(Нохчийн поэташа Даймахках, Нохчийчоьнах)
Мамакаев Мохьмад
Даймахке
Хьо муха буьйцур бу ас дашца?
Вайн безам Iалашбал дош ма дац.
Сайн безам ас дашца лиэлор бац;
Дош дижна, сан безам тарло бан.
ДIаалахь, дош мохуо дIахьур ду,
Кехат тIехь, макхделла, довр и ду.
ХIан-хIа, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен дIалур бац!
Нагахь, дог дIадижча, цуо шеца –
ДIаоьцу даимна безам а…
ХIан-хIа, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен дIалур бац!
***
Мамакаев Iарби
Даймохк
БIаьстенан Iаламо хаздо шу, ламанаш,
Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,
Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна
Там хилла, маьлхан де го суна ва тахна.
Йийначу кондарийн варшашца кхелина,
Сирлачу шовданийн хьесашца ерина,
Сан дагна сел езна Даймехкан аренаш,
Шул мерза хIун хир ду яхь йолчу дагна!
Ва хьоме Даймохк!
Хьан сирлачу некъашкахь
Уьншарахь дуьйна хьайн хиллачу декхаршлахь,
Дуьненан некъ гойтуш, халкъийн ирс кхолларна
Са яла дан дезарг хьехахьа ву тхуна.
Дуьххьара дуьненна дIадаккха бода-дохк
Ирсан некъ гайтина, ва нана – тхан Даймохк,
Шен нана санна, хьо
Марзонца безна верг
Зен вовр вац – теша со –
Декъала хуьлда хьо!
***
Дикаев Мохьмад
Сан Даймохк
Нанас берахь дуьйна
Суна хьо марзбина,
Хьоьга дагардуьйцуш,
Хийла ойла йина.
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Ахь кхиийна,
Ахь стаг вина,
Со новкъа велира.
Хьуна гена ваьлча,
Херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма
Суна хьо хетара,
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Малх бицбина,
Нур къагийна,
Суна хьо лепара.
ХIора йогIу кхане
Хьоьца йоккхур, бохуш,
Винчу махка кхача
Ас сатийсинера.
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Хьох къаьстина,
Дог диллина,
Iалург ца хиллера.
Нанас берахь дуьйна
Суна хьо марзбина,
Хьоьга дагардуьйцуш,
Хийла ойла йина.
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк.
Ахь кхиийна,
Ахь стаг вина
ВогIург декъалхилла.
***
Сатуев Хьусайн
Маьлхан Нохчийчоь
ХIей-ей! Стигла кхийдаш дешех лепа
вина ламанаш,
Ялта кхиош хIордах ловзу
шера аренаш.
Генахь хилча со,
Герга воьхуш со,
Герга веъча, сан ирс хуьлу
шера аренаш.
Маьлхан тIемаш хоьций йогIу
Нохчийн Iуьйренаш,
Ойла хазъеш, аьхна кхочу
сийна суьйренаш.
Даймохк хазбеш, дахар тадеш,
кхечи заманаш.
Ирсо яьхна эшарш лоькхуш,
дека ламанаш.
Генахь хилча со,
Герга воьхуш со,
Герга веъча, сан ирс хуьлий
дека ламанаш.
ХIе-ей! Зазца хьекъаш, бIаьсте хили,
Сийлахь Даймохк, хьо,
Ахь кхиийна ирсан цIа ду
маьлхан Нохчийчоь.
Генахь хилча со,
Герга воьхуш со.
Герга веъча, сан ирс хуьлу
маьлхан Нохчийчоь.
Гацаев СаьIид
***
Со-м хьан варий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан ярий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан деган шовкъ ярий,
Сан марзонан кеп ярий.
Iаьржа буьйса, сийна де,
– Ас и хIинца билгалдер, –
Яра даг чохь хьан йовхо,
ХIуъа хиларх, со Iехо.
Арахь йолу сийна буц –
И мел хаза синтем бу –
Гена новкъа дIавахарх,
Охьакхетта, со валарх.
Вита ахь со цкъачунна,
Ницкъ луш хьайна дечунна,
Ас буса а, дийнахь а
Сайн са хьайна дIалахь а.
ХIоккхул хазчу бIаьстенехь
Ахь со мерза хьаьстинехь,
Со вала а реза ву,
Къематехь а гIоза ву.
Со-м хьан варий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан ярий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан деган шовкъ ярий,
Сан марзонан кеп ярий…
***
Талхадов Хьамзат
Нохчийчоьне
Чим хилла хьо яьгна,
бохур ду бендоцчу наха,
Бохур ду, лакхене
ахь кеста боккхур бац ког.
Амма цкъа боьрзур бу
чевнаша хьан аьгна накха,
Буьйсанан беттасехь
доьлур ду юха хьан дог.
Хийламмо бохур ду:
«Нохчийчоь, хьо ю сан пана,
Хьан лазам ца лайна, –
Бохур ду, – воьду со дIа».
Хьо йитна тезетахь,
той дууш ца лела нана,
Со хьоьца соцур ву,
бIаьрхишца дохдеш хьан Iа.
ДоттагIийн бовха кхерч,
дайн иллеш ахь делла суна,
Хьо йоцург, Нохчийчоь,
бахам а ца хилла сан.
Сан ницкъ бац геналлехь,
наб йоцуш, сагатдан хьуна,
Нохчийчоь – сан эла,
со лай ву лакхаллин хьан.
***
Шамсудинов Бувайсар
Нохчийчоьне
Бертахь я бертаза доьжна дерг эгIаза,
ГIаттадай, эххар а, ца дуьтуш доьза дан,
Iалашдеш мецаниг, мисканиг толадай,
Малх санна къагадай, яхалахь декъала.
Юрт, урам, деса цIа доьзалах дузадай,
ХIора а хIусаман ага цкъа тахкадай,
Лаьттара, меттара хIора кIант валавай,
Зезагах тарлолахь, яхалахь декъала.
Хьо цIийца лезначийн чевнаш дIаерзаяй,
Диканца иэшначийн дегнаш цкъа Iабадай,
Доггаха елалой, хIоранна екхалой,
Къа доцуш, бехк боцуш яхалахь декъала.
Хьайн ирсах хьаьгна цкъа дахарах бевллачийн,
Хьайн цIийнах хьаьгна цкъа шайн синойх бевллачийн,
Беллачийн, баьгначийн, каш доцуш байначийн
Бисинчу доьзалшна яхалахь декъала.
Хилалахь декъала мискачу ярташна,
ЦIа доцуш, цIе йоцуш йоьхначу хIусмашна,
Чарташна, баьрзнашна, цхьалхачу наношна,
Дуьне кхин мел лаьтта яхалахь декъала…
***
Хатуев Iабдулхьамид
Даймохк
Лаьмнаш къагош,
ТIомадолу
Маьлхан нур,
Набарх ярташ
Самайовлу
ГIиттош кIур,
Хин татолаш
Орцан басахь
Иллех лоь,
Туьйранел а
Хаза ю хьо,
Нохчийчоь!
Хьан аренийн
Хелиг ду со,
Хьан аьрзунийн
Пиллаг ду со,
Хьан син хIордан
ТIадам бу со,
Ахь декъалвахь
Адам ву со!
Хьан лаамийн
ТIемаш хийла
Мерцина,
Хьан ойланийн
ГIаланаш мел
Херцийна,
Амма угIу
Дарц дIасецча,
ГIайгIа тоь
БIешерашкахь.
***
Сулейманова Зайнап
Сан са ду хьо, Нохчийчоь
Дашо малх бу
Сийлахь Даймохк.
Маьлхан зIаьнар –
Нохчийчоь!
Сийна хIорд бу
Сийлахь Даймохк!
Сирла шовда –
Нохчийчоь!
Тоьлла илли –
Хьуна, Даймохк!
Иллин могIа –
Нохчийчоь!
Турпал дада –
Сийлахь Даймохк!
Хьан майра кIант –
Нохчийчоь!
Эсал нана –
Сийлахь Даймохк!
Со – хьан йоI ю,
Нохчийчоь!
Дог дуьзна ахь,
Сийлахь Даймохк!
Сан са ду хьо,
Нохчийчоь!
Даим латта,
Сийлахь Даймохк
Маьрша яха,
Нохчийчоь!
№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо