Схьайиллина искусствийн школа

Масех де хьалха схьайиллина Соьлжа-ГIалин мэрин культурин Департаментан искусствийн №1 йолу коьрта школа.

Иза схьайоьллуче кхайкхинчарна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Хь.Таймасханов, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Ш.Жамалдаев, Нохчийн Республикин культурин министр Х-Б.Дааев, Соьлжа-ГIалин мэр М.Хучиев, Соьлжа-ГIалин куьйгалхо I.Динаев, Ленински кIоштан къеда I.Тайсумов, кхиберш.

       Шен къамелехь Соьлжа-ГIалин мэра М.Хучиевс билгалдаьккхира вайн махкахь берриге а кхиамаш Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Р.Кадыров бахьанехь хуьлуш хилар. «Вай тешна хир ду хIокху школо дуккха а цIеяххана бевзаш болу культурин а, искусствийн а деятельш кхиориг хиларх», – элира цо.

Школа схьайоьллуш цIен аса хадийра М.Хучиевс а, Х-Б.Дааевс. Цул тIаьхьа школин берийн хоро Нохчийн Республикин гимн элира. Лараме хьеший школин кабинеташка хьовсуш чекхбевлира.

Шена тхоьца хиллачу къамелехь школин директора М. Сулеймановас элира: «Тхан  школо хIинццалц  шен чоьнаш йоцуш, халачу хьелашкахь болх бира,  амма хIинца тхуна  керла хIусам елла. Кху чохь кхоччуш дика ремонт йина, техникин керла гIирсаш, музыкальни инструменташ эцна.  Цундела хIинца тхуна хала хир дац тхайн болх бан.

Шина сменехь 7 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш йолу 200 сов дешархо хир   ву кхузахь доьшуш.

Схьайиллина 5 отделени. Уьш:

вокал, хореографи, дечиг-пондар, шедаг (флейта) лакха Iаморан, суьрташ дахка Iаморан отделенеш.

Дешархошна  хьоьхуш 22 хьехархо ву, царах шиъ Нохчийн Республикин халкъан артист ву. Тхуна доккха гIо-накъосталла хилира хIара школа схьаелла кечамаш беш Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан  керлачу куьйгалхочуьнгара  Амаева Мадинера.

Дела реза хуьлда кху школехь хIара дика хьелаш тхуна кхоьллинчу вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна»!

Р.ИБРАГИМОВ

 

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: