ЕГЭ дIаяларан жоьпаллах дийцира

Соьлжа-ГIалин №18 йолчу школехь районийн дешаран урхаллийн, ЕГЭ дIаяларна билгалйинчу меттигийн  куьйгалхошца а, школийн директоршца а кхеташо хилира ЕГЭ хенал хьалха дIаялар дийцаре деш.егэЦигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан ректора Эльмурзаева Гангас. Дийцаре динчу гIуллакхашна юкъа догIура экзамен дIаяларехь оьшуш долчунна технически кхачояр. Министра юха а карладаьккхира ЕГЭ дIаялар хIораммо а  доккхачу жоьпаллица кечам бан безаш гIуллакх хилар. КIоштийн дешаран отделийн а, школийн а куьйгалхоша цхьана денна а шайн тидамера далийта йиш яц иза. Кхоччуш болх бан беза дай-наношца а, шаьш дешархошца а. Мало йоцуш болх баро бен кхиаме кхачор дац.

   Хенал хьалха ЕГЭ – 2016 дIаялар 21-чу мартера 23-гIа апрель кхаччалц хир ду.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: