Шемара кеманаш арадаха долийна Россин оборонан министерствос. Амма цкъачунна цигахь буьсур бу Шемин Iедалан эскарш Iамош болу говзанчаш.
***
Шемин Iедална оппозицехь болчу ницкъаша лоьху кхечу пачхьалкхаша а, Россих масал а эцна, дерриге а эскарш шайн махкара арадахар.
***
Россин тIеман-космически ницкъийн гIоьнца Шемин Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех паргIатъяьккхина 400 сов юрт а, гIала а.
***
Испанерчу 50 сов гIалахь дIахьош ю Евросоюзо а, Хонкаро а мигрантийн хьокъехь бинчу бартана резадацар дIахоуьйтуш йолу митингаш.
***
ХIара шо доладелчахьана дуьйна дуьххьалдIа цхьана Дуьненаюкъарчу хIордачухула Европин мехкашка кхаьчнарг лаххара а 152 эзар мигрант ву.
***
Брюсселехь леррина антитеррористически операци дIахьочу хенахь герзаш тоьхна полицин белхахошна, царах веанна чов йина.
***
Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Мароккон Президентаца Мухьаммад ЯлхолгIачуьнца. Цара дийцаре дира вовшашца йолу юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Вайн мехкан Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира Россин МВД-н йоккхачу Коллегехь. Цо дIахьедира МВД-н болх цхьадолчу дакъошкахь шена кхачаме хеташ цахилар.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс кхеташо дIаяьхьира экономикина модернизаци яран Советан Президиуман декъашхошца.
***
Кхана Москвахь шен болх дIаболор бу дуьненаюкъарчу экономикин форумо. Цигахь дакъалоцур ду СНГ-н мехкашкарчу экономисташа а, компанеша а.
***
Индехь болчу мехкадаьттанхошца «Роснефто» бан леринчу бартаца нийса а догIуш, оцу барто вайн пачхьалкхана 2,5 миллиард долларна пайда бийр бу.
***
Башкирехь реабилитацин туьшана цIе ялар бахьанехь 12 стаг кхелхина. ЦIе яларан бахьанаш толлуш ю хьокъала йоллу органаш.
***
Юьртан бахаман гIолацаран Iалашонца вайн мехкан правительствос хIокху шарахь 14 миллиард сом ахча къастийна.
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо