Тхан рузма

20 март, 1938 шо. Йоккхачу АтагIахь вина Айдаев ЮшаI, филологин Iилманийн доктор, профессор. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь (1962-чу шарахь дуьххьара и чекхъяьккхиначарех вара иза). Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтан Iилманан секретаран, «Комсомольское племя», «Ленинан некъ» газетийн, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон коьртачу редакторан, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан ректоран, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президентан даржашкахь. 100 сов Iилманан белхан автор, цу юкъахь нохчийн барта кхоллараллин а, литературин а проблемех масех монографи а йолуш («Эпически иллешна тIера эпосе кхаччалц», «Нохч-ГIалгIайн советски драматурги», «Дахаран куьзга», «Дахар а, дош а», «Нохчийн, гIалгIайн кицанаш, аларш», «Нохчий: историй, хIинцалера замий»). Цуьнан Iилманан лехамашкахь къаьсттина меттиг дIалоцура нохчийн драматургин истори талларо. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь «Нохчийн энциклопеди» язъярна тIехь болх беш вара.

Iилманчин кхалхар хилла 2004-чу шеран июнь беттан 1-чу дийнахь.

20 март, 1950 шо. Казахстанехь вина Умарсултанов Ваха, Россин  Федерацин  хьакъволу  художник. Дешна К.А.Савицкийн цIарахчу  Пензерчу исбаьхьаллин  училищехь. Цул тIаьхьа  Соьлжа-ГIалара №2  йолчу  школа-интернатехь  суьрташдахкар  хьоьхуш  болх а  бина. Дакъалаьцна  Соьлжа-ГIалахь, Махачкалахь, Нальчикехь, Москвахь, Владикавказехь,  дуккха а кхечу  шахьаршкахь, ткъа иштта  Сирехь, Германехь хиллачу  гайтамашкахь. Говзанчаша а, хьовсархоша  а лаккхара  мах хадийна цуьнан «Таргим», «Малхист», «Калаус», «Лаьмнашкахь бIов», «Вайнехан  хелхар», «Лаьмнашкахь», «Фермехь», кхидолчу  а  суьртийн.

1982-чу шарахь дуьйна  СССР-н художникийн Союзан  декъашхо  ву  Ваха. 1991-чу шарахь дуьйна  Нохчийн Республикин  художникийн  Союзан  правленин  председатель а  ву. 2010-чу шарахь  Россин  исбаьхьаллин  Академин декъашхо-корреспондент  хаьржина.

21 март, 1953 шо. Юккъерчу Азехь вина Исраилов Хожа-Баудди, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист. Шен схьавалар Шелан кIоштарчу Гермчигара ду. 1978-чу шарахь Ленинградера театран, музыкин, кинематографин институт чекхъяьккхина веара Хожа-Баудди Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театре. ХIетахь дуьйна театро наггахь спектакль ца хIоттийна цо дакъа ца лоцуш. Къаьсттина дика нисло актеран комедийни ролаш. Х.-Б.Исраилов вевза похIме художник-карикатурист санна а.

21 март, 1942 шо. Курчалой-Эвлахь вина Муслуев Заур, Россин Федерацин хьакъволу лор. Дешна Къилбаседа ХIирийчуьрчу пачхьалкхан лоьрийн институтехь. 20 шарахь сов Шелан районан больницин коьрта лор лаьттина (1977–1997-чуй шераш). 2000–2007-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министран заместитель волуш болх бина. Шозза Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан депутат хоржу. «Халкъийн доттагIалла» орденан кавалер. 2007-чу шарахь дуьйна пенсехь ву.

 

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: