Ростовн областан Iилманан интеллигенцих лаьтташ йолу тоба кхаьчнера хIокху деношкахь Соьлжа-ГIала. Оцу делегацина коьртехь вара Россин Федерацин Iилманийн хьакъволу деятель, экономикин Iилманийн доктор, Ростов гIалин пачхьалкхан экономикин университетан ректор, профессор Альбеков Адам.
Делегаци вайн республике кхачаран Iалашо яра Нохчийн Республикин Iилманийн академин а, республикин лаккхарчу дешаран заведенийн а куьйгалхошца цхьаьнакхетар.
Альбеков Адам Нохчийн Республикин дозалла ду. Даймахкана генахь, шен ийманца, оьздангаллица, Iилманан похIмица иза къаьсташ вара къоначу шерашкахь дуьйна а. Хууш ма-хиллара, Ростов йоккха гIала ю Къилбаседа Кавказехь. Цигара университет СССР йолчу хенахь а яра, хIинца а гIараяьлла евзаш ю Iилманчаш кечбарца а, Iилманан бух хиларца а. Оцу йоккхачу университетан ректор мил-милла а хилалур вац. Иштта, 2012-чу шарахь ректор хоржуш 214 стагах 175 стага кхаж Альбеков Адамна тесира. Ростов университетан исторехь дуьххьара ду нохчийн Iилманча ректор хIоттавар.
Нохчийн пачхьалкхан университетан коьртачу корпусехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Ростов гIалин пачхьалкхан экономикин университетан а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а ректорша Альбеков Адама а, Саидов Заурбека а университеташна юкъахь гергарло лелоран хьокъехь барт чIагIбеш куьйгаш яздира.
Барт бечу хенахь зала чохь шинна а университетан хьехархой а, студенташ а бара. Цхьаьнакхетарехь ректорша билгалдаьккхира университеташна юкъахь дешаран, Iилманан уьйраш чIагIъеш барт бар мехала гIуллакх хилар. Ишттачу гергарлонаша студенташ Iаморан а, кхиоран а шуьйра таронаш гучуйоху, Iилманан декъехула керла гIулчаш яха аьтто а бо. Шайна зеделларг довзийта, хаарш тIедуза, университетийн хьехархой дIасабохуьйтуш, Iилманан-талламан декъехь къахьоьгучу къоначу Iилманчашна гIо хиларе а сатесна бу ректорш. Цул тIаьхьа, программица нийса а догIуш, Ростовера делегаци А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь хилира. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагийн курс юьллуш, музейхула экскурси йира. Музейн хьешашна леринчу книгина тIехь йоза дитира Альбеков Адама.
Дала тIаьхье беркате йойла оцу мехалчу дIадолоран! Ростов генахь а яц. Вовшашна пайдехь а, беркате а хир ду аьлла хета университеташа тесна гергарло.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо