Ирча хан яра иза. Шело адамийн дегнех йоьллера. Дела воцург накъост воцуш, Iазапе лаьцна дара дерриге а нохчийн халкъ. Хаддаза тIедетташ герз дара. ХIора юьртана тIеерзийна лаьтташ яккхий тоьпаш яра. ХIаваэхула хьийзаш кеманаш дара. «Маршо» яккха арабевллачара оьрсашна дохкаделла ду шу, – бохуш, тIе герз деттара. Федеральни эскаран дукхахболчу векалша берриге а нохчий террористаш лоьрура, цундела цара а къинхетамз маьршачу адамашна тIехула яккхий тоьпаш еттара. Йохоза цхьа а юрт яцара.
Соьлжа-ГIала, 1943-чу шарахь Сталинград санна, да вийнарг а Iебар волуш охьааьтта яра. Вайнехан цхьа а керт яцара тезет хIоттаза. КIезиг бацара цхьаъ бен воцу кIант дIавоьллинарш. Царал а дукха бара шиъ, кхоъ кIант дIаваьлларш. Уггаре а хала дерг, лар йоцуш кIентий байначу нанойн бIаьра хьажар дара. Церан бIаьргаша чохь лац еллачу гIайгIано дегнаш делхадора. ХIоранна а хорша йоуьйтуш дара «зачистка» боху дош. Чохь, кертахь долчух ийзавалар дацара иза я даьлла хIума долуш кийра вота еттар а дацара. Кегийнах дIабуьгура «зачистка» я баьхкинчу федеральни эскаран векалша.
Дукха хьолахь и кеги нах тIепаза, лар йоцуш бовра. Ткъа церан наной дуьне ма-дду бIаьрза хьийзара шайн дIабигна кIентий лоьхуш. Хиллачух жоп луш цхьа а вацара. Мел доккха зулам махкахь динехь а, и жоп хьаьнга деха деза хууш стаг вацара. Ков, неI къевлина, ког хецна дIавижа ваьхьаш стаг вацара. Доцца аьлча, бохамийн Iин чохь дара декъаза нохчийн халкъ. Нохчи боху дош террорист, экстремист, бандит дешнашка дIанисдинера. Сингаттаман бодано хьулдинера вайн оьзда дай баьхна латта. Дегайовхонан серлонах хьаьгнера бахбеллачу тIамо гIелдина адамаш. Веза-Воккхачу Делан къинхетам орцахбелира 2000-чу шеран 12-чу июнехь. Россин Президента В.Путина шен Указаца Нохчийн Республикин Администрацин коьрте хIоттийра (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Хилла хила а там бу цу муьрехь Россин Президентан сацамна реза боцурш а. Амма, ша дIахIоттийна дукха хан ялале республикин Куьйгалхочо дуьнене дIакхайкхира: «Со тIом сацо веана вац, со тIом чекхбаккха веана ву!».
ХIора нохчичун дагах кхийтира бакъволчу къонахчо аьлла и дешнаш. Цара дегайовхонан зирх тесира, диканах хьаьгначу вайн махкахойн кийра. Халкъ Кадыров Ахьмад-Хьаьжех тийшира, цуьнан къамел къобалдира. ТIом хьаьхна, хIаллакьхуьлуш лаьттачу халкъах, махках дог лозуш мел верг цунна тIаьхьа хIоьттира. Синкхетам хьаьъна болу массо а стаг кхийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIамо Iадийна, гIелдина халкъ машаран новкъа даккха цхьа гечо карориг хиларх. Дукха нахаца цхьаьна веттавелира иза.
Дукха къамелаш дира. Дукха дагавийлира хьекъал долчу адамех. Малхбалехьа вуьйлуш, малхбузехьа вуьйлуш лийхира нохчийн халкъана юкъахь барт, нийсо, машар хинболу некъ. Уггаре а хьалха, Iехабелла зуламхошна юкъабахана, тIехь цIий доцу, цIаберза лууш болу кIентий, герз охьа а дуьллуьйтуш цIаберзийра цо.
Таханлера бераш халкъан кхане юй хууш массо а юьртахь школаш схьайиллира. ТIаккха цIаберзийра буьрсачу тIамо дуьненахула дIасабаржийна культурин белхахой. Цаьрца цхьаьна цIаберзийра тIамах бевдда бахана гIалгIайн махкахь четарша чохь цкъачунна хене бовлуш болу вайн махкахой. Мелла а адам цIадирзина аьлла хеттачу хенахь, къомах дагавелира: «Делла дIадовллалц тIом бо вай я кхечу къаьмнаша санна машаран некъ хоржу вай!?» – аьлла. Цхьана а кепара шеко йоцуш халкъана машаран некъ безара.
Халкъана Россих дIакъаста ца лаьара. Делахь а, нислора кхин къамелаш деш берш а, Россина реза боцурш а. Цундела кхоже диллира нохчийн къоман хиндерг. Нийса хир дацара, референдум цхьана дийнахь кечамаш а бина, кхаж а тесна дIаерзийра аьлча. Кхаа-беа баттахь тIетаьIIина кечамаш бира цунна. Эххар а, 2002-чу шеран 11-чу декабрехь Гуьмсехь нохчийн халкъан гулам дIабаьхьира. Нохчийн хIора гIалара, юьртара адамаш дара гуламе шайн лаам бовзийта гулделла. Цара массара а билгалдаьккхира шайна Россица хила лаар а, референдум дIаяхьа шаьш кийча хилар а. Бакъду, референдумана дуьхьал берш а мукъа Iаш ца хиллера.
Гуьмсехь хиллачу гуламо сацам тIеэцнийла шайна хиъча, референдум, цхьана а кепара шеко йоцуш, хир юйла хиъча, цара цкъа а адамашна гина йоцчу акхараллица талор дира 2002-чу 27-чу декабрехь Нохчийн Республикин Правительствон цIийнехь. И къиза зулам дар бахьанехь бIе гергга стаг кхелхира. Хала дара и иэшам лан. Халкъана, махкана дукхадезаш долу, кIорггера Iилма, гIиллакх-оьздангалла долу адамаш дара кхелхинарш. Къоман мостагIаша дина талор бахьанехь. ХIора стаг а дуьненан меха лоьруш долчу вайна зуламхоша динар Iаламат доккха зен дара. Амма, зуламхойн ницкъ ца кхечира машаран новкъадаьлла нохчийн халкъ къилбанах тило.
2003-чу шеран 23-чу мартехь, цхьаъ санна, дерриге а халкъ радаьлла дIаяьхьира референдум, тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци. Нохчийн халкъо дIаэлира дерриге а дуьнене ша машаран некъ хоржуш хилар а, Россица цхьаьна сирлачу кханен даха лаам болуш хилар а. Цундела нохчийн халкъо машарехьа яьккхина хьалхара гIулч лара хьакъ ду референдум дIаяьхьна, Конституци тIеэцна 2003-чу шеран март беттан 23-гIа де. Нийса хир дацара референдум йина, Конституци тIеэцначу шолгIачу дийнахь вайн махкахь машар дIахIоьттира аьлча. Иза хуьлийла а дацара. Иттех шарахь сов къацахетарийн карахь лаьттина, луьрачу тIеман багахь йолу Нохчийчоь цхьана дийнахь ирсан заза хецна дIагIур йоцийла массарна хаьара.
Делахь а, Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъал, доьналла, къонахалла бахьанехь нохчийн халкъо маьршачу дахарехьа и мехала гIулч яьккхира.
Тахана нохчийн халкъе кхаьчначу маьлхан нуьрах лепачу зовкхо тоьшалла до и гIулч Iаламат нийса хилла хиларна а, шен меттехь, шен хеннахь яьккхина иза хиларна а. Вайн дайша сатийсина маршо ю вайгахь тахана. Вешан мехкан дай ду вай. Дайша лийринчу исламан беркат хьерча вайх. Халкъана, махкана шен комаьрша тIам тIебиллина, де-буьйса ца лоьруш, хьанал къахьоьгуш мехкан да ву вайн. Референдумана адамаш арадовлуш дикане сатуьйсура массара а, теша лаьара тIом дIабериг хиларх а. Амма цхьанне а, ур-аттал гIенах а дага ца деанера итт шо далале Соьлжа-ГIала хазачу йоIал хазъелла дIахIуттур ю бохург. Иштта цIинъелла ерриге а маьлхан Нохчийчоь а.
2003-чу шеран март беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьначу референдуман а, цу дийнахь тIеэцначу Конституцин беркат ду ирсан зIаьнаршлахь серлабуьйлучу вайн Даймахках хьерчарг.
А. ДАЧАЕВА
№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо