Оьзда стаг яра иза

(«Яздархойх дийцарш» цикла тIера)

Ахматова Раиса поэзе муха еана?птивктие

Оцу хаттарна жоп цхьаьнгге а далалур дац аьлла хета, хIунда аьлча, муьлххачу поэтан санна, иза цуьнан шен къайле ю.

Бакъдерг аьлча, тхо Яздархойн союзехь, Ахматова Раиса председатель а йолуш, цхьаьна болх беш долуш, цкъа Анзорова Балкан, нохчийн дуьххьарлера поэтесса, тхайн къамелехь юкъаяьлча, оцу хаттарна тIекхиа гIоьртира со:

– Раиса, – элира ас, – дийцахьа тхуна, хьо поэзе муха еана? Хьалхара гIулчаш йохуш, хIун дуьхьалонаш нислора хьуна?

Сан хаттар жоп доцуш ца дита делахь а, цо, ела а елла, иштта дIахадийра:

– Массарна нислурриш. Хьоькхнех боьттина бу поэзе богIу некъ. Ткъа хьо поэзе вар муха нисделла? – дуьхьал хаттар дира цо.

Цо санна, вела а велла, белшаш саттийра ас. Оцу тIехь тхан къамел хедира.

Нагахь санна, сан хаттарна хIетахь Ахматова Раисас жоп делла хиллехьара, тахана, цунах лаьцна хIара могIанаш яздеш, дешархошна дIадовзийта дуккха а хIуманаш хир дара сан. Мел халахеташ делахь а, и къайле цо шеца дIаяьхьна. Амма вайна дисира Ахматова Раисин, хIорш санна, дуккха а лийр доцу кхин а могIанаш:

 

Массо а хIуманан

Ю шен-шен зама,

Шен-шен бу хIора а

ХIуманан мах.

Ткъа дийцал, ахь мичахь,

Мел мах схьаэцна,

Доьхкира хьайх тешна

Нехан дог дIа?

Тешнабехк бина цо,

Муха лов лаьтто?

Ткъес муха ца тоьхна,

Ца лекъна хиш?

Сийначу стиглара,

Массарна санна,

Хьуна а къежа-те

Нур сирла малх?

 

Гечдийр ду хьуна и.

Ду вай цхьа адамаш.

Кхул тIаьхьа хьоьга и

Ас хьахор дац.

Ткъа дагна… Цунна-м и

Дицлур дац цкъа а.

Цунна а дIалур бу

Буьззина мах.

 

Волалушшехь билгалдаккха лаьа цхьа хIума: хIокху йозанийн коьрта Iалашо турпалхочун кхоллараллин агIо йийцаре яр а, цуьнан мах хадор а яц. Иза литературоведаший, критикаший хадийна а, нохчийн литературехь цуьнан хьакъйоллу меттиг билалъяьккхина а дукха хан ю. Сан Iалашо Нохч-ГIалгIайн халкъан поэтессин Ахматова Раисин адамаллин агIонна тIе дешархойн тидам бахийтар ю, сайн цунна юххехь  дуккха а шерашкахь болх бан кхаж баьлла хиларна.

Со Соьлжа-хин йистехь, цхьана нехан долахь долчу цIеношкахь Iаш вара. Цкъа цхьана дийнахь цIа вогIу со а, шен гIуллакхера йогIу Ахматова Раиса а тхан урамехь цхьаьнакхийтира. ХIетахь иза Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан правленин председатель яра. Со, эскарехь гIуллакх дан ваханчуьра цIа а вирзина, цхьана ханна болх а боцуш, мукъа вара. Ткъа тхо вовшашна девзаш долу дикка хан яра.

Маршалла а хаьттина, цхьацца дар-дацар а аьлла, дIаяха тохаелла Раиса, цIеххьана, саца а луш, юхайирзира:

– Iалвади, – элира цо, – Яздархойн союзехь оха схьайоьллуш цхьа керла штат ю, хьо цига балха вогIур варий?

Яздархошна юкъахь хила лууш даима хилла волчу суна, иза боккха кхаъ бара. Цул сов, белхан меттиг лоьхуш, волавелла лелар тIера а долура. Цундела, кхин ойла а ца еш, сихха, цхьалхадаьккхина жоп делира ас:

– Дера вогIур вара! – аьлла.

– Делахь, барт хили вайн. Кхана, хьайн аьтто баьллачухула, Союзе дIакхета. Цигахь дуьйцур ду вайшимма.

Айса буьйса муха текхна ца хаьа суна, и «кхане» тIекхачаре ладоьгIуш. Цундела ас, итт сахьт дала герга дахарций, Союзе юм йира.

Дагестанерчу Яздархойн союзехь хиллачу исбаьхьаллин литературин пропагандин Бюрон филиал хиллера кхузахь схьайоьллуш ерг (дукха хан ялале цунах, цхьаннах йозуш йоцуш, шакъаьстина Бюро хилира). Раисас кхетийра со керлачу балхахь дан дезачух: цхьацца предприятешца, организацешца, школашца,  культурин  кхерчашца барт а беш, яздархойн цхьаьнакхетарш вовшахтохар.

Билгалдаккха догIу: оцу хенахь кхечанхьара яздархой а, поэташ а кест-кеста хуьлура Нохч-ГIалгIайчохь хьошалгIахь. Царна республика а, кхузарчу бахархойн Iер-дахар а довзийта  боккха аьтто бийр бара ишттачу цхьаьнакхетарша.

– Ларор вуй хьо хьайн керлачу декхаршца? – елаелира Раиса.

– Хьожур ву со, – элира ас, дуьхьал вела а луш.

Цу тIехь барт тайра тхойшиннан. ТIаккха со балха дIатарвала Махачкала дIахьажийра.

Иштта нисвелира со Ахматова Раисиций, Мамакаев Мохьмадций, Боков Ахьмадций, Яндиев Джамалдиций цхьаьна балхахь. И мур сан дахарехь шатайпа маьIна лелийна а бу.

Вуьшта со а, Ахматова Раиса а девзаш долу-м дикка хан яра. Амма со Яздархойн союзе балха кхойкхур ву аьлла-м цкъа а дагадеана дацара суна. ТIаккха тийшира со вайн дахар дагахь йоцчу мурстех доьттина хиларх. Тхан болх эвсара дIа а бахара.

Яздархой кест-кеста цхьаьнакхетара шайн дешархошца предприятешкахь, организацешкахь, школашкахь, иштта лаккхарчу дешаран заведенешкахь, культурин учрежденешкахь.

И тайпа цхьаьнакхетарш вовшахтухуш суна гIо дора яздархоша шаьш а. Со цхьаъ-м ларор ву аьлла а ца хетара суна.

Цигахь болх беш волуш, яздархойн рогIерчу гуламехь правленин декъашхо а хаьржира со. Ткъа иза боккха тешам а, доккха жоьпалла а дара, хIунда аьлча, кест-кеста Москвахь СССР-н а, РСФСР-н а Яздархойн союзашкахь цхьацца гIуллакхаш листа дезаш нислора. Ткъа со массарел жимахверг хиларе терра, цига вохуьйтура. И командировкаш бахьанехь сан гергарлонаш тасаделира цигарчу дуккха а яздархошца. Ас тIедаьхьна гIуллакх цара сихха чекхдоккхура.

Тахана вайн литературехь дика къахьоьгуш схьабогIуш бу шен хенахь СССР-н Яздархойн союзе тIеоьцуш со орцах вийлина цхьамогIа яздархой. Церан цIерш ца йоху ас, цаьрца гIиллакх а лаьцна. Вуьшта, айхьа цхьанна дина дика дуьйцуш лелар товш а дац. Ас иза кхузахь хьахор а Ахматова Раиса бахьанехь ду. Цо Яздархойн союзе со балха вигна ца хиллехьара, сан кхечарна иштта аьттонаш бан йиш хир яцара.

Ахматова Раиса декъаза стаг яра. Цхьа кIант, Марат, бен, кхин доьзалан ирс ца гуш, бакъдуьнена дIаяхар нисделира цуьнан.

Иштта байт а ю цуьнан:

 

Хууш яц хIун хилла сайна:

Ницкъ кхачац йовза хьан къайле.

Я сан дог кIадделла техьа?

Я хьан дог шелделла техьа?

 

БIаьргаш чохь гергарло кхайкхош,

Лийцира вай вовшийн куьйгаш.

Дегаза хилла-те довзар,

Я хилла хьо харц дерг дуьйцуш?

 

Сайн хIусам шелъелла хета,

Декхна де хетало буьйса.

Хьо ца гуш сагатло. Кхета:

Безамо даг чохь кIеж туьйсу.

 

Дог паргIат лелачу хьуна

Хаац со сагатлуш лелар.

Хууш яц хIун хилла сайна:

Лалац-кха хьо сайца эгIар.

 

Вай лакхахь дийцинарг дац Ахматова Раисин доттагIий а, гергара нах а бацара бохург. Уьш-м, массеран санна, цуьнан а бара. Цуьнан шатайпанчу поэзин охIланаш а тIехь. Амма…

Веза-Воккхачу Дала цунах нана йинера. Ненал деза а, хьомсара а адам дац муьлххачунна а. «Ялсамани вайн нанойн когашкахь ю», –  аьлла ду дезачу хьадисехь. ТIаккха мел доккхачу декхарлахь хилар тIедужу вайна наношна хьалха?

Лаа ма дац вайн нохчийн Iедалехь, боьрша стаг вийча – цхьа цIий, зуда йийча – ши цIий оьцуш хилар.

Вайн нанойн доккхачу хьекъална а, собарна а, оьздачу гIиллакхна а тIехь лаьтташ ду адамийн дахар.

Наной хьахийнначура, дало лаьа Ахматова Раисин «Нене» стихотоворени тIера могIанаш а:

 

Цхьа сингаттам баьлча,

Хилча хазахетар,

ЙогIур ю хьо йолчу –

Ахь дIакхайкха со.

Со йоьлуш – хьо ела,

Елхахь – сан дог эца.

Ларъе къаьхьчу балех,

Хьехар суна деш.

Дахаран цу цIергахь

Тоъал со а яьгна,

ХIетте ю вайн дуьне

Хазахеташ со.

 

Ахматова Раисех сайн къамел дерзош, ала лаьа юха а цуьнан дешнашца:

 

Ахь бехке-м, и лиъча,

Малик а дийр ду,

Ткъа Iора –

 Тешнабехк

Биннарг бен ваккхац.

 

Ахматова Раисин дахар хедира 1992-чу шарахь. Веза-Воккхачу Дала декъалйойла иза йирзина меттиг!

Оьзда стаг яра  Раиса. Иштта, шен оьздангаллех ца юхуш, бакъдуьнена дIа а яхара.

ШАЙХИЕВ Iалвади

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: