БаIисан забарш

Цкъа а лаг оьзна яц

Хьешаца къамел дечу БаIисан хабарна юкъалелхаш: «Иза сан деваша ву… Иза сан ненаваша ву… Иза шича ву…», – бохуш амал-гIад дайъина цуьнан хIусамнанас ЦIахьпатус.

Иза кIорда а йина, човхийна БаIиса. Важа дуьхьал йирзина. Хабар кхечу гаьн тIе даккха дагахь хьешо хаьттина: «БаIис, пенах кхозуш йолу и топ ма нисъелла ю хьан, и эцна цкъа а талла ваханий хьо?».

– Дера ца вахана. Стигалахула йоьду къорза къиг а хIокху зудчун гергара хиларна кхоьруш, цкъа лаг озийна а-м яц иза, – аьлла БаIиса.

 

Цхьа кана, ах кана

Цхьана муьрехь шен чохь ечу харжашна чIогIа пис ваьлла хилла БаIис, зIакардохнна ялта а ша, канашкахь дустуш, луш хилла. Цкъа цхьана дийнахь ловзарга ваханчуьра цIа ца вогIуш малх дукъал тIехьа баьлла. Мацъелла котамаш рагIу кIел хьийзачуьра дIайовлуш ца хилла.

БаIисна тIаьхьа яхана ЦIахьпату. Цунах бIаьрг кхетташехь хелха вала ловзаран гонна юккъе ваьлла хIара. Цунна тIаьххье гонна юккъе ЦIахьпату а яьлла. Шен хIусамдена юххе тIе а таьIна:

– Маса кана, маса кана? – хаьттина зудчо.

Цо ялта хоьттуш хиларх кхеттачу БаIиса:

– Цхьа кана, ах кана, цхьа кана, ах кана, – аьлла бохь боьгIна.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: