ГIуданаш такхарх къамел хилира

Суьдан пурстоьпийн Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо Нохчийн Республикин коьртачу суьдан пурстоьпо Алаудинов Iабдуллас дукха хан йоццуш регионерчу журналисташца пресс-конференци дIаяьхьира. Цигахь цо дийцира дIадаханчу 2015-чу шарахь шаьш бинчу балхах а, карарчу 2016-чу шарахь шаьш дан леринчух а лаьцна.IMG-20160310-WA0012

   Журналисташа  тайп-тайпана хаттарш дира коьртачу суьдан пурстоьпе. Уьш хьакхалуш дара бахархоша бакъенаш талхорах (дукхах долчу декъана некъан бакъенаш), гIуда дIадаларх (ЖКХ), иштта кхечунах а. Цо царах хIоранна а жоп делира.

– Тхайн болх жигарабаккхархьама масех программа ю оха кхочушъеш. Масала, «Некъан пурстоп», «Мобильни приложени» (ФССП).

Февраль бутт болабелчахьана «Некъан пурстоп» 5 аппаратан-программийн комплексаца белхаш беш ду тхо. Царах доккха гIо хуьлу, денна а ала мегар долуш ГИБДД-н  тайп-тайпанчу посташкахь 200–300 гергга гIуда такхадезаш берш карабо. Дукха хьолахь, кхидIа а ца тоьттуш терминалехула иза цаьрга дIадалийта а хьожу. Ткъа «Мобильни приложенехула» муьлххачу а вахархочун аьтто бу ша гIуда такхадезачеран могIарехь ву я вац хаа. Цу программи чу шен регион, фамили, цIе язйичахьана масех секундехь цо гойту хьо гIуда такхадезаш велахь а, вацахь а.

Иштта, сих-сиха нисло гIуда такхадезачун электронни карточки тIера  цо дала дезачу барамехь ахча схьаэцар, вуьшта аьлча, счет лацар. Цхьаболу бахархой резабоцуш хуьлу, иза бен шайна тIедогIуш ахча дац олий. Амма иза суьдан пурстоп-кхочушдархочунна хаа йиш яц.

Наггахь доккха кредит эцна, я шена тIехь ЖКХ-н декхар долчу стеган иза дIатакха аьтто ца хуьлу,  цул сов, шен долахь бахам боцуш а нисло. Иштта хьал нисделча хала хуьлу.

2016-гIа шо чекхдалале «Тоьллачу иттанна» юкъахь хила дагахь ду тхо. ХIокху тIаьхьарчу 2 баттахь оха биначу балхана  массо а резахир ву аьлла хета, гIуда такхадезарш боцурш, – дерзийра шен къамел Алаудинов Iабдуллас. 

З.ЛЕЧИЕВА

Суьрта тIехь: Пресс-конференцин дакъалацархой

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: