Юкъаялийна республикин орцанан «112» система

Нохчийн Республикехь «112» орцанан система кхочушъяран хьалхара дакъа чекхдаьлла. Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолу Коьрта урхалла а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство а, иштта Нохчийн Республикин транспортан, зIенан министерство а ю цу тIехь къахьоьгуш.

   – Нохчийн Республикехь «112» система юкъаялоран хьалхара дакъа чекхдаьлла  ала йиш ю вайн ца-кхоьрруш, иза хIинцале а болх беш хиларна. Вайн махкахь орцанан и система кхочушъяран декъехь Нохчийн Республикин Правительствос а, Россин Федерацин МЧС-о бина барт 100 процент кхочушбина. Цу юкъадогIуш дуккха а хIума дара: республикехь орцанан «112»  система юкъаялор Соьлжа-ГIалара орца дехар талларан туьшана (центр обработки вызовов) технически гIирсашца кхачояр, иштта дIа кхин  а, – дуьйцу Нохчийн Республикин Транспортан, зIенан министра Черхигов Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикехь и система  юкъаялоран дуккха а Iалашонаш ю: республикин бахархойн кхерамазалла лакхаяккхар, чрезвычайни хьолех хуьлучу социальни-экономикин зенан барам лахабаккхар, кхидIа.

– Карарчу шарахь «112» система промышленни (пачхьалкхан) эксплуатацехь болх бан йолалур ю. Амма, цул хьалха районашкара дежурно-диспетчерски службашца а, иштта 01, 02, 03, 04 дежурно-диспетчерски службашца а цуьнан (системин) зIенаш дIатаса езаш ю. Цул сов, Соьлжа-ГIалахь  орца дехар талларан туьшан гIишло а ю йина йолуш. «112» системина лерина Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера гIишло ю иза, – элира Р.Черхиговс.

Нохчийн Республикехь «112» система юкъаялор  нийса догIуш ду «Россин Федерацехь экстренни оперативни службашна орца дехаран системица кхачояр тодеш-карладаккхаран хьокъехь» долчу Россин Федерацин Президентан Указаца а, «Цхьааллин 112 номерца орца дехаран системица экстренни оперативни службашна кхачояран хьокъехь» болчу Россин Федерацин Правительствон Сацамца а.

Кхузахь ала догIу, Соьлжа-ГIалахь «112» системина лерина гIишло Нохчийн Республикин бюджетан чоьтах еш хилар. Цул сов, Соьлжа-ГIалара гIишло чекхъяьлча, цунах терра гIишло ян лерина  Гуьмсехь а. Иза а хир ю Нохчийн Республикехь «112» системига кхоччуш болх байтарна лерина.

 

И.ХАСАХАНОВ

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: