Бакъдуьнена дIаваханчу Нохчийн Республикин Парламентан Председателан кху шеран 14-чу мартехь 60 шо кхаьчна хир дара. И де тIекхочуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен агIонехь билгалдаьккхира, Абдурахманов Дукхуваха къеггина, похIме, шен хьежамаш хуьйцур боцуш политик хилла хилар, цунна халкъан хьашташ кхочушдар массо хIуманал а деза хеташ хилла хилар.
«Нохчийн Республикин цIеяхханчу пачхьалкхан а, юкъараллин а гIуллакххочун Абдурахманов Дукхувахин тахана 60 шо кхочур дара. Веза а, Сийлахь а волчу АллахIан кхиэлаца иза 2015-чу шеран июнехь бакъдуьнена дIавахана. Иза хьекъале политик а вара, шен дахар халкъан лаамаш, сатийсамаш кхочушбарна дIадала кийча къонах а вара. Баштин Дукхуваха уггаре а хьалха Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна ондда гIортор хилла юххе дIахIиттинчарах цхьаъ вара. Оцу некъана тешаме хилла висира иза шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц», – яздина инстаграмехь Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо вайн тидам тIебохуьйту Д.Абдурахмановс вайн республикин Парламентан болх вовшахтохарна, законаш дахаран гIуллакх кхиорна, Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула йолу дерриге а халкъан референдум дIаяхьарна йоккха хазна юкъайиллина хиларна. «Вайн дегнашкахь, иэсехь иза вуьсур ву нохчийн халкъан а, ерриге а Россин а сийлахь кIант санна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан командин а тешаме бIанакъост санна. Дала къинхетам бойла цунах! Дала гечдойла цунна!», – дерзийра Кадыров Рамзана.
Дагадаийта лаьа итт шарахь Нохчийн Республикин Парламентана коьртехь лаьттина Абдурахманов Дукхуваха дIадаханчу шеран июнь баттахь, хала лазар текхначул тIаьхьа, кхелхина хилар. Иза кхалхарца доьзна Нохчийчохь кхаа дийнахь тезет лаьттира. Нохчийн дерриге а халкъана халахетаран дакъа кхаьчнера. Иза дIавоьллина Гуьмсан районерчу Жалкха юьртахь. Цуьнан цIе тиллина Соьлжа-ГIали юккъехь болчу цхьана урамна. Оццу урамехь дIатоьхна мемориалан экъа а ю.
«Даймохк» газето кхул хьалхарчу номерехь зорбатуьйхира Абдурахманов Дукхувахин дахаран некъах лаьцна йолу статья.
С.ХАСАНОВ
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо