «2008–2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республика социально-экономически кхиор» аьлла йолу программа кхочушъярехь баьккхинчу боккхачу толамна. Дозалла даран ойланца даладора цо иштта бакъдерш: федеральни Iалашонан программа кхочушъяран гурашкахь метта а хIоттийна, керла ян а йина экономикин а, социальни декъан а 700 сов объект. 1,7-зза гергга кхиъна регионан чоьхьара продукт (ВРП). 1,4-зза, я 20 миллиард соьмал сов алсамбаьлла республикехь арахецна вай долчуьра дIахьажийначу вешан товарийн, вешан ницкъашца кхочушбинчу белхийн, хьаштийн барам. Нагахь 2011-чу шарахь вайн юьртан бахамехь 12,9 миллиард соьмана аренийн, даьхнилелоран сурсаташ кхиийна хиллехь, 2015-чу шарахь церан барам 17, 2 миллиард соьме кхечира.
Регионан коьртачу экономиста чIагIдарехь, иштта бIаьрла хийцамаш, ма-дарра аьлча, дерриге а дакъошкахь хилла. Цо тидам тIебахийтира пхеа шарахь вайн бахархойн барам ворхI процентана, аьлча а, 90,8 эзар стагана тIекхетта, ткъа хьесапе эцначу белхазхойн барам 102,7 эзар стагана лахбелла хиларна. Толуш лаьтта адамийн дахаран хьалде а. Иза гойту оцу муьрехь бахархойн хIусамашка долу хьашташ хаъал хийцаделла хиларо а – стохка хIора вахархочун хIусаман барам 18 квадратни метрал сов хилира (дустархьама, 2011-чу шарахь цуьнан барам 13,8 квадратни метре кхочуш бен бацара). Хаъал тоелла материальни агIо а. Цунна тоьшалла до цхьана белхахочунна баттахь юккъерчу барамехь догIуш долу белхан алапа ворхI эзар соьмал сов алсамдаларо: 14,4 эзар соьмана тIера 21,9 эзар соьме кхаччалц.
ДIадаханчу шарахь динчух лаьцна дуьйцуш, I.Магомадовс билгалдаьккхира дийнна махкахь экономикехь кхолладеллачу чолхечу хьоле хьаьжна доцуш, республикехь оцу шарна билгалдаьхна хилла декхарш кхиамца кхочушдина хилар. Аьлларг тIечIагIдира билггалчу терахьашца. Иштта, 2015-чу шарахь регионан экономикина юкъаехкина 61 миллиард соьман барамехь инвестицеш, шайна юкъахь 47 миллиард сом бюджетана юкъадогIуш а доцуш. Инвестицийн 300 сов проект яра кхочушъеш. ГIуллакх дарна юкъаялийра 14,5 эзар меттигна керла 27 школа. Республикехь жигара юкъаялайора экономика кхиорна гIо деш йолу керла кепаш. Оцу дерригенан коьртачу жамIех цхьаъ лара мегар ду белхазхойн барам 24,7 эзар стагана лахбелла хилар, ткъа хьесапе эцначу белхазаллин барам 12,1 процент бен хилла цахилар.
Ведомствон пресс-службо бечу хаамца, министр тешна ву экономика кхиоран боларш кху шарахь а лакхара хиларна кхачоян ницкъ кхочург хиларх. Цо дийцарехь, алссам тидам тIебохуьйтур бу гIишлошъяран декъехь кхузаманахьлера производствош кхоьллина хинйолу Соьлжа-ГIалара индустриальни парк яр чекхдаккхарна. Чекхдолуш ду туристийн-рекреацин тайпана «Ведучи» аьлла йолу къаьсттина экономически зона кхолларан проект кхочушъяр, иштта гIишлошъяран «ИСТ «Казбек» кластер яр. Кху шарахь гIуллакх дарна юкъаяло билгалдеш ду Ойсхарахь 1200 аттана лерина йолу шурин комплекс а, шен цигахь дустош долчу бежнашна докъаршца кхачояран туш а.
Уьш яккхий проекташ ю. Цуьнца цхьаьна министерствос хаддазчу тергонехь латтор ду экономикин кхидолу дакъош кхиоран гIуллакхаш а. Хьалхарчу рогIехь иза хьакхало промышленни производствох, машенаш ярх, гIишлошъяран индустрих, тахана регионан экономикехь коьртачарах цхьа меттиг дIалоцуш долчу декъах – юьртан бахамах.
Цхьаьнакхетарехь хиллачу къамелан жамIаш деш регионан экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас зорбанан векалшна хьалха кхин цкъа а чIагIдира Нохчийчохь тIаьххьарчу шерашкахь хилла бIаьрла хийцамаш дуьххьалдIа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарца боьзна хилар. Иза кIорггера тешна вара цуьнан хьуьнар бахьанехь регион иштта цхьанаэшшара кхуьуш йолу Россин кхузаманахьлера субъект хилла дIахIоьттина хиларх, тIейогIучу хенахь а цуьнан куьйгаллица вайн республика, цуьнан экономика вайн махкахь тоьллачарах цхьаъ хилла дIахIуттург, адамийн дахар тодарехь кхин а лакхарчу дозанашка кхочург хиларх.
Ондда бух болуш тешар ду иза.
Л.АБУБАКАРОВ
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо