Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама Россин Федерацин кхерамазаллин Советан секретаран гIоьнчица Павлов Алексейца цхьаьна дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь кхерамазаллин гIуллакхашкахула VII-гIа дуьненаюкъара цхьаьнакхетар вовшахтохаран штабан кхеташо.
Кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретара Усмаев Вахьида, Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Тагиев Мурата, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, иштта кхечу официальни наха.
Секторшна тIечIагIбинчу наха хаийтира дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетарна кечамбар билгалйинчу хенашкахь дIадоьдуш хилар. ХьалхахIиттийна декхарш буьззинчу барамехь кхочушдеш ду. Кхеташонан дакъалацархоша билгалдоккхура оцу кепара маьIне дуьненаюкъара гIуллакх Нохчийн Республикехь кхул хьалха цкъа а вовшахтоьхна цахилар.
И.Кадыровс хаийтира, кхерамазаллица доьзначу гIуллакхашна тIехь куьйгалла дечу пачхьалкхан гIуллакххойн дуьненаюкъара цхьаьнакхетар лаккхарчу вовшахтохараллин тIегIан тIехь дIагIуриг хиларх ша тешна хилар а, и иштта хилийтарна дан оьшург дерриге а деш хилар а.
«Тхуна йоккха сийлалла ю иштта маьIне дуьненаюкъара форум тхаьш долчохь дIаяхьар. Тешна ву цунна кечамбар, хила ма-деззара, цхьа а эшам боцуш, чекхдериг хиларх», – элира И.Кадыровс штабан кхеташо ерзош.
Хь.ДОВКАЕВ
№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо