Мехала цхьаьнакхетар

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан  Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан журналистикин кафедрехь дIадаьхьира хьалхарчу курсерчу студентийн бевзаш болчу журналисташца цхьаьнакхетар.7PgChEs1Muw

Оцу мехалчу гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн а, юкъарчу а филологин директоран заместитела Абубакаров Аюба, Нохчийн пачхьалкхан университетехь журналистикин кафедра кхоьллинчех цхьаъ волчу Турпалов Лоьмас, Нохчийн ЧГТРК-н белхахочо, вевзаш волчу журналиста Умаров Муслима, цхьамогIа Iилманчаша-хьехархоша.

Студенташца долу цхьаьнакхетар дIадолийра журналистикин историх йолу фильм гайтарца. Шен хьостанера дуьйна схьа журналистика дIахIоттар а, цуьнан истори а юьйцуш хиллачу фильмехь дийцира хIора бIе шарахь журналистика кхиарна юкъа доккха дакъа диллинчу, дуьненахь а бевзаш хиллачу журналистех а, церан дахарх а, кхоллараллех а. Къоначу тележурналистийн дуьххьарлера кхоллараллин болх бара иза. Хьешаша дика мах хадийра студенташа бинчу белхан.

Турпалов Лоьмас элира:

– Со чIогIа воккхаве тахана хIара презентаци, къоначу журналисташа, хилла бевллачу тележурналистел тIаьхьа а ца буьсуш, цаьрца цхьана барамехь дIаяхьарна, иштта тIекхуьуш чкъор хилар вайн журналистикина а, къомана а чIогIа мехала ду.YYzh4HDXU24

Цхьаьнакхетар дерзош, журналистико вайн заманахь йоккха меттиг дIалоцуш хиларх докладаш йира студенташа.

– Тахана юьхькIайн ву со. Суна хазахета вайн нохчийн студенташ, шаьш хаьржинчу дахаран новкъахь иштта къахьега лаам болуш, шаьш къона бара аьлла, халонаш дIа а ца тоьттуш, муьлхха а хала дукъ шайна тIелаца реза болуш кхуьуш хиларх. Тхаьш царна хьехнарг эрна ца хилла хиларх чIогIа тешна а ву со, – билгалдаьккхира, цхьаьнакхетаран жамI деш, хьехархочо Умаров Муслима презентацехь а, шен Instagram агIонехь а.

Къоначу журналисташна дикка дагахь дуьсур ду дешан говзанчашца хилла цхьаьнакхетар. 

Шамсудинов Хьамзат

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: