ТIаьхье беркате хуьлда!

ТIекхечи латталелорхочунна даима а даккхийчу зерийн мур хилла  дIахIуттуш йолу бIаьсте. Буьззинчу барамехь шен бакъонашка йоьрзуш лаьтта  иза. Цуьнга хьаьжжина хIора дийнахь тIеттIа алсамдовлуш ду лаьтта тIехь дан деза гIуллакхаш, тIеттIа керла  бахамаш тIекхета аренашкахь хIинцале а белхаш болийначарна. Нуьцкъалчу технико  самайохуш лаьтта масех баттахь шайх дукхах йолчарна тIехь тийналла лаьттина аренаш. Готанаша гIуллакх дIадолийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна хаало жигаралла.cms-image-000006636

   Цунах кхета хала дац. Аренашлелорхошна хаьа шаьш тахана динчуьнга хьаьжжина гурахь чуэцначу беркатан гайтамаш хирг хилар. Цул совнаха, республикин куьйгалло доккхачу мехаллин декхар хьалха а хIоттийна царна – Малхбузерчу мехкаша вайна дуьхьал ялийначу санкцешна жоп луш, цигара чуузуш хиллачу цхьадолчу сурсатийн тайпанашна доза тохар бахьанехь,  вай арахоьцучу сурсатийн барам алсамбаккхарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш дар. Аьлча а, лаьттан сурсаташка долу регионан бахархойн хьашташ мелла а  дуьззина кхочушдарехьа болийна къийсам бIаьстенан юьххьехь дуьйна жигара дIабахьар.

Ткъа дан дезаш хьалха лаьттарг кIезиг дац – Нохчийчоьнан дийнна агропромышленни комплексехь хIокху бIаьста 101,7 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь дIаден дезаш ду буьртиган ялташ, хорбаз-пастанаш, хасстоьмаш, технически культураш: сула, мукх, кхоьаш, дуга, хьаьжкIаш, шекаран буракаш, маьлхахIуш, цхьана шеран а, дукха шерийн а бецаш, картолаш, соя. ДоггIучуьра билгалдаккха деза дIадаханчу шерашца юьстича, дIаден оьшу долчу оцу культурийн хIуца кхачояр а хаъал тоделла хилар.

Iаьнан чаккхе а, бIаьстенан юьхь а хьалхарчу шерашца юьстича дикка йовха еана хиларе терра лакхара ду белхийн боларш а. Дийнна схьаэцча уьш тоъалчу барамехь лакхара хилар гойту кху лахарчу терахьаша: 11-чу мартана долчу хьолаца агропромышленни комплексехь бIаьстенан культурийн хIу дIадийна 13,5 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь. Нагахь дIадаханчу шеран оццу хенаца дуьстича, кхузза гергга лакхара ду  тахана аренашлелорхойн белхан боларш. Бахамашкахь хIора дийнахь хIу дIадуьйш йолчу иттаннаш агрегатех  юьххьехь дуьйна лаккхарчу эвсараллица пайдаоьцуш хиларан тIаьхье лара йогIу иза.

Латта кхоччуш дохдалаза хилар бахьанехь, бакъе ма-хиллара, вайн регионехь сула дIаен йолорна тIера дIадоладо аренашкахь деш долу гIуллакхаш. Хьалхарчу деношкахь дуьйна оцу балха тIехь латталелорхойн жигаралла мел лакхара яра гойту хIокху терахьаша: йоццачу хенахь бахамлелоран тайп-тайпанчу хормашна юкъабогIуш болчу бахамашкахь  цхьайтта эзар гектар майданашка тесна сулин хIу, хIокху шарна цунна къастийнарг ерриге а ткъеитт эзар гектар йолуш. Ткъа цхьайолчу районашкахь-м билгалйинчух эханнал алсамчу майданашкахь дIадийна хIу.

Царах уггаре а хьалха билгалбаха богIу шайн декхарца хIинцале а ларийна болу соьлжахой. Кхузахь пачхьалкхан бахамаш а, фермерш а цхьабосса кхиамца ларийна хIу дIадеран балхаца – хьалхарчара 220 гектара тIе тесна хIу, ткъа шолгIачара 730 гектара тIе. Кхашкахь беш болчу белхийн боларш иштта лакхара ду шайна хIиттийна декхарш эханначул алссам кхочушдинчу ТIехьа-Мартан, Теркан, Невран, Соьлжан, Хьалха-Мартан, Шелковски районашкарчу аренашлелорхойн.

ХIокху бIаьста аренашкахь деш долчу гIуллакхийн боларш дикка лакхара хиларна тоьшалла до  ишттачу бакъдолчара а. ДIадаханчу шарца дуьстича кхузза гергга лакхара ду уьш: нагахь тахана сулин хIу дIадер билгалйинчу майданех кхоалгIачу декъа тIехь чекхдаккха ницкъ кхаьчнехь (30 027 гектарах 10 711 гектара тIехь),  2015-чу шеран 11-чу мартана долчу хьолаца  3 351 гектаре кхочуш бен бацара и гайтам.

КIезиг бац республикехь шайн лаамца сулин хIу дIадийна бахамаш а.  Терахьаша а, бакъдолчара а тешош гойту  оцу бахамашкахь бакъонца хIора дийнах, хIора сохьтах лаккхарчу эвсараллица пайдаэца гIерташ гIуллакх деш хилар. Боккха тидам латтабо   белхан дикаллина тIехь а.

Юкъа дукха хан ца юлуьйтуш, жимма тIаьхьо доладо республикехь мекхан хIу дер. Амма цуьнга хьаьжна доцуш, и болх агротехникин тоьллачу хенашкахь чекхбоккхург хиларх шеко ца кхоллайолуьйту бахамашкахь долуш долчу хьоло. Дийнна агропромышленни комплексах дерг аьлча, 11-чу мартана болчу хаамашца  цхьаъ ах эзар гектар гергга йолчу майданашкахь дIабийна мукх. Стохка хIокху хенахь хиллачуьнца дуьстича дикка лакхара бу и гайтамаш. Ткъа кху шарахь оцу гIуллакхана ерриге а билгалйинарш 11,6 эзар гектарал жимма алсам майданаш ю.

Цу тIехь а йоккха жигаралла гойту Соьлжан а, Шелковски а районашкахь. Нагахь хьалхарчохь регионан юьртан бахаман министерствона чубогIучу бахамашкахь билгалйинчу 386 гектарах 228 гектара тIехь хIу дIадийнехь, шолгIачохь и болх чекхбаккха герга бара латталелорхой 11-чу мартана долчу хьолаца.  Иштта билгалдаккха догIу, иза дан декхарийлахь а боццушехь, ТIехьа-Мартан районерчу  фермерийн бахамашкахь цхьа бIе гектара тIехь мукх дIабийна хилар. Невран районерчу пачхьалкхан бахамашкахь планаца хила езарг 51 гектар йолуш, хIинцале а 150 гектар майдана тесна мекхан хIу.

Вайн хьелашкахь кхоалгIа рагI кхочу горохана. Дийнна республикехь хIокху бIаьста 3 150 гектар майданаш дIалаца декхар ду оцу культуро. Шайна тIехь долчу доккхачу жоьпаллех кхетарца аренашлелорхоша гIуллакх деш хиларан билгало ю йоццачу хенахь и болх 1 010 гектара тIехь чекхбаьккхина хилар. Цунах ах, масала, Теркан районерчу пачхьалкхан бахамашна кхочу – шайна билгалйина хиллачу 500 гектар майданахь горохан хIу дер чекхдаьккхина цигарчу латталелорхоша. Иза дар тIедожийна а доццушехь 300 гектара тIехь горох кхиор ю  тIейогIучу аьхка Невран районерчу бахамашкахь. Кху шарахь хила езачу 300 гектарах 180 гектар майдана хIу дижна Грозненски районехь (къамел ду пачхьалкхан бахамех).

Республикехь уггаре а алссам тидам тIебохуьйтачарах культура ю шекаран буракаш. Уьш кхио лаам хилар гайтинчарна хIора шарахь маьхза кхачойо дIаден дезачу хIуца, минеральни удобренешца, ораматийн цамгаршца, сагалмташца къийсам латторан тайп-тайпанчу гIирсашца. Цуьнан тIаьхье лара йогIу мерзачу орамийн хьекъар хаддаза лакхадолуш хилар, гулйинчу аьргаллин барам тIеттIа алсамбалар. Иза кхин цкъа тIечIагIдира дIаяханчу гуьйрено а: бахамлелоран ерриге а хорманийн бахамашкахь  1,5 эзар гектарах хIоранна тIера юккъерчу барамехь гулдира 360 центнер орамаш. Цул дикка лакхара гайтамаш болуш берш а бара. Масала, жоьпаллина доза тоьхначу «Стандарт-С» юкъараллин аренашкахь 250 гектарах хIоранна тIера чуэцна шекаран аьргалла 682,4 центнере кхечира, «Марта» бахамехь – 540, «Агро-Ресурс» юкъараллехь – 472, фермеран Д.Д.Гучиговн бахамехь – 457 центнер. Республикехь ерриге а чуэцнарг 50 эзар тоннал алсам аьргалла яра.

И гайтамаш кху шарахь дикка лакхабаха Iалашо йолуш бу латталелорхой. Цкъа-делахь, буракаш кхиорна йиъ эзар гектар  майданаш  билгалйина. ШолгIа-делахь, дIадаханчу шарахь а санна, юьртабахаман ведомствос бахамашна маьхза минеральни удобренеш елла, дIаден тоьлла хIу къастийна. Кхиаме боьду некъ юьхьарлаьцна хиларан билгало ю хIокху беттан хьалхарчу деношкахь, масала, «Стандарт-С» юкъараллехь регионехь массарал а хьалха буракийн хIу дIаден долийна хилар. Кху шарна цигахь мерза орамаш кхио билгалйинчу 700 гектарах (дустархьама билгалдоккхур вай стохка цигахь царна къастийнарг 650 гектар хилла хилар) хьалхарчу 25 гектара тIехь и болх чекхбаьккхинера 11-чу мартана болчу хаамашца.   Царна тIаьххье буракийн хIу таса буьйлабелла   Гуьмсан районерчу «Кади-Юртовский», ТIехьа-Мартан районерчу «Катар-Юртовский» бахамийн латталелорхой а, цхьамогIа фермерийн бахамаш а.

– Кху шарахь буракаш кхион йолчу берриге а бахамашка дIакхачийна минеральни удобренеш а, тоьлла хIу а, – хаамбира регионан юьртан бахаман министерствехь. – Тоъалчу барамехь йолуш ю техника а. Вовшахтохаралла а, юьхь а ледара ю олийла дац. Цо таро хуьлуьйтур ю аьлла хета  ведомствон куьйгалло латталелорхошна хьалха хIоттийна декхар кхиамца кхочушдан – буракийн хIу дIадер йоццачу хенахь дуьззина чекхдаккха.

Шайн хан тIекхачаре хьуьйсуш бу хьаьжкIаш, маьлхахIуш, дуга, хастоьмаш, хорбаз-паста, картолаш кхиоран говзанчаш. ХIокху бIаьста хаъал алсамъяьхна оцу культурашна къастийна майданаш. Иштта, дуга кхио лерина 2 100 гектарал сов йолчу майданашкахь – стохкачул шозза гергга алсам. Масех эзар гектарана тIекхетта маьлхахIуш кхиорна билгалйинарш а.

Билгалдаккха хьакъ ду, аьлла хета цхьамогIа бахамашкахь, къаьсттина даьхнилелоран дакъа меттахIотторан новкъа хIиттинчохь, докъаран бух кхолларна хьакъ боллу тидам тIебахийта болийна хилар а. Къамел ду люцерна а, цхьана шеран бецаш а  кхиорах. Кху бIаьста дуьххьалдIа цхьана шеран бецашна къастийна 16,6 эзар гектар гергга латта. Цунах доккхах долу дакъа кхочу Невран а, Гуьмсан а, Шелковски а районашкарчу бахамашна. Нагахь хьалхарчохь 4 850 гектара тIехь бецаш кхио Iалашо хIоттийнехь  (пачхьалкхан бахамашкахь – 1 580, фермерша – 3 270 гектар), шолгIачохь билгалйинарг 3 050 гектар ю, пачхьалкхан бахамашна цунах 2 180 гектар а кхочуш. КхозлагIчохь 3 100 гектар гергга йолчу майданех 2 580 гектар фермерша шайна тIелаьцна. Шелковчанаша хьалхарчу иттаннаш гектараш тIе хIу а тесна. Оцу терахьаша тешош чIагIдо регионехь докъарийн бух кхолларна алссам тидам тIебахийта болийна хилар.

Дуьйцийла яц, тахана аренашкахь дикалла Iалашъеш дан долийначу гIуллакхаша доккха гIо дийр ду республикехь гулден долчу буьртиган ялтин, аренан а, хасбошмийн а сурсатийн юкъара барам алсамбаккхарна. Тешам боллуш ала мегар ду, цунах дика кхета латталелорхой. Цундела хIинццехь лоху цара оцу культурийн хьекъар лакхадаккха йолу таронаш а.

ХIокху бIаьста а, дийнна шарахь а хьалха лаьтта декхарш кхиамца кхочушдарна тIехьажийна вовшахтохараллин боккха болх дIахьо юьртан бахаман министерствос. ХIара бутт болабелчахьана,  хIора кIирнах  дIахьочу кхеташонашкахь ведомствон куьйгалло районашкарчу   говзанчийн а, бахамийн куьйгалхойн а тидам тIехьажабо аренашкахь белхаш дIахьочу хенахь новкъарло ян тарлуш дерг  дIадаккхарна, белхан дикалла лакхара хиларна кхачоян езаш хиларна, хIокху муьрехь цхьа а хIума кега-мерса лара мегарг цахиларна. Шеко йоцуш ду оцу дерригено а шен дика тIаьхьенаш лург хилар – агротехникан тоьллачу хенашкахь чекхдоккхур ду бIаьстенан культурийн хIу дIадер, аренашкахь тIеттIа жигарабоккхуш дIахьур бу церан хьекъар лакхадаккхарехьа болу къийсам.  

Л.МАГОМАЕВ

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: