Меттанийн хьокъехь долчу законехь бина хийцамаш

2007-чу шеран 29-чу мартехь Нохчийн Республикин Парламентан Халкъан Гуламо тIеэцнера «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» закон. Нохчийн меттан пачхьалкхан статус кхоччуш билгалъяккхаран декъехь дуьххьарлера закон дара иза. Цул тIаьхьа меттанийн хьокъехь долу федеральни законодательство хийцадалар бахьана долуш, Нохчийн Республикин меттанийн законехь а бан безна хийцамаш. Лахахь бовзуьйту цу законехь тIаьххьара (2016-чу шеран 17-гIа январь) бина болу хийцамаш.

 I Корта. ЮКЪАРА ХЬАЛ

1-ра статья. Нохчийн Республикин меттанийн законодательство

1.         Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь долу законодательство догIуш ду Россин Федерацин Конституцица, Россин Федерацин «Россин Федерацин къаьмнийн меттанийн хьокъехь» долчу законца, иштта Нохчийн Республикин Конституцица а.

   5-гIа статья. Нохчийн Республикин къаьмнийн меттанаш Iалашдарна а, Iаморна а, кхиорна а лерина пачхьалкхан программаш.

1.         Нохчийн Республикехь дехаш долчу къаьмнийн меттанаш Iалашдарна а, Iаморна а, кхиорна а лерина йолу пачхьалкхан программаш тIеоьцу Нохчийн Республикин Правительствос.

2.         Нохчийн Республикехь меттанаш Iалашдарна а, Iаморна а, кхиорна а леринчу Нохчийн Республикин пачхьалкхан программашна финансировани ян лерина болу ахчанан барам билгалбоккху Нохчийн Республикин рогIерчу шеран бюджетан законца.

3.         Нохчийн Республикин Правительствос гIо-накъосталла до Нохчийн Республикин дозанал арахьа бехачу нохчашна нохчийн мотт Iаморехь.

II Корта. НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКЕХЬ МЕТТАНАШ ЛЕЛОРАН ДЕКЪЕХЬ ЙОЛУ БАХАРХОЙН БАКЪОНАШ

 7-гIа статья. Дешаран а, кхиоран а декъехь мотт харжаран бакъо

1.         Гуттар а Нохчийн Республикехь бехаш болчу Россин Федерацин бахархойн бакъо ю дешаран а, кхиоран а декъехь маьршша мотт харжа.

2.         Нохчийн Республикин дешаран учрежденешкахь дешаран гIуллакх дIахьош ду Россин Федерацин пачхьалкхан маттахь.

3.         Гуттар а Нохчийн Республикехь бехаш болчу Россин Федерацин бахархойн бакъо ю школал хьалхара а, юьхьанцара а, юкъара а дешаран декъехь Нохчийн Республикин къаьмнийн меттанийн могIарера а, дешаран учрежденин аьттоне хьаьжжина, Россин Федерацин къаьмнийн могIарера а маьршша мотт харжа.

4.         Нохчийн Республикин дешаран учрежденешкахь, нагахь санна цигахь Iаморан коьрта кхин мотт белахь, нохчийн а, цигарчу (меттигерчу) кхидолчу къоман а меттанаш предмет санна Iамош ду.

5.         Къаьсттинчу цхьана маттахь бераш Iаморан дешаран учреждени харжаран бакъо церан дай-нанойн ю (законца къастийначу церан векалийн).

IV Корта. ПАЧХЬАЛКХАН ОРГАНАШКАХЬ А, УЧРЕЖДЕНЕШКАХЬ А, ОРГАНИЗАЦЕШКАХЬ А МЕТТАНАШ ЛЕЛОР

11-гIа статья. Пачхьалкхан органийн а, учрежденийн а, организацийн а балхан декъехь меттанаш лелор

1.         Нохчийн Республикин муьлххачу а кепарчу пачхьалкхан органашкахь а, учрежденешкахь а, организацешкахь а лелош ду Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш а, цигарчу (меттигерчу) къоман мотт а.

   14-гIа статья. Суьдехь а, нотариальни а, иштта кхийолчу бакъонаш ларъяран органанийн а декъехь мотт лелор

1.         Судашкахь дов хаттарехь а, Нохчийн Республикин бакъонаш ларъяран органашкахь а лелош бу оьрсийн мотт, оьшуш меттиг хилча, нохчийн мотт а.

   15-гIа статья. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн мотт

1.         Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь лелош ду Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш а, меттигерчу къаьмнийн меттанаш а.

   16-гIа статья. Промышленностан а, зIенан а, транспортан а, энергетикин а декъехь лелош долу меттанаш

1.         Нохчийн Республикин промышленностан а, зIенан а, транспортан а, энергетикин а декъехь лелош бу Россин Федерацин пачхьалкхан мотт.

2.         Нохчийн Республикин меттигерчу тIегIанан промышленностан а, зIенан а, транспортан а, энергетикин а декъехь лелош ду Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш а, цигарчу (меттигерчу) къоман мотт а.

   17-гIа статья. Хьашташ кхочушдаран а, коммерцин а декъехь лелош долу меттанаш

1.         Нохчийн Республикехь хьашташ кхочушдаран а, коммерцин а декъехь лелош ду Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш а, оьшуш меттиг хилча, Нохчийн Республикин къаьмнийн кхидолу меттанаш а.

   20-гIа статья. Географин объектийн а, билгалонан йозанийн а, некъан а, кхийолчу а билгалонийн гойтургийн мотт

1.         Географин объектийн а, некъан а, кхийолчу а билгалонийн гойтургийн йоза оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь хила дезаш ду. Оьшуш меттиг нислахь, меттигерчу къоман маттахь а.

Зорбане кечйинарг — И.ХАСАХАНОВ

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: