Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дIахьош ю «Къона хьехархо – 2016» республикин конкурс. Конкурс март беттан хьалхарчу деношкахь йолаелла. Белхан стаж 5 шарал кIезиг а йоцуш, 35 шо кхаччалц хенаш йолчу 85 къоначу хьехархочо дакъалоцу цигахь. Жюрина юкъахь бу дешаран учрежденийн, дешаран а, Iилманан а министерствон, Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран нохчийн институтан белхахой а, иштта «Хьехархо» республикин газетан векалш а.
Дешаран а, Iилманан а министерствехь билгал ма-даккхара, конкурс дIаяхьаран Iалашо ю къоначу хьехархойн хьуьнарш кхиор а, церан шайн балхе шовкъ-марзо совъяккхар. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин районашкахь дIахьош бу конкурсан мур.
Цул тIаьхьа, районийн муьрехь тоьллачарна юкъахь къастор бу финалехь тоьлларш.
Шалиева Зайнап
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо