«Нохчийн яздархой»

юЗорбанера араяьлла Арсанукаев Iабдуллин «Нохчийн яздархой» биобиблиографин довзийтаран (биобиблиографический справочник) шолгIачу томан шолгIа книга. Кхул хьалха араяьлла довзийтаран хьалхара том а, шолгIачу томан хьалхара книга а кхаъ хиларца тIеэцна нохчийн литературин хьехархоша а, нохчийн литература йовзаре хьашт мел долчара а. Шен Iалашо йовзуьйтуш, хьалхарчу дашехь автора яздо: «Нохчийн исбаьхьаллин литературин исторехь а, хIинцалерчу литературехь а шайн цIерш йолчу берриге а яздархойх кхачам боллуш хаамаш баларан Iалашо ю хIокху белхан. Кху тIехь хIора яздархочун дахарх лаьцна дуьйцу, цуьнан кхоллараллех кхетам ло, цуьнан ерриге а произведенеш йовзуьйту, цунах лаьцна йолу литература ялайо. Нохчийн литературехь вевзаш волчу хIора яздархочунна лерина ша статья ю. Статьян чулацам иштта бу: яздархочун фамили, цIе; кхоллараллин корматалла (поэт, прозаик, драматург, литературовед, критик, гочдархо), вина хан, вина меттиг; ден цIе, цуьнан корматалла; яздархочун дахар а, кхолларалла а; цуьнан ерриге а произведенийн цIерш, ара маца евлла а, мичахь евлла а хоуьйтуш; цунах лаьцна йолу ерриге а литература, маца, мичахь зорба тоьхна а дуьйцуш… Уьш ялийна шаьш зорбанехь арайийларан рожехь, хронологи ларъеш. Яздархойх лаьцна йолу статьяш дIанисйина алфавитца йогIуш».

Бинарг дукха мехала болх бу. Довзийтаран шолгIачу томан шолгIачу декъехь 17 яздархочух хаамаш бу (Абзаилов Iилман, Алиев ГIапур, Ахмадов Iумар, Гайрбеков Чага, Курумова Селима, Магомаев Салавди, Макалов Шамсудди, Маргошвили Юсуп, Окуев Шима, Осмаев Асламбек, Рашидов Шаид, Сагаипов Iаьрби, Саракаев Хьамзат, Сатуев Хьусайн, Сулейманов Ахьмад, Хасбулатов Ямлихан, Яндарбиев Хьамзат).  Цхьатера дац цара нохчийн литература кхиорна юкъадиллина дакъа: гоьбевлла бевзаш болу яздархой бу, шайн цIерш литератураезархойн а, говзанчийн а готтачу гуонна бен ца евзарш бу. Амма хIокху книгийн (довзийтаран) авторна маьIне ду нохчийн исбаьхьаллин дош кхиорехь кIезиг-дукха дакъа долу хIора стаг а вовзийтар, цуьнан цIе литературин исторехь йисийтар. Иза ду мехала.

Нохчийн литературин хьехархошна, Iилманчашна, студенташна, журналисташна, вуьшта аьлча, нохчийн литература талларе, Iаморе, йовзаре хьашт долчунна хIоранна чIогIа пайдехь болх бу Iабдуллас бинарг. Тахана вай юьйцуш ерг а лерича, «Нохчийн яздархой» биобиблиографин довзийтаран кхо книга араяьлла. Уьш юй хууш, шен белхан стоьла тIехь уьш хилийтаран гIайгIабеш воцу нохчийн литературин хьехархо, кIедо аьлла дитича, шен меттахь ца хета. Хьехархошна оьшур йолу литература школийн библиотекашкахь хилийтаран бала кхочуш дешаран учрежденийн куьйгалхой а хила безара.

Хьехархошна шайн балха тIехь билггал а пайде хир йолу хIара книгаш цаьргахь хила лууш дуьйцу вай хIара дерриге а. Ткъа авторна  баркалле хила деза и мехала болх барна, иштта ладоьгIур ду довзийтаран кхоалгIа том араяларе а.

Хь.АБОЛХАНОВ

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: