Шелара Магомадова Жанати 12 беран нана ю. Уьш ийманехь а, низамехь а, гIиллакхе а кхиийна цо. Атта дац, боккхачу доьзална напха латто. Бераш хене даха гIерташ, жа тIехь дукха къахьийгира цо. Шен бераш кхечу берех ца хьегийта гIерташ, кога, тIедуха деш, нехан хIусамашна кир-басар деш, массийтта шарахь белхаш бира. Шена мел хала хилча а дагара ца хоуьйтуш, шегара къа-бала ца балхош, бераш кхетош-кхиорна тIехь дукха къахьегна Жанатис. ЦIийнан дукъ дIакхоьхьуш, доккха гIо хуьлура цIийндех Увайсех. Аьчках а, дечигах а пхьола дан хууш ву иза.
ХIинца пенсехь ю Жанати. Кертахь дан дезарг алссам хуьлу.
БIаьста дIайоь наьрс-помидор, гIабакх, хох, хьаьжкIаш. Цу рицкъанах Iаьнах бовлу уьш, цунах тоам а хуьлу царна. Къахьега Iамийна долчу берех а доккха гIо-накъосталла хуьлу. Йоккхахйолу 6 йоI шайн-шайн хIусамашка дIанисъелла ю. Лурчах 11 класс чекхъяьккхина воккхахволчу кIанта, вуьйш, Шеларчу №6 йолчу школехь доьшуш бу, уггаре а жимахволу Рамзан 5-чу классехь а волуш.
Къахьега а, дахаран нийса некъ харжа а, сискал яккха а Iамийна нанас Жанатис а, дас Увайса а шайн доьзал. Вайна ма-хаъара атта дац берашна бедаршца а, книгашца а, кхиболчу гIирсашца а кхачоян. «Барт болчу доьзалехь массо а хенахь лаьтта ийман а, беркат а», – олуш ду вайн халкъалахь. Иза бакъ ду.
Лулахоша а сий-ларамца йоккху МагомадовгIеран доьзалан цIе.
Церан хIинца кхуьуш 16 берийн бер ду.
УМАРОВА Лиза
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо