Вайн дахарехь референдумо лелийна маьIна

Вайн республикехь дIахьош ду Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна 13 шо кхачар билгалдаккхарна лерина кечамаш бар а, бахархошца цхьаьнакхетарш вовшахтохар а. Иштта, хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгахочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам цхьаьнакхийтира Грозненски районерчу Йоккхачу АтагIарчу бахархошца.ислам

Шен къамелан юьххьехь Кадыров Ислама билгалдаьккхира Конституцис вайн дахарехь лелош долу маьIна, иза тIеэцарехьа дIаяьхьначу референдуман мехалла. «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан тешамечу эзарнаша бIанакъосташа а шайн дахар дIаделира Нохчийчохь тIом сацорхьама, машар хилийтархьама. Ахьмад-Хьаьжин доьналло, стогалло, майрра диначу гIуллакхаша хIаллакьхиларх кIелхьарадаьккхира вайн халкъ. Билггал Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш Нохчийчоь Россин бакъонийн хьаьрме юхайирзира, Россин Федерацин юьззина бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоьттира. Цо болийна некъ дIахьош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Вайн регионехь синтем хилийтаран а, иза кхиийтаран а закъалт хилла лаьтта тахана иза», – бохура Кадыров Ислама. Цо тидам тIебахийтира республика когахIоттор, кхиор референдумна тIера дIадоладелла хилар. «Цул тIаьхьа дIадаьллачу 13 шарахь йоккха гIулч яьккхина кхиарехьа. Дуьненна гина дац тIом чекхбаьллачул тIаьхьа оццул сиха мохк меттахIоттор», – бохура И.Кадыровс.

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид. Референдум дIаяхьарна кечамбарехь а, иза дIаяхьарехь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна маьIна билгал а доккхуш, цо дийцира оцу муьрехь хиллачу юкъараллин-политикин хьолах лаьцна.

Хьаххийначуьра аьлча, референдум дIаяьхьна 13 шо кхачарна лерина бахархошца  цхьаьнакхетарш дIахьош бу республикин Парламентан  кхиболу декъашхой а. Таханлерчу денна тIекхочуш вайн Парламентан депутаташ цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Шелан, Соьлжан, Итон-Кхаьллан, Грозненски, цхьамогIа кхечу районашкахь.

Д.АНАДЕВ

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: