Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къобалдеш дацара динан кхайкхамаш а беш, бохамаш бар, зулам даржор, нах кхерамехь латтор. «Террористаша, шайн боьха Iалашонаш кхочушйо динна тIехьа а лечкъаш. Амма дино бусалбанаш адамашна, халкъашна юкъахь машар баре, маьрша дахаре кхойкху.
Шуьйрачу хаамийн дукхах болчу гIирсаша бусалбанаш бехкебо экстремизмана а, терроризмана а. Иза дуьйцучарна ца хаьа терроризм бахьанехь уггаре а чIогIа бала хьоьгуш берш, къизалла ловш берш бусалбанаш хилар. Уьш бахьанехь Iазап хьоьгуш бу дукхах йолчу Iаьрбийн пачхьалкхашкара маьрша бусалбанаш. Россехь уггаре а хьалха дуьненаюкъарчу терроризман бала лайнарш Дагестанера а, Нохчийчуьра а бусалбанаш бу», – олура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Ша цIенна бусалба а, суфий а хиларна, иза Къуръано а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннато а бохучунна тIера дIасатаьIаш вацара. Шен къамелашкахь цо билгалдоккхура, АллахIана хьалха массо а цхьабосса хилар. Исламехь дац халкъаш дикачаьргий вончаьргий декъар. Иштта, Ахьмад-Хьаьжа дуьхьал вара бусалба дин нуьцкъаха тIеэцийтарна. ХIунда аьлча, иза бусалба динца догIуш дац. Цул сов, иза хIора а стеган шен гIуллакх ду. Делахь а, Делах тешар я цатешар хIора стеган шен гIуллакх делахь а, къемата дийнахь цуьнан Далла хьалха жоп дала дезар ду ша бинчу харжаман. Бусалба динна петоьхначо жоьжахатин Iазап лан дезарг хилар цхьа а шеко йоцуш ду. Цунах кхето деза адамаш, хьехамаш а беш. Ийман диллина воцчунна таIзар дар, цуьнга жоп дехар Веза а, Сийлахь а волчу АллахIан гIуллакх ду. Адамийн гIуллакх дац цу юккъе гIерта.
Ша бакъволу суфи а, Iеламстаг а хиларна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас мехала лорура даггара Iибадат дар, мел деш дерг, мел лелош дерг АллахIан дуьхьа хилийтар. Шен къамелашкахь цо олура: «Галстук йихкина лелаш верг цамагийнарг деш ву олу аш. Бакъ дац иза. Дала Къуръана чохь Ша шун духаршка хьоьжуш вац, шун гIуллакхашка хьоьжуш ву ма боху. Ас а ма Iамийна Къуръан а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш а. «Шаьш тардала гIерттачу халкъах ду шу» – бохуш хьадис ду. Амма Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхузахь дуьйцург духар дац, ткъа гIуллакхаш, гIиллакхаш, амалш ю.
Iаьндех а волуш, Мохьмад-Хьаьбиб цIе йолуш цхьа Iеламстаг ву суна вевзаш. Цкъа Дагестанехь цхьаьнакхеттера тхо. Иза шляпа тиллина вара. Вай уггаре а тоьлла бусалбанаш ду боху хан яра иза. Мохьмад-Хьаьбибан цIийнах волчу цхьаьнга цуьнца доьзна бехк баьккхира ас. Мохьмад-Хьабиба шляпа дIа а яьккхина, хьарча а йина, иза суна а гойтуш элира: «ХIара кIадин кийсак бен ма яц. ХIокхо бIаьргашна дика IиндагI до, цундела лелайо ас хIара». Юха а боху ас: кIорггера Iилма долчу стеган дешнаш дара уьш.
Дера, суна хаза ма хета нохчийн божарша вайн ворххIе а дас лелийна холхазан лекха куй лелош. Амма шляпа тилларх цо латош цхьа а къа дац». Шен цхьана статьяхь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас яздина: «Маж яхйина лела цхьаберш. Цара, маж яхйичхьана шаьш цIена бусалбанаш лору. Мажош-м керстанаша а лелийна, хIинца а лелайо. Дела вац бохуш леллачу К.Маркса а, Ф.Энгельса а, В.Ленина а лелийна маж. Маж лелорах хуьлуш вац бусалба, АллахI цхьаъ веш, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къобал веш верг ву бусалба».
Iаламан устаз хилла волчу Кишин Кунта-Хьаьжас чIагIдина: «Стаг ийманехь а, оьзда а хиларан билгало ю шен къамелехь бакъдерг бен цадийцар. ТIарикъатан некъа тIехь волчу бусалбанан, мурдан даг чохь бакъдолчун, нийсонан, къинхетаман серло хила еза».
Ахьмад-Хьаьжина чIогIа мехала хетара бакъдерг дийцар, бакъонна тIегIертар, бакъо ларъяр. Ша кхалхале масех де хьалха нохчашка кхайкхам беш цо элира: «Цкъа мукъана а бакъдерг дийца Iама вай. Бакъдерг дуьйцуш ца хилча цхьа шай мах бац вай деш долчу ламазийн, кхобуш долчу марханийн. Везачу АллахIа Шен Сийлахьчу Къуръанехь собаре хиларе а, бакъдерг дийцаре а кхойкхуш ма ду вай.
Суфина уггаре а кхераме зер ду адамашна тIехь куьйгалла дар, Iедалехь хилар. Воккха Iеламстаг хилла волчу Абу Хьамид аль-ГIазалис яздина: «Iедал иза совгIат ду. Цунах нийса а, буьззинчу барамехь а пайдаэца хиънарг ирсе хир ву, доза доцуш хир ду и ирс. Ткъа и дан ницкъ ца кхаьчнарг бала хьоьгуш хир ву, Делах ца тешарал боккха бала, дакъазалла хир ю иза». Ша яздинарг тIечIагIдеш ГIазалис Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дешнаш далийна: «Паччахьо цхьана дийнахь лелийна нийсо кхузткъе итт шарахь йинчу Iамалал дика ю. АллахIана уггаре а дукхавезаш а, уггаре а гергара а стаг ву нийсо лелош волу паччахь. Далла уггаре а чIогIа цавезаш а, цунна уггаре а гена а ву харцо лелош волу паччахь. Мухьаммадан са Карахь Долчух дуй буу ас нийсо лелош волчу паччахьана цуьнан куьйга кIелахь болчара мел дина диканаш дIаяздеш хиларх. Цо мел еш йолу Iамал кхузткъе итт Iамале кхочуш ю… ХIай, паччахьаш, шайн куьйга кIелахь болчаьрца а, ялхошца а хIара кхо хIума дагахь а латтош юкъаметтиг лелаелаш. Нагахь санна цара хьайга къинхетам бар дехахь, къинхетаме хилалаш. Нагахь санна шайна юкъахь дерг къастадар дехахь, нийсо еш хилалаш. Шаьш аьлларг деш хилалаш. Иза иштта деш воцчунна АллахIан а, маликийн а оьгIазло хир ю. Къобал хир яц церан фарз а, я суннат а Iамалш… Бусалбанашна тIехь паччахьалла долуш волчо оцу бусалбанийн шен доьзалан санна гIайгIабеш бацахь цо шена жоьжахатара меттиг дIалаьцна…»
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Iедал адамашна тIехь куьйгалла даран гIирс а, я шен Iалашонашка кхачаран некъ а бацара, ткъа шен дахар адамашна гIуллакхдарна дIадалар дара. Иза кхеттане а ца кхетара хIуъа дина а Iедале кхача гIертачу нохчийн цхьаболчу политикех. Ахьмад-Хьаьжас яздора: «Со хьалха а ца кхетара, я хIинца а ца кхета и адамаш Iедале кхача гIертарх, мичара ду и сийлалле сатийсар, кхечарна тIехь куьйгалла дан лаар, кхечарал лакхара хила гIертар. Шайн Iалашоне кхачархьама хIуъа а дан кийча бу уьш. Бакъду, соьга бен цхьаьнгга а республикехь къепе ялур яц баьхначу стага и алар дIора кхеташ ца хила а мега.
Ас иза хIунда аьллера? Цкъа-делахь, суна дика евзара Нохчийчуьра Iедал дIахеца, карара далийта ца луучеран амалш а, таронаш а. ШолгIа-делахь, со дика вевзара могIарерчу бахархошна, царна юкъахь сан сий-ларам бара. Со халкъа юкъахь Iаш вара, цаьрца доькъуш вара дика а, вон а…
ХIинца со кхета, дикалла, тешам, оьздангалла, къинхетам, нахах дог лазар санна йолу адамаллин амалша политикин гIуллакххочунна башха гIодеш а хилла цахиларх. Суна хIинца а ца Iемина мекарлонаш лело, политикин комбинацеш, питанаш лело, аппаратни забарш лело. Лууш хилча-м Iемарг хир дара иза. Суна иза ца оьшу. Соьца догIуш хIуманаш дац уьш… Со кхетарехь Iедал иза шен дахар тодаран некъ бац, ткъа могIарерчу бахархойн дахар тодаран гIирс бу».
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара бусалбанийн Сийлахьчу Каламехь – Къуръанехь бен цIенна бакъдерг карон йиш цахиларх, адамаша сагатдеш долчу дерриге а хаттаршна жоьпаш Къуръанехь каро йиш хиларх. Цунна хетарехь, дуьне а, халкъаш а Къуръано ма-бохху Iаш-дехаш хилча тIемаш, девнаш хир дацара…
Амма, экстремисташа, Къуръанна тIехьа а лечкъаш, исламана дуьхьал зуламаш до. Ахьмад-Хьаьжа Къуръано ма-хьоьхху вехаш вара, цунна иза коьрта оьздангаллин закон дара.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент чIогIа дуьхьал вара шайн политикин Iалашонаш кхочушъярхьама динах пайдаэцарна. Вахабизм яржорна уггаре а хьалха дуьхьал ваьлларг иза вара. Вахабиташ, динан кхайкхамех байракх а йина республикера Iедал шайн каралаца гIоьртира. Ахьмад-Хьаьжа кхийтира церан мекарлонех а, нохчийн халкъ хIаллакьхиларна цуьнгахьара болчу кхерамах а.
Селхана кхуьнца цхьаьна нохчийн пачхьалкхан суверенитетехьа хиллачарна хьехо а ца лаьара иза. «Нохчийн маршо», «нохчийн дозуш цахилар», «нохчийн идей» бохург дIатесира цара. Церан метта юкъабехира «исламан къепе», «исламан дахаран кеп», «исламан мехаллаш» боху кхетамаш. Нохчийн къоман цIарах дерг юкъара дIадоккхуш дара, Iаьрбашкахьа дерзош дара… Бакъонан некъаца Нохчийчохь Iедале кхочийла ца хилча, А.Масхадов кIеда хиларх пайда а оьцуш, уьш шайн Iалашоне кхача гIоьртира террористически акташ ярца, политикин питанаш лелорца. Цуьнца цхьаьна цара бусалба духарш юкъадехира божаршна а, зударшна а, божаберашна а, зудаберашна а. Школашкахь кIентий а, йоIарий а дIасакъастийра. Прессин бетах «дуьрста» йоьллира. Цу тайппана, чекхдолучу ХХ-чу бIешеран тIаьххьарчу итт шарахь нохчий юккъерчу бIешерашка юхаберзийра. Дохийна дIадахийтира дешаран гIуллакх… Дешна, Iилма долу нах юкъараллех дIахербеш бара. Массо агIор марзъеш яра Iаьрбийн дахаран кеп… ОвгIанера талибаш исламан пачхьалкхан масал санна буьйцуш бара. Нохчийн цхьа а хIума къобалдеш дацара. ХIуъа а мегаш дара, нохчийн къоман ца хилчахьана. Вайн юкъараллехь жехIалалла дара даржош. ХIунда аьлча, жехIилчу нахана урхалла дан атта ду…», – элира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2004-чу шеран 1-чу майхь Гуьмсехь ша къамел деш.
Терроризм а, экстремизм а бусалба динца доьзна хIумма а долуш яц олура цо. Гучуйохура вахабитийн идеологийн шалхонаш, ямартлонаш, харцонаш. Бусалба динна тIехьа а лечкъаш, бусалба дино магош доцу зуламаш дора цара. Ахьмад-Хьаьжас чIагIдора: «Террорист бусалба хуьлийла а дац, бусалба стаг террорист хуьлийла а дац».
1997-чу шарахь БухIан-Юьртахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца дIабаьхьира Къилбаседа Кавказерчу Iеламнехан гулам. Цигахь дIахьедира вахабизм Къилбаседа Кавказерчу бусалбанашна зуламе идеологи хилар, ламасталлин бусалба динца а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатца а догIуш вахабизмана цхьа а хIума цахилар.
Шен цхьана интервьюхь Ахьмад-Хьаьжас элира: «ТIом бац доьзалш бохийнарш, доьзалш бекънарш, ткъа вахабизман идеологи ю, арахьара кху чу еана йолу… Нохчийчохь адамашна дуьхьал пайдаэцийта ца беза цхьана а динах. Шайна луъу дин лелор доьхкуш вац со. Керста хила лууш вуй – хилахь. Амма динна тIехьа а лечкъаш зуламаш дар, адамаш дайъар, гIайгIанаш латтор оха могуьйтур дац… Террористаш бусалба динна тIехьа лечкъаш бу. Цундела Нохчийчохь вахабизм а, терроризм а хир яц!.. Со дийна мел ву!»
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара халкъ Iалашдаларан, когахIотторан, чIагIдаларан бух цуьнан оьзда гIиллакхаш, дайн Iадаташ, ийман хиларх. И мехаллаш дIаевлича хIаллакьхуьлуш ду халкъ. Ткъа вахабизмо емалъеш ю и мехаллаш. Ахьмад-Хьаьжа цу хенахь а кхеташ вара вахабизм Россин пачхьалкхана кхераме хиларх. Цуьнан зуламах вайн пачхьалкх ларъян а гIиртира иза шен ницкъ ма-кхоччу. Вайн махкахь дуьххьара вахабиташна а, террористашна а дуьхьал гIаьттинарг Ахьмад-Хьаьжа вара. Царна дуьхьал тIом дIабахьарца цхьаьна вахабиташа, террористаша Iехийнарш, тилийнарш маьршачу, нийсачу, цIеначу некъа тIе баха гIерташ дукха къахьоьгура А-Хь.Кадыровс ша Iеламстаг хиларе терра.
Халкъана юкъахь барт, марзо хилчий бен Нохчийчохь машар а, синтем а хирг цахиларна, нохчийн халкъ цхьаьнатоха, тIегулдан, цуьнан барт бан аравелира иза. Ахьмад-Хьаьжа вара законехь йоцчу тIеман тобанийн декъашхошна амнисти кхайкхор юкъадаьккхинарг. Цуьнан Iалашо яра зуламаш дина боцу кегийрхой маьршачу дахаре юхаберзор. Вахабиташа а, политикаша а Iехийна болу эзарнаш кегийрхой, хьаннашкара ара а бевлла, цунна юххе дIахIиттира. Уьш тешна бара цунах, тешна бара цо шаьш нийсачу некъа тIе даьхна хиларх, цуьнан стогаллах, ийманах. Ша и гIулч йоккхачу хенахь Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара Нохчийчохь а, ткъа иштта Россехь а ша деш дерг къобалдийриг цахиларх. Оцу кхерамечу муьрехь цо ойла ца йора адамаша ша деш дерг къобалдийр ду-те я дац-те бохучун, цо ойла йора Далла хьалха долчу шен жоьпаллин.
Далла хьалха долу шен жоьпалла цкъа а дицдеш вацара иза. Муьлхха а гIуллакх деш, къамел деш уггаре а хьалха и дагахь хуьлура цунна. Цуьнца билгалдолура халкъана, пачхьалкхана, ша-шена хьалха долу цуьнан доккха жоьпалла.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бакъонца цIена суфи, цIена бусалба вара. Цуьнан дахар доккха масал дара АллахIана Iибадат дарехь, гIуллакх дарехь.
Делимханов Адам, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат.
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа – Нохчийн халкъан сийлахь кIант» книги тIера
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо