Нохчийн Республикехь дIаязбеллачу белхазхойн барам 2015-чу шарахь 12,1 процентана тIекхаччалц лахбелла. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министра Магомадов Iабдуллас.
«2016-чу шеран 1-чу январна долчу терахьашца нийса а догIуш, Нохчийн Республикехь дIаязвина волу белхазхо верриге а 74,8 эзар ву. И терахь 2014-чу шарахь хиллачул а 24,7 эзар стагана лахара ду (хIетахь дIаязвинарг 99,5 эзар белхазхо вара). Проценташкахь дийцича, 12,1 проценте кхаччалц белхазалла лахъелла вайн республикехь», – элира I.Магомадовс.
Цо билгалдаьккхира, белхазалла лахъярехь иштта кхиамаш бахар республикехь инвестицийн проекташ а, пачхьалкхан программаш а кхочушъяр, жимачу а, юккъерчу а бизнесна гIо-накъосталла дар, цул сов, говзанчаш оьшучу меттигашкахь болх байтаран Iалашонца белхазхой (оьшуш йолу корматалла караерзош) Iамор а, белхан меттигийн ярмаркаш вовшахтохар а бахьанехь хилар.
ТIаьхьарчу пхеа шарахь республикехь дIаязбеллачу белхазхойн барам 102,7 эзар стагана лахбелла. Иза вуно дика гайтам бу. Карарчу хенахь вайн махкахь кхолладеллачу экономикин чолхечу хьоле хьаьжна доцуш, регионан экономика кхиорна лерина проекташ ю Нохчийчохь кхиамца кхочушъеш.
«Кху шарахь чекхдаккха лерина Соьлжа-ГIалахь индустриальни парк яр. Оцу паркан декъа тIехь гIишлошъяран индустрин кхузаманан производствош хир ю. Кхочушъян йолийна ю Итон-Кхаьллан районерчу Хьачарахь «туристско-рекреационни» кепара къаьсттина экономически зона кхолларан а, гIишлошъяран инновацийн «Казбек» технопарк яран а проекташ. Иштта, 2016-чу шарахь Гуьмсан районерчу Ойсхарахь схьаелла лерина республикехь уггаре а йоккха шурин-сурсатийн ферма. И проекташ кхочушъяр бахьана долуш республикехь керла белхан меттигаш кхуллур ю», – дийцира Магомадов Iабдуллас.
А.ВАХАЕВА
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо