Де—дийне гергагIерташ ду Рио—де—Жанейрохь аьхкенан Олимпийски ловзарш схьадоьллу де. Нохчийн спортсменех мила хир ву цигахь дакъалоцуш? Оцу хаттарна жоп ца лоьхуш стаг кIезиг хир ву Нохчийчохь. Кхин а чIогIа сагатдо оцу хаттаро спортсменийн а, церан тренерийн а. Сагатдина а ца Iаш, Олимпиадел хьалхарчу турнирашкахь хьуьнаре къийсадаларшца Бразиле боьдучу новкъахь хьалхахьа гIулчаш йоху цара. Нийсса аьлча, карарчу хенахь хуьлуш йолу хIора турнир а къастаман хуьлуш ю. Цундела чIогIа оьшу цигахь толаман меттигаш яхар.
ХIокху деношкахь (8-чу мартера 13-гIа март кхаччалц) Латвин пачхьенехь Ригехь дIаяьхьира охьатохархлатарехула Европин чемпионат. Билггал а бIаьрлачу кхиамашка кхечира цигахь нохчийн спортсменаш. Иштта, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Европин чемпион хилира Болтукаев Анзорах (йозаллин барам 97 кг). ТIаьхьарчу хенахь цхьацца бахьанашна (коьртачу декъана къийсадаларшкахь лазор а долуш) юкъаравийларш нисделлехь а, йоккхачу спортехь тIаьххьара дош ша хIинца а аьлла цахилар хаийтира Анзора. ПаргIатчу кепара охьатохархлатарехь йоьзан мидал яьккхира Касумов Исраила (65 кг). Европин чемпионатехь кхоалгIа хилар а боккха кхиам бу.
Греко-римски кепара охьатохархлатарехь Олимпийски ловзарийн чемпион волчу Альбиев Исламбека хьалхара меттиг йоккхург хилар цхьамма а шеконе дуьллуш дацара. Цо и иштта хилар чIагI а дира.
Европин чемпионатехь нохчийн спортсменаша 2 дашо а, 1 йоьзан а мидалш яхар ерриге а республикина боккха юьхькIам а, вайн хьуьнаречу охьатохархлатархоша Олимпиадина тIекхочуш, хьалхахьа яьккхина кхин цхьа гIулч а ю. Дала тIаьхье беркате йойла!
Хь.АБАЕВ
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо