Соьлжан районан Серноводскера къона яхархо Кагирова Хеда Нохчийчохь евзина ца Iаш, кхечу мехкашкахь а гIараяьлла шен зевнечу озаца. Цунна бахьана ду Хедас дуьненаюкъарчу тайп-тайпанчу конкурсашкахь дакъалацар а, толамаш бахар а.
Хедин дуьххьарлера хьехархо цуьнан ненанана хилла. Кхо шо кхаьччахьана дуьйна йоIе стихаш йоьшуьйтуш хилла цо. Ткъа йиш лакха шен ворхI шо кхаьчча йолаелла Хеда. ХIеттахь кхечира иза шен дахарехь дуьххьарлерчу фестивале а. Иза яра Ростовехь дIаяхьна ерригроссин «Салют, Победа» фестиваль. Цигахь I-чу даржан диплом даьккхира жимачу йо1а.
«Хедас «Катюша» йиш лекхира, зала чохь берш, хьала а гIевттина, куьйгаш детташ бара цунна», – дагалоьцу йоьIан кхиорхочо Мизаева Яхитас. Цо дийцарехь, дагахь а доцуш нисделира Хеда оцу фестивале кхачар. «Катюша» йиш лакха цига юьгуш кхин йоI хиллера. Аз дика делахь а, лаккхара ноташ лацалуш ца хилла цуьнга. Хьехархочун шеконаш гуш, «Ас лекхча хIун дар-те?! Суна сайн йиш хета иза!», – элира Хедас.
2012-чу шеран 26-чу декабрехь Эстонехь дIаяьхьначу «Полет синей птицы» ХХ-чу дуьненаюкъарчу фестивалехь дакъалоцуш Беларуссера, Латвера, Россера, кхечанхьара векалш бара. Россин цIарах цига яхана Кагирова Хеда а яра. Хьалхе дуьйна оцу фестивалехь дакъалецнарш а, дуьххьара баьхкинарш а бара цигахь. Дуьххьара дакъалоцучарна юкъахь яра вайн махкахо а. ХIетахь шийтта шо дара цуьнан. Жюрис лаккхара мах хадийра Хедин кхоллараллин. I-чу даржан диплом даьккхира цо цигахь. Таллинерчу концертийн залан сцени тIехь Х.Кагировас ши йиш лекхира: оьрсийн маттахь «Золушка» а, юха вайн къоман гIабали а йоьхна, фестивалан цIарца шен цIе цхьаьна йогIу нохчийн йиш а. И фестиваль хIора шарахь вовшахтуху къаьмнийн-культурийн юкъараллийн «Лира» союзо. Конкурс йолаялале ши сахьт хьалха берийн цIийнашкарчу а, дахаран хьелаш хала долчу доьзалашкарчу а берашна лерина Керлачу шеран концерт дIаяьхьира шахьаран коьртачу базалгехь, цигахь а дакъалецира Хедас.
2012-чу шеран март баттахь Москвахь дIаяьхьначу «Йиллина Европа» дуьненаюкъарчу фестивалехь а I-чу даржан диплом даьккхира Хедас. Билгалдаккха лаьа, оцу конкурсехь дакъалоцуш 2500 сов бер хилла хилар. Цигахь жюрин декъехь хиллачу Зенченко Натальяна (Таллинерчу «Диапазон» кхоллараллин марказан куьйгалхо) лиира Нохчийчуьра йоI «Полет синей птицы» фестивалехь ган а. Цу Iалашонца делира цо Хедина леррина совгIат – билгалъяьккхинчу фестивалехь дакъалаца бакъо луш долу сертификат.
Таллинерчу фестивалехь толам баьккхина цIа еанчул тIаьхьа, Кавказан къаьмнийн Артийски комитето кхайкхина, Нальчикехь дIаяьхьначу Кавказан къаьмнийн Артиадехь дакъалецира Кагирова Хедас. Цигахь а толам баьккхина, «Музыка» номинацин лауреат хиллачу йоIана «Дашо мидал» совгIат а, Сийлаллин диплом а кхачийра. 2013-чу шеран март баттахь Абхазехь Пицунда ахгIайре тIехь дIаяьхьначу йишлакхархойн дуьненаюкъарчу конкурсан Гран-при а, «Дашо аз» мидал а яьккхира Хедас.
Владикавказехь дIаяьхьначу «Россин Къилбан похIме бераш» дуьненаюкъарчу фестивалехь диплом а, мехала совгIат а кхачийра Хедина. Билгалдаккха деза, жимчохь дуьйна ша дакъа мел лоцучу конкурсашкахь, фестивалашкахь толаман меттигаш а, совгIаташ а доху йоIа. Иштта, царна юкъахь ду 2009-чу шарахь похIмечу берашна юкъахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу фестивалехь жигара дакъалацарна делла диплом, берийн кхоллараллин «БIаьстенан делакъажар» республикански фестивалан диплом (2-гIа меттиг, 2010-гIа шо), Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана А.-Хь.Кадыровна леринчу иллин «Даймехкан турпалхо», «Нана – дикаллин билгало», «Бекалахь, ненан мотт!», кхийолчу а республикански конкурсийн дипломаш.
ДIадаханчу шеран чаккхенгехь Москварчу Машаран а, бартан а цIийнехь шайн кхоллараллица а, хьуьнаршца а Кавказан дика цIе йоккхуьйтучу похIмечу берашна совгIаташ даларан цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цига кхайкхинера Кагирова Хеда а, цуьнан кхиорхо Мизаева Раиса а. Цаьршиммо а эшарш лекхира цигахь. Хедина ахчанца совг1ат дира. Ткъа Раисина Дуьненан Артийски комитетан дипломаца совгIат а дира, «Сий а, доьналла а хиларна» аьллачу Дашо орденан кавалеран Сийлаллин цIе а кхачийра. Билгалдаккха деза, Мизаева Раиса Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо хилар.
Карарчу хенахь Серноводскерчу №1 йолчу школин 7-чу классехь деккъа «пхеаннашна» доьшуш ю Кагирова Хеда. Дешарх мукъа йолу хан репетицешкахь йоккху цо, шен похIма кхиош. Кхоллараллин новкъахь ша баьхначу кхиамашка хьаьжжина доцуш, йоккхахилча лор хила лууш ю йоI. Цунах дерг замано гойтур ду. Юьртан а, районан а хьовха, ерриге республикин а дозалла лара мегар долуш, пох1ме йо1 ю Хеда. Лакхахь вай билгалдаьхнарш доцуш, кхин а дуккха а ду цуьнан тайп-тайпана совгIаташ. Цуьнан хIора а толам доккхачу хазахетарца тIелоцу гергарчара а, юьртахоша а. Иза цхьанхьара шен керлачу толамца цIа йогIуш, зезагашца, совгIаташца цунна дуьхьал боьлху уьш. Хазахета, Нохчийчохь цу тайпа похIме бераш кхуьуш. Дала тIаьхье беркате йойла-кх церан а, уьш кхиорехь къахьоьгучеран а!
А.МУСАЕВА