Дуьззина схьаэцча, Шемахь ларбеш бу машар баран а, герзаш кхийсар сацоран а хьокъехь бина барт. Делахь а мехкан цхьадолчу дакъошкахь герзаш кхийсина меттигаш хааелла.
***
Шеман Iедалан эскарша кхиамца дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех мохк цIанбаран Iалашонца Пальмирехь а, Идлибехь а тIемаш бар.
***
Россин эскарш Шемара арадохуш делахь а цигахь юьсуш ю «Панцир – С» а, С – 400 а ракетийн комплексаш.
***
Селхана Брюсселехь шен болх дIаболийна Евросоюзан рогIерчу саммито. Цигахь дакъалоцуш йолчу Европерчу пачхьалкхийн векалша дийцаре деш ду мигранташца доьзна кхолладелла хьал.
***
Францин Президента Ф.Олланда а, Германин Канцлера А.Меркела а дIахьедина Россина дуьхьал йина санкцеш «Минск – 2» бартаца билгалдина гIуллакхаш чекхдаьхначул тIаьхьа бен дIайохур яц аьлла.
***
Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран эвсаралла лакхаяккхаран Iалашонца дозанал арахьара эксперташ кхайкха дагахь бу Эрмалойчоьнан куьйгалхой.
***
Кхана Таджикистанехь дIахьур ю Конституци тIехь хийцамаш барна лерина йолу референдум.
***
Украинин Iедалан эскарша бIаьсте йоллушехь юха а дIадолийна Донецке даккхий герзаш деттар. ТIаьхьарчу деношкахь цара герзаш деттар бахьанехь масех маьршачу стагана чевнаш хилла, цIенош дохийна.
***
Россин Президента В.Путина пачхьалкхан совгIаташ дира Шемахь дIаяьхьначу тIеман операцешкахь дакъалаьцначу 17 бIаьхочунна.
***
Мехкан Кхерамазаллин Советан декъашхошца дIаяьхьначу кхеташонехь Россин Президента В.Путина дийцира Шемахь а, ГIирмехь а долчу хьолах лаьцна.
***
Россин Министрийн Кабинетан кхеташонехь чIагIйина космос 2016–2025-чуй шерашкахь кхиоран федеральни программа.
***
Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров цхьаьнакхийтира Катаран МИД-н куьйгалхочуьнца. Цара дийцаре дира дуьненахь мехкадаьттанан мехаш лахбаларца доьзна гIуллакхаш.
№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо