«Терекан» рогIера толам

Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 20-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь левзира Москварчу «Арена Химки» цIе йолчу стадионехь «Динамо» командица.terek_zavershil_sbor

   Майданан дай: Шунин, Хольмен, Губочан, Козлов, Ещенко, Драгун, Зобнин, Ионов, Соснин, Ташаев, Бечирай.

СоьлжагIалахой: Городов, Уилкшир, Родолфо, Семенов, Рыбус, Иванов, Адилсон, Грозов, Айссати, Кузяев, Митришев.

Хьалхарчу таймехь цхьаьннан а аьтто ца белира гол тохарца билгалвала.   ШолгIа тайм юкъал тIехъяьллачу хенахь, 68-чу минотехь хьешийн аьтто белира табло тIера терахьаш хийца. Цу тIе шен цIе дIаязйойтуш, билгалваьлларг вара Митришев Мохьмад.

ХIокху цхьаьнакхетарехь толам баккхар бахьана долуш, «Терек» команда турниран таблицехь 6-чу меттехь ю, 34 очко а йолуш.

Таблицехь 12-чу меттехь ю «Динамо» команда. РогIерчу турехь, 19-чу мартехь, шайн цIахь «Ахмат-Аренехь» «Терек» ловзур ю Екатеринбургерчу «Урал» командица.

И.МАТАГОВ

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: