Р.Кадыров: «Дерриге а дуьне тешна Россис дуьненаюкъарчу террористашна дуьхьал бен къийсам дIахьош цахиларх»

Россис Шемара хьал маьршачу некъа тIе дерзийна хилар, билгалдаьккхира соцсеташкахь  йолчу шен агIонашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.23

«Россин кеманаш Шемара цIадерзийна. Россин Федерацин Президентан омрица арадаха долийна эскаран дакъош а. Россин ВКС-на хьалха хIиттийна декхарш а, Iалашонаш а кхочушйина. Дерриге а дуьне  тешна Росси дуьненаюкъарчу террористашна бен дуьхьало еш хилла цахиларх. Iамаркан куьйгаллица цхьана а пачхьалкхе масех шарахь  ца даделларг дина Россин ВКС-ша эхашарахь. Iамарко а, цуьнан «накъосташа» а йохийна ОвгIан, Ливи, Ирак, хIаллакбина церан куьйгалхой. Ткъа Россис Шемара хьал маьршачу некъа тIе дерзийна», – аьлла яздина Р.Кадыровс.

Иштта цо яздина Шемара хьал маьршачу некъе дерзорехь Россис баьхна болу кхиамаш Малхбузенан бакъбан безна хиларх лаьцна а.

«Малхбузено Росси Шемахь дукха Iийр ю, цуьнга цигара хьал хийцалур дац  бехира. Амма тахана Iамарк а ца йолу, Россис Шемара хьал маьршачу некъе дерзорехь бина тIеIаткъам къобал ца бича. Малхбузенна а, США-на а хууш а доцуш даханера Шема вайн эскарийн дакъош. Россин Федерацин Президента Путин Владимира гайтира, цхьаьнгга а ца хьоьжуш, дуьненан муьлххачу а маьIIехь шен Iалашонаш кхочушъян Росси ницкъ кхочуш хилар. Иштта коьртачарах лара мегар ду, вайн эскарийн дакъош цхьа а эшам боцуш цIадоьрзуш хилар а. Бакъду, Хонкаро дохийначу вайн  кеманах, цуьнан жоп дала дезар ду», –  дерзийра Кадыровс шен  къамел.

И.ХАСАНОВ

№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: