Цуьнан дахар кхечарна масал ду

Нохч-ГIалгIайн къона Республика дIахIотторна а, къоман истори, культура, литература, йоза, мотт кхиорна а йоккха хазна юкъайиллинчу халкъан интеллигенцин тоьллачу векалех цхьаъ яра Чентиева Марем. Дала, Iаламо кIорггера кхетам, хазалла, куц, бийца говза мотт белла стаг яра иза. Шен хенахь, нохчийн халкъан зударех наггахь болчеран бен хилла йоцу деша а, Iилманийн кандидатана тIекхаччалц и дешар кIаргдан а таро хилира цуьнан. Серлонан наркоман (хIинца дешаран министран) дарже кхача ирс хилира цуьнан. Амма цунах ца кхеташ ца йисира цхьа а бехк боцу нах лоьцуш, набахтешна чубохкаран, хIаллакбаран чалтанийн Сталинан, Бериян, церан хьадалчийн зуламечу машенан луьра сема. Оцу дерригенах а къоман гIиллакхах ца юхуш, осалалла ца гойтуш, гIорасиз хилла, юха ца йолуш, къар ца луш, къонаха хилла, хьакъ ма-дду чекхъелира Марем. Амма… Мареман доьзална бохам хилира дагахь а доцуш…post-s27st3brtbzrf4kqbtt

   Дешаран шераш

Марем йина бIе шо кхаьчна. Иза дуьнен чу елира 1916-чу шеран мартехь Хьалха-МартантIехь. Дийшира Серноводскерчу школехь. ХIетахь цигахь директор яра яздархо Исаева Марем. Цигахь бевзира Чентиева Маремана оцу школехь доьшуш хилла, тIаьхьа цIеяххана болу яздархой а, политикаш а хиларца бевзина болу Мамакаев Мохьмад а, Авторханов Iабдурахьман а, кхиберш а. Марем школехь къаьсташ яра дика дешарца, кхетаме, дерригенна а тIехь гуттар а хьалха хиларца, кхиберш шена тIаьхьа бига хаарца, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарца. Цо гойтура школин дахарехь дуккха а гIуллакхаш вовшахтохарехь ша дешархойн бакъйолу тхьамда хилар.

Къоначу республикина халкъан бахаман кхуьуш долчу дакъошкахь белхаш бан, хьалхалаьттачу жоьпаллин декхаршца ларо хьуьнаре йолу, лаккхара корматалла йолу кадраш оьшура. Уьш кечъяран Iалашонца Москва а, Ленинграде а, мехкан кхечу гIаланашка а деша бохуьйтура шайн кхетамца а, хьуьнаршца а, дешаран барамца а яккхий таронаш йолу кегийрхой. Иштта, Марем аспирантуре деша яхара Москварчу Центральни Iилманан-талламан хьехархойн институте. 1936-чу шарахь иза кхиамца чекх а яьккхира цо.

Республикехь а юьйцуш, гIараяьлла хаза зуда яра Марем. ХIетахь, иза  Москвахь доьшуш йолчу хенахь, оцу институтехь, иштта аспирантурехь цуьнца цхьаьна доьшуш вара хIокху могIанийн авторан деваша Магомаев Хасмохьмад. Цигахь девзина, вовшийн даггара дезаделла, цхьаьнакхийтира и шиъ. Марем санна, леккхачу дегIехь, товш стаг вара Хасмохьмад а. ДогIмийн куьцашца а, кхетамца а, ойланца а чIогIа цхьаьнадогIуш дара и шиъ.

Москвахь Садово-Спасски урамехь Iийра цхьаьнакхетта керла доьзал. Хаддаза дукха хьеший хуьлура церан хIусамехь. Хасмохьмадца уллора доттагIалла лелош вара республикехь дика вевзаш а, нохчий цIерабаьхна хиллачу муьрехь Казахстанан Коммунистически партин Центральни Комитетехь инструктор а, ткъа Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа цуьнан Министрийн Советан Председатель а хилла волу Гайрбеков Муслим. Ша Москва командировке веача, шен доттагIчун хIусаме хьошалгIа ца воьдуш, юха ца воьрзура Муслим. Къоначу доьзалан хIусамехь кест-кеста хуьлура оцу хенахь Москвахь ЦIечу профессурийн институтехь доьшуш хилла, тIаьхьа гоьваьлла политолог хилла дIахIоьттина волу Авторханов Iабдурахьман, республикин культурин министран даржехь дуккха а шерашкахь белхаш бина волу Татаев Ваха, яздархой Мамакаев Мохьмад, Музаев Нурди, кхиберш. Цхьаьнакхеттачохь доттагIийн къамел гуттар а хуьлура республикин экономика, культура, литература, дешар, ненан мотт кхиоран, оцу гIуллакхана шайх пайдаэца безачу некъийн, гIирсийн хьокъехь. Цаьрга ладоьгIча, хеталора, республикин хьаштийн дуьхьа гIуллакхаш дар бен оцу адамийн сагатдеш кхин хIума дац, олий. Уьш Нохч-ГIалгIайчоьнан буьззина патриоташ бара.

Iилманан  белхаш

   Марема шен дерриге а дахар дIаделира нохчийн маттан а, литературин а истори Iаморна а, талларна а, дешар Iаморан кепаш шаръеш-тоярна а, нохчийн меттан алфавит карлаяьккхина, тоярна а. 30-чу шерашкахь дIадоладо цо лингвистикин, литература талларан декъехь Iилманан белхаш язбар. Оцу гIуллакхехь цуьнан боккха аьтту бира Москвахь Центральни Iилманан-талламан хьехархойн институтехь аспирантура чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIала юхаеанчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте балха яхаро. Кхузахь юьхьанца цо Iилманан белхахочун, цул тIаьхьа мотт талларан отделан заведующин белхаш бира, цуьнца цхьаьна институтан директоран декхарш кхочуш а деш.

1940-чу шарахь Марема кечйина, арахийцира «Оьрсийн-нохчийнметтан дошам». Мареман Iилманан коьрта болх лара мегар долуш бу 1958-чу шарахь зорбатоьхна, арахецна болу «Нохч-ГIалгIайн йозанан истори» цIе йолу болх. Цу балха тIехь цо кIорггера ган а гойту, талла а толлу латинийн графикин буха тIехь хилла долу нохчийн йоза кхолладаларан истори. Нохчийн Iилманчех массарел а хьалха хьалхахIоттийра меттан лелош болу элпийн бух хийцина, гIолехь йолчу, вайнехан меттан башхаллашца йогIуш йолчу кириллицица хийцаран декхар. Цуьнан оцу керлачу юкъадалоран, чIогIа резахилла, гIо лецира Нохч-ГIалгIайн меттанийн дуккха а Iилманчаша. Книги тIехь Марема гойту нохчийн мотт дуьненахь уггаре а ширачу заманийн меттанех цхьаъ хилар.

Нохчийн меттан, йозанан историн, уьш кхиоран хьокъехь Марема язбина Iилманан белхаш дуккха а бу. Уьш язбина нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. «Нохчийн литературин меттан аьзнийн хIоттам а, алфавит а, орфографи а шаръеш-тояран гIуллакхаш а», Соьлжа-ГIала, 1960-гIа шо; «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очерк», Соьлжа-ГIала, 1963-гIа шо; «Нохч-ГIалгIайн литература хьалхарчу юьххьехь», Соьлжа-ГIала, 1964-гIа шо; «Заманхочун сибаташ а, Нохч-ГIалгIайн исбаьхьаллин литературин проблемаш а», Соьлжа-ГIала, 1967-гIа шо.

ТIаьхьо Марема арахийцира нохчийн литература хьехаран бух буьллу цхьамогIа методикаш. Царна юккъехь яра: «Нохчийн литература хьехаран методика», Соьлжа-ГIала, 1987-гIа шо; «5-чу классехь нохчийн литература хьехар», Соьлжа-ГIала, 1989-гIа шо; «Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел кхиор а, классал арахьа цаьрца болх бар а (5–8-чуй классашкахь)», Соьлжа-ГIала, «Книга». 1992-гIа шо. Юккъерчу школашна лерина нохчийн литературех лаьцна кхин а дуккха а методикаш арахийцира Марема.

1977-чу шарахь Москвахь «РСФСР-н къоман школашкахь ненан меттанаш а, литература а Iаморан гIуллакхаш» цIе йолчу статьяйн гуларехь зорбатуьйхира М.Чентиеван «Нохч-ГIалгIайн школехь ненан меттан литература хьехаран методика кхиоран хьокъехь» йолу статья. КхидIа яра юккъерчу школан 5–8-чуй классашна лерина нохчийн литературехула йолу дуккха а учебникаш. Мареман тIаьххьарлера болх нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахийцира 1992-чу шарахь, «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очеркаш» аьлла цIе а йолуш. Мареман – Iилманчин дуккха а белхаш тахана а доккха маьIна долуш бу, хIунда аьлча, цара вайн хIинцалерчу алфавитан кхачамбацарш билгалдохуш хиларна, аьлча а оцу белхашкахь далош ду вайн алфавитехь доцуш долу аьзнаш.

Карарчу хенахь, дешар кхиоран институтан директор волчу Арсанукаев Iабдуллица цхьаьна М.Чентиевас язйира литература хьехаран дуккха а программаш. Ша пенсе ях ча а, Марема тесна ца битира Iилманан болх, дIадаьхьира учебникаш а, методически пособеш а язъяр.

 

Марем – дешаран нарком

   1939-чу шарера 1943-чу шаре кхаччалц йолчу хенахь М.Чентиева Нохч-ГIалгIайн Республикин серлонан халкъан комиссар яра. Оцу даржехь йолуш, цо дуккха а гIуллакхаш дира меттан, литературин истори талларехь, дешархошна дешар Iаморан керла кепаш юкъаялорехь. Цо хьехархошна а, дешархошна а юкъахь лохий, юкъабалабора, дешар Iамор тодарна мелла а дакъа юкъадилла хьуьнаре болу ницкъаш, гIолоцура дешар а, нохчийн мотт а тобан, керланиг юкъадало тарлуш болчу къоначеран.

«Чентиева Марема къаьсттина доккха гIо-накъосталла  а дора, аьтто а бора республикин интеллигенцин, серлонан белхахойн, – яздора шен дагалецамашкахь нохчийн литературин, меттан, фольклоран гIараваьлла вевзаш волчу говзанчас Джамалханов Зайндис. – Иза республикин серлонан нарком йолчу хенахь, ас, юкъарадешаран школа чекх а яьккхина, 1938–1939-чуй шерашкахь, шина шарахь, 6–7-чуй классашна йолу «Нохчийн меттан граматика,  2-гIа дакъа, синтаксис» цIе йолу учебник язйира. Ас и учебник почтехула республикин наркомпросе дIаяхьийтира. Оцу хенахь, 1938–1941-чуй шерашкахь, нохчийн, гIалгIайн Iилманан кадраш кечъярехь а, Iилманан белхаш зорбатохарехь а гIо дан республикин куьйгалло Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте валийна вара цIеяххана Iилманча, СССР-н Iилманийн Академин, СССР-н халкъийн институтан профессор, филологин Iилманийн доктор Яковлев Николай Феофанович.

Серлонан наркома М.Чентиевас Н.Ф.Яковлевга хаам бира 7 класс чекхъяьккхинчу республикин цхьана юьртарчу кIанта «Нохчийн меттан грамматика, 2-гIа дакъа, синтаксис» учебник язйина хиларх лаьцна. Профессора, цкъа хьалха кIентан балхе а хьаьжна, сихха со шена тIевалор дийхира. Цо дIахьедира ша соьца цхьаьна Iилманан белхаш язбан а, цхьаьна гIуллакхаш дан а кийча хилар. Со Iилманан-талламан институте балха дIаийцира. Кхаа шарахь (1941–1943-чуй шерашкахь) Н.Ф.Яковлевца цхьаьна болх бира ас. Охашимма цхьаьна язйира «Нохчийн литературин меттан Iилманан морфологи» цIе йолу учебник а, нохчийн орфографин, пунктуацин дуккха а бакъенаш а, кхийолу учебникаш а. З.Джамалхановс даггара баркалла аларца дагалоьцура республикехь цIеяххана вевзаш волу меттан Iилманча хилла дIахIотта цхьана хенахь шена гIо дина хилла Чентиева Марем.04

«Цкъа соьга хаам бира Марем соьга ша йолчу вар доьхуш хиларх лаьцна. (ХIетахь иза республикин серлонан нарком яра). Со иза йолчу вахара, – дагалоьцу республикехь дика вевзаш волчу яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада. Со кабинета чу ваьлча, хьалагIаьттина, дуьхьал а еана, со гIанта тIе охьа а хаийна, могаш-паргIат хаьттира цо. Тхойшиъ къамеле даьлча, Марема соьга элира: «Хожа-Ахьмад, ас хьоьга кхайкхаран бахьана дийца лаьа суна. Ас хьан цхьа дийцар дешнера. Иза чIогIа чулацаме а карийра суна. Со иза школин дешаран хрестомати юкъадахийта лууш яра. Амма хьо Яздархойн союзан декъашхо ца хилча, сан иза дан таро яц. Цундела хьо сихха Яздархойн союзан декъашхо вала веза». Цо иза алар бахьана долуш со хIинца оцу союзехь ву, – дерзийра Хожа-Ахьмада шен къамел.

Набахтин къаьхьа чам 

   Чолхе зама яра дIадаханчу бIешеран шовзткъалгIачу шерашкахь хилларг. ДIабоьдуш бара Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Республикин гIаланашна, районашна, ярташна, план а тухуш, дIабуьгуш, тоьпаш етташ, бахана меттиг ца хоуьйтуш, бойъуш, чубуьхкуш бара нохчийн халкъан тоьлашха болу кIентий, йоIарий. Наггахь берш бен ца бирзира цIа. Яздархой, политикаш, интеллигенцин кхиболу векалш: Бадуев СаьIид, Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iарби, Гадаев Мохьмад-Селахь – масане бара уьш, халкъийн мостагIийн жоьжахате гинарш. Набахтин къаьхьа чам бовза дийзира Мареман а. КIезиг бацара республикин наркомпросан балхахь Марема шен декхарш хьанал кхочушдаро а, республикехь цуьнан сий-ларам лакхабаларо а синтем байъина, иза лалуш боцурш а. Цара шайн гIуллакх дира.

Лаьцна Iийна, хIетта цIавеана волу Авторханов Iабдурахьман 1942-чу шарахь цуьнан дехарца Теркан РОНО-н куьйгалхо хIотторан хьокъехь долчу омри тIе куьг яздо Марема. (I.Авторханов ша Теркайистера вара). Оцу сохьта «доттагIаша» мотт туьйхира Маремана. Бериян заместитель хиллачу Серовс тIедилларца КГБ-с лаьцна, хIаваан кеман тIехь Соьлжа-ГIалара Москва дIайигира Марем. ВорхI баттахь гергга Лубянки чохь яллийра иза. НКГБ-н органех къайла а ваьккхина, I.Авторхановна немцошкахьа вала гIо дина аьлла бехкееш яра М.Чентиева. И хан дIаяьллачул тIаьхьа, Марема чуйоьллина яьккхина хан хьесапе эцна, леррина йолчу кхеташонан сацамца паргIатъяьккхина, цIаяийтира иза. Партера а дIаяьккхира (меттахIоттийра 1955-чу шарахь). Марем чуйоьллира 1942-чу шеран ноябрехь, паргIатъяьккхира 1943-чу шеран майхь.

Оцу чолхечу хенахь Марем набахти чохь йоцуш, цо арахь даьккхинчу хIора денна сагатдеш яра НКГБ-н органаш а, оцу къонахаллех йоьхна йоцчу зудчун «доттагIий» а. Церан харцдолчу тоьшаллашца 1944-чу шеран 22-чу февралехь юха а лаьцна, чуйоьллира Марем. ХIинца иза бехкееш яра Нохч-ГIалгIайчоьнан Iедална дуьхьал йолчу, къайлахчу, националистически тобанашца зIе хиларна а, Советийн Iедална дуьхьал ойланаш хиларехь а, нохчий, гIалгIай цIерабахарца доьзна царах цхьаболчеран гIаттам баран ойланийн гIолацарна а. Эха шарахь чохь яьллинчул тIаьхьа, цо «динчу зуламна» кхин тоьшалла а ца карийна, Марем паргIатъяьккхина, схьахийцира.

– Набахтин къаьхьа чам хIинца а дIабала ца туьгу сан легашкара, – тIаьхьа дагалоьцура Марема. – Иза жоьжахати яра. Амма цхьана хIуманах дика кхийтира со: мел чолхечу, кхерамечу хьелашкахь  а стаг воха, цо шен къонахалла, яхь яйъа мегарг цахиларх. Суна юьхьанца ен, ницкъ бан кхерамаш туьйсура НКГБ-н белхахоша. Нохчийн зуда хилча, багахь бийца мотт а боцуш, кхетамна гена а йоцуш лорура. Амма церан иза дерриге а дайъира ас. Талламхоша, талмаж оьший хьуна аьлла хаьттича, ас доцца жоп лора: «Ца оьшу, со оьрсийн мотт хууш ю. Суо ларор ю со. Эшча ас эр ду шуьга», – дагалоьцура Марема.

ТIаьхьа хийцаелира НКГБ-н белхахойн Маремаца йолу юкъаметтигаш. Цкъа Марем лееш, цуьнга талламхочо элира: «Марем, хьо хьекъал долуш, хаза, куьцехь стаг ю. Суна чIогIа халахетар ду цара хьуна цхьа бохам бахь, иза дан кечамаш беш бу хьуна уьш. Хьайн ницкъ кхочучу кепара кху чуьра араяла таро лаха». Оцу белхахочо тIаьхьа чIогIа аьтто бира сан. Талламхоша хьалхахIиттош долу бехкеяран тоьшаллаш харц хилар гайта, сайн тоьшаллаш юкъадало сан кхетам хилар, ткъа коьртаниг – со къар ца ялар дара со оцу жоьжахатех паргIатъяьккхинарг.

Мухха хиллехь а, Грозненски областан НКГБ-н 1944-чу шеран 12-чу июлехь хиллачу сацамца Марем паргIатъяьккхина, цIаяийтира.

Марем – Казахстанехь

   Мареммий, Хасмохьмаддий Москвахь доьшуш долчу хенахь церан йоI – Зоя хилира. Иза хIокху могIанийн авторан хенара яра. Уьш дешна бевлла, цIабаьхкича, тхоьца Хьалха-МартантIехь цхьана керташкахь Iийра. Мареман а, тхан ненан а цхьа гIуллакх хилла цхьанхьа яха дезча, вовшийн бераш, дуза а деш, Iалашдора цара. Марема соьга олура: «Со хьан шолгIа нана ю хьуна. Хьан нана а, со а тхойшиъ вовшийн езаш, бертахь Iийна».

ТIаьхьа, Марем лоцуш, иза а, Хасмохьмад а вовшех къаьстина дара. Амма йоьIан дола дарехь а, иза кхетош-кхиорехь а цхьабосса дакъалоцура цу шимма. Нохчий цIерабаьхна а, Марем лаьцна а даьхкинчу оцу бохамечу деношкахь Зоя Соьлжа-ГIалахь шен ненаненаца Зелихица церан цхьа гергара нах болчохь йисира. Ткъа Марем лаьцначуьра цIаеанчул тIаьхьа, 1944-чу шеран аьхка, Марем а, цуьнан нана а, йоI а Казахстане, Алма-Ата Хасмохьмад волчу дIаяхара. Хасмохьмад вехаш хиллачу цIеношна юххехь хIусам а лаьцна, яха хиира Марем. Зоя шен лаамехь, хийцалуш, Iара цкъа да волчохь, тIаккха нана йолчохь. Мареммий, Хасмохьмаддий вовшийн дезаш, лоруш, сий деш, вовшашца эвхьаза ца долуш, шаьш шиъ дийна мел ду юх-юххехь дехира.IMG-20160316-WA0000

Дахарехь нислучу халонаша къар ца йира Марем, керлачу меттехь жигара юкъаяхара иза юкъараллин дахарна. Алма-Ата гIалахь берийн бешан заведующин болх бира цо, ГОРОНО-н декъашхо хаьржира. ДIадаханчу бIешеран шовзткъе уьтталгIачу шерашкахь Казахски ССР-хь Марем «Казахски ССР-н халкъан серлонан отличник» аьлла цIе тиллина дуьхьарлера зуда яра.

КПСС-н ХХ-гIа съезд хилира. Цигахь бехке дира цхьа стаг (Сталин) хестош, вазвар а, 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а, цхьадолу кхин къаьмнаш а дохор. ТIеттIа алсам дийцаре дан даьккхина дара Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттор а, халкъаш шайн мехкашка юхадерзор а. Оцу дехарца партин ЦК а, СССР-н Лакхарчу Советан Президиуме а, Правительстве а кехаташ кхехьийтар, делегацеш а эхиьйтар тIеттIа алсамдуьйлуш дара. ТIаьххьара а, Казахстанан Компартин ЦК-хь вовшахтуьйхира Москва яхийта лерина комисси. Столицехь КПСС-н ЦК-хь дийцаре деш дара Нохч-ГIалгIайн АССР меттIахIотторан хьокъехь долу гIуллакх. Оцу комиссина иштта юкъаяхийтира Чентиева Марем а. Иза цу юкъахь цхьаъ бен йоцу нохчийн зуда яра. Марем оцу хенахь боккха сий-ларам болуш яра…

1957-чу шеран 9-чу январехь араделира Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ. Цул тIаьхьа, хьалха цIабогIучаьрца цхьаьна Соьлжа-ГIала юхаеара Марем. Кхузахь цо болх бира хьалха дуьйна иза кхиорна ша йоккха хазна юкъайиллина хиллачу Iилманан-талламан институтехь. 1971-чу шарахь ша пенсе яххалц цигахь директоран Iилманехула йолу заместитель яра иза. Ша пенсе яханчул тIаьхьа Марема болх бира РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школин Iилманан-талламан институтан Соьлжа-ГIаларчу филиалехь. Чентиева Марем Нохч-ГIалгIайн республикин Iилманан сийлахь белхахо, филологин Iилманийн кандидат, къинхьегаман ветеран, персональни пенсионер яра.

1991-чу шарахь тIаьххьара а арабелира «Политически таIзарш лайначеран бакъонаш меттахIитторан хьокъехь», болу Марема шега чIогIа сатийсина сацам. Оцу сацамо синпаргIато еара Маремана. Иштта бара М.Чентиеван чолхе кхоллам.

Сирла, ирсе дахар бохаме хедира

   1994-чу шарахь цомгаш хилла, гуьйранна кхелхира Соьлжа-ГIаларчу юккъерчу базарна гена йоццуш хиллачу мачаш ечу «Башмачок» цехан хьаькам хилла волу Зоин цIийнда Эльберд. Оьзда, комаьрша, дахар, шен доьзал дукхабезаш вара иза. Велларг дIаволла кхиира. Амма оццу суьйранна Теркайистера I.Авторхановс куьйгалла деш хилла эскархой Соьлжа-ГIали чу а баьхкина, шолгIачу дийнахь тезет хIотто таро ца хилира. Иза, стаг валарал а сов, доккха тохар дара.

Деанчу вуонах доьзал мелла а меттабан кхиале 1996-чу шеран августехь Соьлжа-ГIалина тIе федеральни авиацис бомбанаш а, ракеташ а еттачу хенахь, гIали юккъехь цхьана цIийнан ларми чохь Iаш, кхелхира Мареман йоьIан кIант Гиви а, цуьнан доттагIа а. Гиви ден, ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цундела царна а, ненананна а дукха а везара Гиви. Иза царна муьтIахь, оьзда кIант вара, Къилбаседа ХIирийчоьнан Владикавказерчу коьртачу шахьарера медицинин институт чекхъяьккхина, говза лор вара.

Доккха вуон деанера Мареме а, Зое а. Цара чIогIа хала ловра иза. 1999-гIа шо чекхдолуш юха а тIом болабелча, шайн хIусамна, кхо шо хьалха кIант кхелхинчу меттигна генадовла ца лаьа, бохуш, республикел арахьа дIаяха ца лиира нанний, йоIаний. Ур-аттал тхо дехачу Калининан поселке маситтазза дIайигча а, цигахь Iан ца туьгуш, гIали юккъерчу цхьана цIенойн ларми чу схьайогIура и шиъ.

ТIаьххьара а хаам кхечира Мареммий, Зойий йийна, аьлла. Иза муха нисделира талла доьлча, дуьйцуш дерш тайп-тайпана дара. Амма гинчара чIагIдешдерг цхьаъ дара – федеральни эскарийн авиацис хаддаза тIееттачу бомбанех а, ракетех а бевдда, дуккхазза а тIекIелдинчу цIенойн лармаш чохь дIалевчкъина болчу маьршачу бахархойн тобанца цхьаьна наний, йоIIий, герзаш тоьхна, йийнера дукха баланаш лайначу вайн республикехь конституцин къепе хIотто баьхкинчара. Гинчара дийцарехь, салташа тоьпаш тоьхна, байъинчарна юккъехь бара нохчийн къомах болучарал сов, оьрсий а, эрмалой а, кхечу къамнех берш а. Схьагарехь, доьзткъе уьтталгIачу шерашка йирзина йолу Марем а, кхузткъе уьтталгIачу шерашка яьлла йолу цуьнан йоI Зоя а пачхьалкхана боккха кхерам болуш ю аьлла хеттачух тера ду салташна. Дуьхьало ян карахь герз доцуш, кIелхьарабовла я таро а, я ницкъ а боцуш болчу зударшца тIом бан атта ма-ду. Доцца аьлча, цаьрца нисделларг а дара оцу хенахь вайн республикерчу дукхачарна а болчарна тIехIоьттина хилларг. Хилира хийца, нисдан, тодан таро йоцург. Иштта бохаме хедира оцу башхачу зудчун Чентиева Мареман, цуьнан доьзалан сирла дахар. Кхелхира цуьнан берриге а доьзал.

Шен дахар ирсе хилла аьлла хеташ яра Марем. Гуттар а шен юххерчу гергарчу нахаца – йоIаца, йоьIан кIантаца, невцаца, царна юккъехь яра Марем. Царах йоккхаеш, сакъералуш, хаа ца луш дIаоьхура цуьнан дахаран шераш, башха дара Мареман дерриге а дахар.

Наха тамаш барца, сий до ишттачу адамийн. Уьш дукха ца деза йиш яц, лаккхара мах хадо беза церан дахаран хIора кийсакан, хIунда аьлча, къинхьегамах, синтем цахиларх, эшамех, кхерамех дуьззина долчу хIора дийнахь шайн граждански декхар хьанал кхочушдеш, кхечарна дахаран масал гойтуш, хьалхахьа дIаоьхуш уьш хилла хиларна. Иза Нохч-ГIалгIайчоь кхоллаелла дIахIуттучу хьалхарчу юьххьехь кхоллараллин беза мохь шайн белшашна тIехь дIакхехьначу вайн интеллигенцина юкъахь яра. Марем вайн йоза-дешар а, литература а кхоллархойх цхьаъ яра. Тахана, Марем йина бIе шо кхочучу хенахь, шеко йоццуш ала мегар ду, Далла, махкана, шен къомана хьалха долу шен декхар цо дуьззина кхочушдина хилар.

С.МАГОМАЕВ  

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: