Цуьнан хIусамехь – синтем а, аьхналла а

IMG_3735

Адаман гIиллакх-оьздангалла цуьнан цIийца, сица хуьлуш ду. Муьлхха а бер ша дуьнен чу долучу хенахь цIена хуьлу цхьа а къа, хьаг1йоцуш. КхидIа дас-нанас кхиадо доьзалхочуьнгахь ийман-ислам, гIиллакх-гIуллакх, къоман Iадаташ, ламасташ дезар, дахарехь цара ма-бохху некъ дIакхехьар.

Ша оьздачу доьзалера схьаяьлла хиларе терра, къоман культура, Iадаташ, ламасташ а дахарехь массо хIуманал мехала хетта Соьлжан районан Культурин цIийнан директорна Джанаралиева Зараана. Зараъ хила ма-езза, нохчийн оьзда зуда а, шен берийн дика нана а хилар ган-м хала дац, цкъа иза евзинчул тIаьхьа. Белхан гIуллакхца Серноводске кхачар нисделлера сан. Дуьххьара юьрта ма-кхаьчча, Культурин кхерче яхара со. ХIетахь дуьххьара евзира суна Зараъ. Цуьнан гIиллакхе хиларо, оьзда мотт бийцаро бина сирла битам кхин а чIагIбелира ДжанаралиевгIеран хIусаме кхаьчча. Хийрачу юьртахь нисъеллачу суна цигахь вевзаш кхин цхьа а вацара. «Цхьанхьа кафе чохь йийр ю ас делкъе» бахарх гIуллакх ца хилира сан. Хьошалла ца дича, Iийр йолуш яцара Зараъ.
Церан хIусам чоьхьа ма-еллина, цхьа башхачу синтеман «хьу хааелира» суна. ХIусамера хIаваъ а цхьаьна оьздангаллех дуьззина хеталора. Зараан виъ доьзалхо ву: кхо кIант а, цхьа йоI а. Уьш массо шайн доьзалш болуш Iаш бу. Дахаран новкъахь цара, нанас а санна, культурехь къахьегар хаьржина. Берийн исс бер а ду Зараан. Цара-м, шайн башхачу амалшца, гуттар а «Iехайо» шайн ненана-денана.

Жимчохь дуьйна кхоллараллин муьлхха а болх хазахетара Зараана. Къаьсттина самукъадолура цхьацца хIуманаш йоруш, тоьгуш, юцуш. 1974-чу шарахь Соьлжан районан Серноводскера №1 йолу школа чекх а яьккхина, юьртарчу библиотеке балха еара Зараъ. ХIетахь дуьйна культурица, дешарца доьзна хилла цуьнан дахар. 2007-чу шарахь районан Культурин цIийнехь болх бан йолало З.Джанаралиева. Ткъа шо гергга хан ю цо оцу хьаьрмахь къахьоьгу.

Район жима елахь а, культурин декъехь дIахьочу республикански массо къийсадаларшкахь, фестивалашкахь, даздаршкахь дакъалоцу Соьлжан районан Культурин цIийно. Цу тайпа белхашкахь дукхахьолахь ша куьйгалла до Зараа. Масала, «Синмехаллашкахь», кхийолчу конкурсашкахь дакъалацарна лерина спектаклан сценари ша язйина меттиг а бу цо, иза берашка хIоттаяйтина. «Культурин гIирсашца – наркотикашна дуьхьал» аьллачу республикански конкурсехь масех номинацехь хьалхара меттигаш яьхнера Соьлжан районо. «Тоьлла спектакль», «Тоьлла режиссер-постановщик» номинацешкахьсовгIаташ кхачийнера церан культурин отделана. Билгалъяьккхина спектакль Зараа сихаллехь ша язйина яра.
Нохчийчоьнан культура а, искусство а кхиорехь тIалам болуш къахьегарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цIарахчу Сийлаллин грамотица а, иштта, цхьайолчу конкурсашкахь жигара дакъалацар билгалдоккхуш, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а ткъа иштта, кегийрхойн гIуллакхийн а министерствоша Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дина Джанаралиева Зараана. Культура кхиорехь доккха дакъалацарна 2011-чу шарахь Россин Федерацин культурин министерствон Сийлаллин грамота кхачийна цунна. Ткъа 2012-чу шарахь Культурин белхахочун денна леринчу даздаршкахь «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» аьлла цIе тиллира З.Джанаралиевана. Иштта, цхьа бутт хьалха Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Сийлаллин дипломашца а, ахчанца а шайн къинхьегаман мах хадийначу культурин белхахошна юкъахь а яра Зараъ. Хазахеташ ду, культурехь цу тайпа къахьегар Iедална ца гуш цадисар а, дикачу белхахойн сий дар а.

…Оьзда стаг-м миччахь а ву оьзда, хуьлийла иза балхахь, чохь, цхьалха я нахана юкъахь. ДжанаралиевгIеран доьзалехь болчу бартах, гIиллакх-оьздангаллех дагна чIогIа там хилира суна. Делахь а, къаьсттина билгалъян лаьа Зараан несаца йолу юкъаметтиг. Иза-м, моттарна а доцуш, дика юйла гуш дара. Цунна тоьшалла до, дукха хан йоццуш, Нохчийн зудчун денна леринчу даздаршка кхайкхинчу Зараа, массара нанойх, йижарех лаьцна довха дешнаш олучу хенахь, несарех лаьцна динчу хазачу къамело а. «Вай-м гуттар а наной буьйцу, уьш дуккха а бийца хьакъ а бу. Делахь а шен доьзалх дIахаьдда, вайн хIусаме еанчу несан вай сий деш хилча, цуьнца вай дика хилча ма бакъхьара хир дар-кх. Вайн берийн бераш, тIекхуьу тIаьхье кхиош берш вайн несарий бу-кх, вайн хIусамашкахь бовха кхача латтош, чохь цIано еш, вайн кхерчаш ларйо цара. Вай уьш Iаморе терра, царна хьехар даре терра, уьш вайца дика а хир бу», – аьлла Зараъ йистхилча, зала чохь болчарна чIогIа там хилира. Цхьаберш-м бIаьргех хи далаза ца бисира.

Зараа ма-аллара, несарийн сий дар а, наношна муьтIахь хилар а, вовшех дезар-ларар а лойла-кх вайна Везачу Дала. Дала декъалйойла хIора а нус, нана, йоI, йиша!

А.МУСАЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: