«Тур-экс» – Нохчийчуьра дуьххьарлера туроператор

Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетана юкъахь  ю «Тур-экс» компани.

Цуьнан директора Батаева Элинас билгал ма-даккхара, туроператоран статус хиларо компани кхиорна дуккха а хьелаш кхуллур ду.впмывк

– ХIинцачул тIаьхьа вайн республикехь чоьхьара турпродукташ вовшахтохар а, кхиор а лаккхарчу тIегIанехь дIадахьа аьтто хир бу. Росреестрехь МВТ 016468 номерца билгалдаьхна ду вай. 29-чу февралехь дуьйна, Ростуризман тIедилларца, цу юкъахь ду (69 пр.16 номерца). Туроператоран официальни статус хилар бахьана долуш клиенташна страховка яккха аьтто  хир бу компанин. Таханлерчу дийнахь чоьхьара туризм ю лелош, республикел арахьа болх ца бо оха», – дийцира цо.

Иштта билгалдаьккхира, шайн клиенташна маьхза консультацеш, хаамаш беш хилар. ««Тур-экс» компанис Нохчийн Республикехула а, Къилбаседа Кавказехула а хIара тайпа гIуллакхаш кхочушдо: трансфер (пассажираш дIасабигар); ханна машен ялар; туристийн гIирсаш, билеташ, чуваха меттигаш, тураш хилийтар; виза йоккхуш гIодар; тайп-тайпана кхеташонаш вовшахтухуш гIо-накъосталла дар. Ткъа хIинца туроператоран статус еллачул тIаьхьа кхин а дукха декхарш кхочушдийр ду компанис. Тхо тешна ду Нохчийн Республикехь туризм кхидIа а кхуьург хиларх», – элира Э.Батаевас. 

Хь.БАХТАЕВА  

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: