Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Жамалдаев Шаида цхьаьнакхетар дIадаьхьира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца. Иза лерина дара Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна 13 шо кхочуш хиларна. Жамалдаевн лаамца, цхьаьнакхетар интервьюн кепехь дIадаьхьира.
– Шаид, республикин Конституци тIеэцарна лерина хилла йолу референдум цу халачу муьрехь дIаяхьар хIун дара?
– Республикин бахархой тIамо кIадбинера, гIелбинера. Совцо езаш теракташ а, «зачисткаш» а яра. Цул сов, мохк баьккхина лаьтташ йолу блок-посташ дIаяхар а, нах идор а, уьш тIепаза бар а дара юхатоха дезаш. И дерриге а дагалаьцна вара цу муьрехь Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хилла волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Амма иза Россин Федерацин Президента В.Путина хIоттийна вара оцу дарже. Ткъа цунна ша халкъо харжа лаьара. ТIеэцна Конституци яцара, Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь законаш дацара. Цул сов, республикин Iедалан цхьа а орган хила а йиш яцара Конституци ца хилча. Цо гойту вайн республикин Конституци цахиларо, вайн махкахь нохчийн Iедал дIахIоттон а, машар бан а дуьхьалонаш йина хилар. И бахьана долуш нисделира Конституци тIеэцарна лерина йолу референдум халачу а, чолхечу а муьрехь дIаяхьа езар.
– Маца дагадеана дара рефендум дIаяхьа езар?
– 2002-чу шеран ноябрехь 42 стагах лаьтташ йолчу тобано Нохчийн Республикехь Конституци тIеэцарна лерина рефендум дIаяхьарехь гIо-накъосталла де аьлла кехат яздинера Россин Федерацин Президенте В.Путине. В.Путина а, А-Хь.Кадыровс а къобалдира и беркате дIадолор. Кхузахь ала догIу, и кехат яздинчу тобанна юкъахь республикехь бевзаш болу дуккха а нах хилла хилар: Магомадов Лоьма, Абдурахманов Дукхуваха (Дала гечдойла цунна), ТаймасхановгIар Хьасейн а, Хьусейн а, Ласко Юрий, Осмаев Лом-Iела, Вагапов Муса, Умхаев Хьамзат, иштта кхиберш а.
2002-чу шеран декабрехь правительствон гIишлойн комплексан кертахь йина теракт референдум ца хилийта йина яра. Дуккха а зенаш дира оцу теракто, амма нохчийн халкъ машаран некъа тIера юха ца тохаделира. Харжамаш хилале масех бутт хьалха вовшахтуьйхира референдум дIаяхьаран Координационни Кхеташо.
Дуккха а «мостагIий» бара оцу харжамийн. Цара харжамашкахь дакъалаца нах маьрша бац а бехира, референдум ян хьалхе ду а бехира, ишттачу референдумехь тIеэцна Конституци ницкъ болуш хир яц а бехира.
Амма, нохчийн къоман лаам церан къамелел а, кхерамел а чIогIа бара. 2003-чу шеран 23-чу мартехь республикин бахархоша референдумехь жигара дакъа а лаьцна тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци. Конституцица нийса а догIуш Нохчийн Республика шен пачхьалкхалла Iалаш а еш, Россин Федерацина юкъаяхара. Нохчийн халкъо цу муьрехь яьккхина гIулч майра хилла ца Iаш, нийса а яра.
– ХIун маьIна лелийна вайн къоман а, мехкан а дахарехь оцу референдумо?
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олуш дара: «Мехкан хIора а вахархочун шен паспорт ду, цундела хIора субъектан а ду шен паспорт хила дезаш», – олий.
Вайн таханлера пачхьалкхаллин бух бара ала а мегар ду и референдум. Референдум ца хиллехь, Конституци хир яцара, ткъа Конституци ца хилча, таханлера нохчийн халкъан пачхьалкхалла хир яцара. Иштта хета суна.
2004-чу шеран 9-чу майхь, теракт яр бахьана долуш, кхалхар нисделира вайн республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Амма, цо дIаболийна хиллачу машаран некъана вай муьтIахь хиларна таханлерчу маьршачу дахаре кхаьчна вай.
Нохчийн Республика тахана денна а кхуьуш йогIуш ю. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана терго а еш, дуккха а кхиамаш хилла вайн махкахь. Кхин дан дезаш а, дан дага лаьцна а дуккха а ду. Амма, вайна, къаьсттина кегийрхошна, хаа дезаш ду вайн халкъо хIун мах белла яьккхина таханлера маршо.
Цуьнга вай кхойкху, вайн мехкан дуьхьа шайн синош дIаделла болучу къонахаша. Тахана вайца бац уьш, амма вай гуттар а иэсехь латтор ю церан цIерш.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: Жамалдаев Шаид
№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо