«Шела – сан хьоме гIала»

Даймохк безар, ша вина, кхиъна мохк ларар, кегийрхойн дог-ойланашца патриотизм кхиор, царна юкъахь похIма дерг билгалваккхар дара Шеларчу №9 йолчу школехь «Шела – сан хьоме гIала» цIе йолу берийн суьртийн конкурс дIаяхьар.

Конкурсехь дакъалоцуш бара 1-чуй 4-чуй классашкара дешархой. Берашна тIедиллина дара шайн белхашкахь мехкан Iаламан хазалла, башхалла гайтар а, шаьш дехачу Шела гIалица шайн йолу уьйр-марзонаш гайтар а.

Дуьне, берийн бIаьргаш чохь, ойланашкахь хаза а, цIена а ду. Иза церан суьрташкахь гуш дара. Суьрташ тайп-тайпанчу жанрашкахь дехкинера бераша. Цхьадолчу суьрташкахь шайна гуш йолу гIала, цуьнан урамаш, гIишлош, нах гойтура бераша, ткъа цхьадолчу суьрташкахь шайн хила лууш йолчу гIалин суьрташ дехкинера цара. Жюрин декъашхоша билгалдира, берийн суьрташна юкъахь тоьлларг ду аьлла къастам бан хала хилла хилар. ХIора суьртехь дикалла, цIеналла яра. Делахь а, сурт дилларан темица мелла а догIуш долу суьрташ къастийра жюрис.

Школин директора Бисултанова Альбикас элира: «Тхан школехь доьшуш дуккха а похIме бераш ду. ХIара санначу кхоллараллин конкурсашка иза иштта хиларна кхин цкъа а тоьшалла а ду. Конкурсехь дакъалацарна а, шаьш дийриг дукхадезаш, даггара дарна а баркалла шуна. Оха толамца декъалдо шу!».

Конкурс вовшахтоьхначара грамоташ елира толамхошна, иштта, дакъалацархошна а дира совгIаташ.

З.ХИЗИРОВА

 №30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: