Кадырова Меднис «Firdaws» цIенна куьйгалла дар шен йоIе Iайшате дIаделла.
– Иза тамашийна а дац, хIунда аьлча, жима йолуш дуьйна божарийн а, зударийн а бедарш ярар, тегар дезаш ю иза. Цул сов, «Firdaws» цIийнерчу дизайнершца белхаш а бина цо. Цуьнан шен хьежамаш бу массо а хIумане. Хьалха санна лаккхарчу модина тIехьажийна хир бу тхан коьрта тидам, амма и бедарш муьлххачу а стеган эца таро йолуш а, вайн Нохчийн сийлалла гойтуш, оьзда а, хаза а хир ю», – яздо шен инстаграмерчу агIонехь Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Кадырова Iайшат баккхийчеран бедарш тегна ца Iаш, берийн бедарш а арахеца лерина ю. Уьш а хир ю вайн къоман бустамашца тегна.
– Берийн бедарш хIинццалц арахоьцуш яцара кхузахь, ткъа Iайшат и хIуманаш юкъаяхаро вайн пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а вайн бренд йовзуьйтург хиларх тешна ю. Тхо модин цIийне кхаьчча йоруш, тоьгуш балхана тIейоьлла йоллура Iайшат. Тхуна шен лаамаш бовзийтира цо, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Iайшата ша дагалаьцнарг кхочушдеш болх беш ю. Иштта гIуллакх дIадодахь цо лаккхара кхиамаш бохург хиларх а, лаккхарчу тIегIанера дизайнершца цхьаьна могIарехь иза лаьттарг хиларх а теша.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо