Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира регионан социальни-экономикин кхиаран гIуллакхаш.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, бюджетан политикин эвсаралла а, жимачу а, юккъерчу а бизнесна гIо-накъосталла дар а, туризм кхиор а Нохчийн Республика кхидIа кхиоран закъалт хилар.
«Республика кхиоран лаккхара боларш эцна, схьадогIуш ду вай, болар лахдойла дац вайн. Таханлерчу дийнахь туристийн вайн республике хьашт хилар алсамдолуш ду. Iамаркера, Японера, Европин мехкашкара нах оьху вай долчу. Дукха хан йоццуш Стефано Риччи вайн сийлаллин меттигаш йовзаран а, вайн хьаннашкахь талларан а Iалашонца веанера кхуза. Цо кхин цкъа а тоьшалла до вайн регион мехкан уггаре а гIараевллачу курортех цхьаъ ю ала хьакъ хиларна. Туризман декъехь проекташ кхочушъярехь жигара къахьега деза вай», – элира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо иштта хьахийра, кхузахь хиллачу тIемашка хьаьжна доцуш, таханлерчу дийнахь Нохчийчоь шен кхиарехь Россин тоьллачу субъектийн могIарехь хилар а, ткъа цхьадолчу дакъошкахь кхечу регионел хьалха хилар а. Республикин куьйгалло кхочушдечу гIуллакхашна бахархой резахилар шена чIогIа хазахеташ хилар а хаийтира Кадыров Рамзана. Иштта, министерствийн куьйгалхошка 2016-чу шеран 15-гIа июль тIекхачале мехкан коьртачу ведомствошца берташ бан а, шайн-шайн дакъош кхиоран программаш федеральни тIегIанехь чIагIъян а езаш хилар а дIахаийтира Р.Кадыровс.
Бизнес лелорна мел оьшу хьелаш кхолларх а, меттигерчу предпринимательствона Iедало гIо-накъосталла дан дезаш хиларх а лаьцна дийцира регионан куьйгалхочо. Правительствон вице-премьерна Хакимов Хьасанна жимачу бизнесан векалшца юкъаметтигаш тояр а, царна проблемийн гIуллакхаш кхочушдарехь гIо дар а тIедиллира цо.
Экономикин чолхечу хьоле хьаьжна доцуш, регионан дахарехь маьIне йолу программаш кхочушъяр дIатетта йиш ца хиларна тIе тидам бахийтира Кадыров Рамзана. Царна юкъахь цо билгалъяьккхира бахархой ширачу, тишачу хIусамашкара керлачу цIенош чу кхалхоран программа. «И программа кхочушъяр кхидIа а дIадахьа деза, цунна лерина ахчанаш бюджетехь доцучу хьостанашкара юкъаозор ду вай», – чIагIдира Р.Кадыровс.
А.СУЛИМАНОВА
№30, еара, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2016 шо