Соьлжа-ГIалахь спортан шаршолг (каток) схьабелларх
Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь схьабиллина шаршолг (500 кв.м.). Шано +40 градус йовхо ловр ю, цундела аьхке тIекхаччалц хехкабала аьтто хир бу вайн республикин бахархойн.
Иза схьабелларехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин мэрин векалша, республикин иттаннаш бахархоша. Цига кхайкхина бара Москварчу «Безумный мир» шен (ледовое) шоу юкъара спортсменаш. Россин фигуристаша гайтинчу хьуьнарех самукъадаьллера гулбеллачеран.
– Вайн республикерчу бахархошна самукъадаккха а, церан могашаллина пайдехь а хир йолуш меттиг ю тахана схьайиллинарг. Спортан шаршолге баьхкинчарна кечйина самукъадаккхаран программаш ю хир йолуш. Вайн республикин Куьйгалхочун даггара баркалла олу ас, цо вайн бахархошна и тайпа хьелаш кхолларна, – яздина шен инстаграман агIонехь Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима.
Шаршолг схьабелларан официальни дакъа дерзийначул тIаьхьа, Россин фигуристаша ша тIехь хахкабала луучарна шайн говзалла гайтира.
Хь.БАХТАЕВА
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо