Цхьа-ши дош…

Шемахь машар баран а, герзаш кхийсар сацоран а хьокъехь болчу  бартана куьйгаш яздина оцу махкарчу 44 юьртарчу а, гIаларчу а бахархоша.

***

   Хонкаран махкара Шема герзаш деттар сацош дац. Коьртачу декъана курдаш бехаш болчу ярташна детташ ду уьш.

***

   ТIаьхьарчу кхаа кIирнах «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьадаьккхина 3 эзар квадратни километр хиллал латта, хIаллаквина 600 сов террорист.

***

   Иракан Iедалан эскарша хIаллаквина 27 террорист. «Иблисан пачхьалкхана» юкъахь хилла и зуламхой бехке беш бара химин герзах пайдаэцарна.

***

   Хонкарарчу Анкара шахьарахь эккхийтар дар бахьанехь 27 стаг велла, 70 гергга стагана чевнаш хилла.

***

   Евросоюзан а, Кубин а куьйгалхоша куьйгаш яздина вовшашца йолу юкъаметтигаш тояран хьокъехь болчу бартана.

***

   Венесуэла пачхьалкхехь дIахьош яккхий митингаш ю. Урамашка цхьана хенна арабевлла Президентан Н.Модурин гIолоцуш берш а, цунна дуьхьал берш а.

***

   США-с а, Францис а Японина гIо дийр ду «Факусимо-1» атомни электростанцехь бохам хилча реакторшна чохь йисина ягориг схьайоккхуш.

***

   Италерчу Альпашкахь лаьмнашкара чухьаьддачу хьаьтта кIел а вахана, 6 турист кхелхина.

***

   Украинерчу Одессехь бехаш болчу бахархошна юкъарчу 35 эзар стага куьйгаш яздина губернатор Н.Саакашвили отставке вахийтар доьхуш яздинчу кехата тIе.

***

   Россигара уггаре а алсам мехкадаьтта оьцуш йолу пачхьалкх хилла дIахIоьттина Чина. Хьалха вайн махкара уггаре а алсам мехкадаьтта оьцуш ерг Германи яра.

***

   Россин Президента В.Путина Ярославлехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира вайн мехкан некъашкахь бохамаш хиларца доьзна долу хьал.

***

   Вайн махкарчу десантникаша дакъалоцур ду Таджикистанехь дIахьочу тIеман Iаморашкахь.

 

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: