Захаров Петран 200 шо кхачарна лерина

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнан актови зала чохь дIаяьхьира дуьненахь вевзаш волчу  художникан Захаров Петран 200 шо кхачарна лерина конференци. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо гIо а лоцуш, Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламенто. Цхьаьнакхетар дIахьош вара оцу парламентан депутат Саралапов Асхьаб.IMG_1187

    Конференцехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Джамалдаев Шаид, Соьлжа-ГIалин администрацин куьйгалхо Динаев Iадлан, Россин Федерацин халкъан артист Омаев Дагун, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев  ГIайрасолта, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламентан председатель Дагаев Муртаз-Iела, ткъа иштта бевзаш болу яздархой.

Кегийрхойн парламентан жигархоша Захаров Петран дахарх а, кхоллараллех а лаьцна масех доклад йира. Цара  шайн докладашкахь билгалдаьккхира академика шен хIора а  суьрта тIехь даима а «Петр Захаров – нохчи», я «Дади-Юьртара нохчи» олий яздеш хилла хилар.

Цул тIаьхьа вистхилира Джамалдаев Шаид:

– Баккъал а турпала, вешан гIиллакхаш, истори йолуш къам ду вай. Ша схьаваьлла орам бовза лаар, Даймохк дукхабезар вайн цIийца ду. Тахана Захаров Петран 200 шо кхачар билгалдаккхар мехала ду. Жимачохь дуьйна нохчашна юкъахь Iийна воццушехь, ша Дади-Юьртара нохчи хиларх дозалла деш хилла цо. Шена суьрташкахула я дийцарехь бен девзаш доцу нохчийн духар тIехь а долуш, ша шен суьрташ дохкуш хилла Петра. Дахар мухха  нисделлехь а, цуьнан цIийца хилла нохчалла. ХIара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна Дела реза хуьлда. ТIаьхье беркате йойла! – дерзийра Джамалдаев Шаида шен къамел.

ТIаккха сцени тIе кхайкхира Омаев Дагун. Чулацаме а, конференцин дакъалацархойн дагах кхеташ а яра цо ешна вевзаш волчу оьрсийн яздархочун М.Ю.Лермонтовн «Мцыри» поэми тIера кийсак. Цул тIаьхьа Ибрагимов Кантас Омаев Дагунна а, конференци дIахьош хиллачу Саралапов Асхьабана а Захаров Петран цIарах мидалшца а,  П.Захаровх лаьцна язйинчу книгашца а совгIаташ дира.

Конференци  ерзош Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламенто тIеийцира  Захаров Петран цIарах Соьлжа-ГIалахь урам а, цунна лерина хIоллам а схьабелларан гIуллакх дIадолоран а хьокъехь йолу резолюци.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Конференцин дакъалацархой

№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: