Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Конституцин де даздарна кечамбаран а, иза даздаран а гIуллакхаш вовшахтохаран комитетан рогIерчу кхеташонехь. Иза Парламентехь хилира. Цигахь дакъалоцуш вара иштта Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, кхиболу официальни нах.
Кхеташонан юьххьехь Кадыров Рамзана гулбеллачеран тидам тIебахийтира Конституци тIеэцначу дийнан мехаллина. Цо аьлла ма-хиллара, Нохчийчоьнан Коьрта закон тIеэцна де – 23-гIа март – нохчийн халкъан дахарехь Iаламат доккха маьIна лелош ду, цуьнан кхоллам къастийна а ду. Республика шо-шаре даларца кхуьуш, хазлуш хиларо тоьшалла до референдум дIаяхьаран хьокъехь бина сацам нийса хилла хиларна, и цхьаъ боцург кхин нийса некъ хилла цахиларна.
«Цхьа а шеко яц 2003-чу шеран 23-гIа март нохчийн халкъана исторически а, цуьнан кхоллам къастийна а де хиларан. Оцу дийнахь республикин бахархоша машаре а, ирсечу дахаре а боьду некъ хаьржира. Вай кхиамашкахьа вуно йоккха гIулч яьккхина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боьттина ондда бух бахьанехь. И бух бу дерриге а халкъан референдумехь тIеэцна Нохчийн Республикин Конституци. Тахана вай хIора дийно тешадо Ахьмад-Хьаьжас билгалбинарг беккъа цхьаъ бен боцу нийса некъ хилла хиларх. Иза нохчийн къам хIаллакьхиларх кIелхьарадаккхаран некъ бара», – элира Кадыров Рамзана.
Цо дагадаийтира референдум Iаламат чолхечу хьелашкахь дIаяьхьна хилар. Террористаша туьйсучу кхерамашка хьаьжна ца Iаш, къепазалло, кегарийно, чIана даьллачу дахаро хIиттийна болчу республикерчу бахархоша, Кадыров Рамзана ма-аллара, доггаха гIолецира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолоран, цо арабаьккхинчу некъан. Цара, бертахь ара а бевлла, кхаж тесира Россина юкъахь хиларехьа, маьршачу дахарехьа.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо шен къамел дерзош билгалдаьккхира тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна шен истори йовза езаш хилар, нохчийн халкъана хIара де мел мехала ду хаа дезаш хилар.
Дийцаре деш долчу гIуллакхах лаьцна дийцира Парламентан спикера Даудов Мохьмада. Цо хаийтира Конституци тIеэцна 13 шо кхачарна лерина даздарш дIадахьарна дика кечамаш беш хиларх лаьцна. «Ахь тIедилларца вовшахтоьхна йолчу вовшахтохараллин комитетана юкъахь бу правительствон декъашхой, районийн, гIаланийн администрацийн куьйгалхой, Парламентан депутаташ, кхиберш. Царах хIоранна а тIедиллина билггал декхар ду. Шайна тIедехкина декхарш цара хьанал кхочуш а до», – бохура М.Даудовс.
Цо дийцарехь, цуьнца цхьаьна хIора дийнахь цхьаьнакхетарш дIахьо вайн кегийрхошца. Царна дуьйцу референдумо нохчийн халкъан дахарехь лелийначу маьIнех лаьцна, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къам цхьаьнатохарехь, цуьнан барт барехь, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь лелийначу доккхачу маьIнех лаьцна. «Халкъан дахар ирсе хилийтаран дуьхьа шен са дIаделла Ахьмад-Хьаьжас. ТIекхуьучу тIаьхьенна и дерриге а хаа деза, дагахь латто деза. Къоначара хама бан беза нохчийн махкахь машар, синтем, токхо хилийтарехьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас мел диначун», – элира М.Даудовс.
Цу тIехь кхеташоно шен болх берзийра.
Д.АНАДЕВ
№31, шот, бекарг (март) беттан 19-гIа де, 2016 шо