Инарла Орцин цIе лерамца йоккху вайн махкахь. Нохчех дуьххьарлера инарла иза хиларна а хила там бу иза. ЧермоевгIара Iаламат доккха дакъалаьцна, нохчийн къоман культура а, литература а, истори а кхиорехь. 1825-чу шеран 16-чу июлехь дуьнен чу ваьлла ша Чермоев Орца, вуьрхIитта шо кхачале, оьрсийн эскаре гIуллакхдан воьду. Жима велахь а, буьрса кхехкачу тIемашкахь майралла, доьналла, хьекъал гайтарна, 21 шо дузале прапорщикан чин делира Орцина. 50 шарахь гергга гIуллакх до Чермоев Орцас оьрсийн эскарехь, цхьана а мостагIчух оза ца луш, турпалаллица луьрачу тIемашкахула толамца чекхвийларна кхаьчна иза инарлин дарже. Кхаа зудчо бина боккха доьзал хилла Орцин: ялх кIант, пхи йоI. Царех цхьаъ – Iабдул-Межед – дуьненна вевзаш политик хилла. Большевизман кхерам Къилбаседа Кавказана тIе базбелча, ламанхойн правительство кхоьллина, коммунисташца къийсам латтийнарг ву иза. Вайнаха-м Тапа олуш хилла цунах. Цу заманахь ерриге а Къилбаседа Кавказехь ондачу лерамца йоккхуш хилла оцу яхь йолчу оьздачу нохчийн кIентан цIе. Бакъду вай тахана шех дийца леринарг Саракаева Марем ю. Саракаева – иза Мареман хIусамден ИбрахIим-Бекан фамили ю. Ткъа ша Марем Орцин кIентан йоI, вай хьахийначу Тапин вешин йоI ю. Цу замане ладоьгIча, кIорггера йоза-дешар девзаш йоI хилла иза. Соьлжа-ГIалара зударийн гимнази дуьххьара чекхъяьккхинчу нохчийн мехкарех цхьаъ ю Марем. Нохчийн оьздачу кхерчара схьаяьллачу цунна, кIорггера ненан мотт хиъна ца 1ара, дукха дика оьрсийн мотт буьйцура, паргIат немцойн, французийн, ингалсан меттанашкахь къамел дора. Хьоладайн дукхахболчу мехкаршна санна, оьрсийн а, дуьненаюкъара литература а евзара Маремана. Хаза-товш йоI а яра Марем. КIезиг бацара цуьнга безам болу кIентий а. Амма царалахь Мареман къона ойла шена тIеийзош цхьаъ вара – оьрсийн эскаран эпсар Саракаев ИбрахIим-Бек. Цул сов, журналистикехь шен хьуьнарш зуьйш а вара къона эпсар.
Цу хенахь Владикавказехь арадолуш хиллачу «Терек» цIе йолчу газетехь сих-сиха зорбане юьйлура ИбрахIим-Бека язйина статьяш. Масех псевдоним яра цуьнан: «Чеченец», «Нохчо», «Веданхо». Нохчийн Iилманан журналистикин бух лара мегар ду цу шерашкахь Саракаев ИбрахIим-Бека бина историко-философски талламаш, «Мюридизм», «Суд и казнь Шамиля». Марем цуьнга йоьду, амма иза цуьнга яхана дукха хан ялале болало дуьненаюкъара дуьххьарлера тIом. Ша эпсар хиларе терра, ИбрахIим-Бек хьем боцуш тIаме воьду. Цуьнца новкъадолу къона нускал а. Нохчийн зудчун декхар ду-кх иза дуьне долийчхьана а, мел инзаре халачу хьелашкахь хIусамда хиларх, даима а цунна юххехь хилар. Дерриге а шен оьздачу дахарехула чекхдоккху Марема оцу декхарна тешаме хилар. Дукха дийцина вайн историкаша «Дикая дивизия» цIе хиллачу буьрсачу бIоно биначу тIамех. Цу дивизи юкъахь тIом биначарех ву Саракаев ИбрахIим-Бек, ткъа цуьнан хIусамнана Марем цу дивизехь «сестра милосердия» олучу даржехь хилла. Кхехкачу тIеман хьаьттара хийла чевнаш хилла салти кIелхьараваьккхина Марема. Подполковникан хIусамнана яра аьлла, кхерам боцу меттиг лехна, йовхачу чохь паргIатъяьлла ца Iийна и нохчийн оьзда йоI. Кхечу медйижарша санна, шело, гIело, мацалла ловш, шен са а, дегI а ца кхоош, къахьегна луьрачу тIеман хьаьттахь. Дархойн чевнаш йихкина, уьш лазареташка идийна, хаза дош олуш, дог хьаьстина. Мел буьрса буьйса а цкъа мацца а чекхйолу. Иштта дIабирзира Дуьненаюкъара хьалхара тIом а. Аьлча а, Россехь граждански тIамехьа бирзира иза. Цу хенахь, революционни шовкъехь сийсаш йолчу Петроградехь яра подполковник Саракаев ИбрахIим-Бек куьйгаллехь волу полк. Дуьне масийтта декъе декъаделча санна хетара. Цхьаберш оьрсийн паччахь Николайгахьа бара, вукхара парламент, республика, демократи хьехайора, конституционни демократаш ду шаьш бохуш. Ткъа кхозлагIа дакъа гуттар чуьрадаьллера, берриге а хьоладай хIаллакбина, латтанаш халкъе дIадала деза бохуш. Хала дара бакъ-харц волчух кхета. 1918-чу шеран аьхка большевикаша тоьпаш туьйхира, Россин паччахь хиллачу Романов Николайна а, цуьнан доьзална а. Цу кIуркIаманехь нохчеха болчу эпсарша цхьабарт хилла, сацам тIеийцира: вай тешамна дуй биъна паччахь дIавели, ткъа вовшийн пехаш ийзош, даржаш къуьйсучарна юкъагIерта вайн гIуллакх дац, цкъачунна цIадерза деза вай аьлла. Цу инзаре ирчачу хьелашкахь Нохчийчу цIавирзира Саракаев ИбрахIим-Бек а, цуьнан хIусамнана Марем а. Кхин даладелла хьал кхузахь ца хиллехь а, делахь а, шен цIа цIен цIа баьхна вайн дайша а.
Нохчийн ярташка тIеман ачо кхачаза хиллехь а, Соьлжа-ГIала яра революционни хиламаша сийсош. Мехкадаьттанхоша дагца къобалдина тIелаьцнера Советан Iедал. Бакъдерг дийцича, нохчашна юкъахь кIезиг бацара большевикийн хазачу хабарех Iехабелларш, гIалагIазкхаша дIалаьцна латтанаш юхадерзоре сатуьйсура дукхахболчара. Бакъду, Саракаева Марем дика кхетара нохчийн къомана тIехIоьттинчу киртигах. Шайна даа худар ца дан деллачаьрга, нахана дао хьовла далур доцийла хаьара цунна. Делахь а, оьздачу кхерчара схьаяьлла нохчийн зуда ша хиларе терра, махка-майдана яьлла, шена хетарг кхайкхош-м ца лийлира иза. Дог лозур-кха, йоза-дешарна Iаламат гена долчу шен декъазчу къомах, лаьар-кха цуьнан, бIешерийн боданера схьатекха къаьхьа кхоллам, мелла а серла болийла. Шен ницкъ кхочург, дерриге а дан кийча а яра и оьзда зуда, и сатийсаме зовкхе гергаозо. 1923-чу шарахь вайн махкахь арадала доладелира дуьххьарлера нохчийн маттахь газет. «Серло» (х1инца «Даймохк» – ред.) яра цуьнан цIе. Цу заманахьлерчу интеллигенцис, коьртехь Арсанов Саь1ид-бей волуш, ондда къахьийгира къоман газет схьаделла гIерташ. Бара дера, даима санна, реза боцурш а, оьрсийн маттахь арадолу «Грозненский рабочий» тоьар ду бохурш а. И газет схьадиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна цу газетехь болх бина Саракаева Марема. Цундела олу цунах нохчийн зударех дуьххьарлера журналистка. Цо яздора дикачу адамех, къинхьегамхойх, нохчийн ярташкарчу тишачу хьелех. Ира, чулацаме, доьналлица къаьсташ хуьлура Саракаева Марема язбина хIора могIа. Цара ойлане воккхура, Нохчийчоь еза Iамавора, сирлачу кханенах тешавора. Дахаран аьзнех юьзна хуьлура Марема язйо хIора хьаьрк а. Цундела дисина оцу оьздачу зудчун сирла амат къоман иэсехь, маьлхан зIаьнарех лепаш, цкъа а нур дан йиш йоцуш. Диъ бер дара Саракаева Мареман. Кхо кIант, цхьа йоI. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Мареман йоI яра нохчийн гIараваьллачу поэтан Мамакаев Мохьмадан хIусамнана. КIентий – Азамат, Юсуп, Хьамзат – шайн ден-ненан лорах бахана, дуккха а шерашкахь нохчийн къоман шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх бина а, нохчийн журналистика кхиорехь хьанала къахьегна а бу, церан сийлахь цIерш шуьйра евза вайн махкахь, ондачу лерамца йоху хьахабеллачохь. Ткъа шен Саракаева Мареман дахар хилир-кха ткъес санна доца. Вайна цунах хууш дерг ду Мареман жимах волу кIант 1928-чу шарахь дуьнен чу ваьлла хилар. Жима Хьамзат, кога вахана, дIаволавелла, дика мотт шарбелла валале, ненах велира. Чекхдевллачу ХХ-чу бIешерийн ткъе уьтталгIачу шерийн юьххьехь дара иза. Къизачу Iожалло, хIетта кога яха гIертачу нохчийн журналистикина Iаламат боккха иэшам беш, вайна юкъара яьккхира Саракаева Марем. Хедира сирла дахар, ненах девлира кегий бераш, дIабайра экама сатийсамаш. Амма шен оьздачу дахаран, цкъа а йовр йоцу, нур-жовхIарх лепа беркате лар йитина цо нохчийн къоман журналистикехь. Иза ларийра йоццачу хенахь, хьаналчу къинхьегамца, шен заманхошна масал хилла дIахIотта а, тIаьхьарчу тIаьхьенашна шех лаьцна ала довха дош дита а. Саракаева Марем ю вайнехан зударшна журналистике гечо даьстинарг. Цундела деха цуьнан оьзда васт вайн дагалецамашкахь седанах тарделла, заманан йохалла басах ца духуш, дикане кхойкхуш, кханенах дегайовхо чIагIъеш, нохчийн мехкарийн хьоме сибаташ серладохуш.
ГАЗИЕВА Аза,
Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист