Орга – 1-2

Араяьлла «Орга» журналан рогIера, хIокху шеран хьалхара номер (1–2 шиъ цхьаьна).  Хьалхарчу агIонехь журнало зорбатоьхна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Даймохк ларбархой декъалбаран дешнаш. «Вай боккха сий-ларам а бо, иэсехь а латтабо вайн Даймахкахь машар а, синтем а, токхе дахар а хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIаделларш. Даима а сий хуьлда церан!

Хьомсара махкахой! Лаьа шун дахар даима а маьрша хуьлийла, стигал даима а маьрша, екхна хуьлийла, доьзалехь беркат лаьттийла. Кхиамаш хуьлда шун!», – яздо Республикин Куьйгалхочо.

Циггахь дешархойн еша аьтто бу Даймохк ларбархочунна лерина М.Сулаевн «Ца вевзачу салтичун каш», I.Мамакаевн «Кавказан латта»  байташ а, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийна 59 шо кхачарна лерина статья а.

«Юбилей» рубрикехь Алиева Заринин «Диканах йоьттина сийлаллин бIаьвнаш» статья М.Ахмадовн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна ю. Цу тIехь критика йийцаре йо халкъан яздархочун «МаьркIажехь дитташ» роман.

«Яздархочо яз хIунда до, стенна оьшу литература? И тайпа хаттарш дукха хIиттадо, царна жоьпаш а хуьлу тайп-тайпана: дахар гайта, адамийн амалш йовзийта, бакъ-харц, кIайн-Iаьржа къасторхьама, адамашна сица цIандала гIо дан. Литература йолаелчахьана дукха ю и тайпа книгаш…

Дуьне латтош, иза хазаллех, дикаллех кхиош, лаьтта тIехь сийлаллин эзар диканах бIаьвнаш юттуш, къахьоьгу Мусас. Дала аьтто бойла хьан, Муса! Дала меле буьллийла ахь халкъан дуьхьа беш болу болх!», – ишттачу дешнашца ерзайо З.Алиевас шен статья.

«Критика а, библиографи а» рубрикехь А.Гайтукаевс  «Дала делла похIма а, хаддаза болу къинхьегам а цхьаьнаийна» статья тIехь доцца яздо М.Ахмадовн биографех а, цо поэзехь, прозехь, драматургехь, критикехь, публицистикехь бечу балхах а лаьцна.

Иштта кхузахь дешархойн еша аьтто бу  М.Ахмадовн  «Мохк бегийча» повесть.

Йоккха меттиг дIалоцуш ю Хь.Яндарбиевн вайн республикин хьакъйолчу хьехархочух Дагаева Хазух лаьцна «Йистйоцу дахар» повесть.

«Августехь хуьлуш йолу республикин хьехархойн кхеташо яра Соьлжа-ГIалахь дIахьош. Цига кхайкхина яра Хазу а. Дуьххьара васхале а хаьржира иза. Министран докладехь а хьахийра Хазун цIе. Юха дIадийшира республикин Лакхарчу Советан Васхалан Указ. Кхаа хьехархочунна республикин хьакъйолчу хьехархочун цIе тиллира. Царна юкъахь Хазу а яра», – яздо автора.

«Поэзи» рубрикехь еша аьтто бу Л.Абдулаевн а, С.Дакаевн а байташ.

   Л.ДАУТОВА

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: