Дешаран керланаш

Билгалдина Нохчийн меттан денна лерина гIуллакхаш

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгалло чIагIйинаНохчийн меттан денна лерина дан дезачу гIуллакхийн план.

Дешаран организацешкахь тIедогIучу дезачу денна лерина «Нохчийн меттан кIира» дийр ду, цигахь нохчийн маттана лерина сочиненеш  язйийр ю, пенагазеташ а кечдийр ду. Иштта, республикехь хоржур ю нохчийн меттан тоьлла  кабинет а, школин библиотекин гайтам а.

Цул  сов, апрель баттахь дешархошна юкъахь дIахьур ю нохчийн маттана лерина республикин олимпиада. Цигахь нохчийн меттан орфографин а, пунктуацин а хаарш къовсур ду Нохчийн Республикин школийн дешархоша.

Нохчийчуьра дешархо – Ерригроссин олимпиадин толамхо

 мата  Соьлжа-ГIалин №37 йолчу школин 7-чу классан дешархо Абдулханова Мата Ерригроссин предметни VI-чу олимпиадехь географин декъехула толамхо хилла. Олимпиадин цIе «Sapienti sat» яра. Вайн маттахь аьлча «Iилманчийн кхеташо». И тайпа олимпиада дуьххьара еш яц Россехь. ПохIма долчу дешархошна гIо даран туш ю олимпиада хIора шарахь вовшахтухург.  Россин 1–11-чуй классийн масех эзар дешархочо дакъалоцу цигахь.

Абдулханова Матас баьккхина толам шозза юьхькIам беш бу. Цкъа делахь, географин предметехула хьалхара меттиг а яьккхина, шолгIа делахь, 100 балл  яккха езачохь, и ерриг 100 балл а йоккхуш, 20 тIедиллар кхиамца кхочушйира цо. Иштта хьуьнар долу дешархо доккха дозалла ду йоьIан географин хьехархочунна Медаева Розина. «Мата чIогIа тийна, эсала йоI ю. ПохIма долуш а ю иза. ЧIогIа хаза кхаъ кхаьчна тхоьга цо олимпиадехь толам баккхаран хьокъехь. Ишттачу жоьпаллин олимпиадехь вайн кхечу дешархоша а лаьцна дакъа. Дика кхиамаш а хуьлура церан.

Даггара хазахета  вайн бераш нехачарал тIаьхьа ца дуьсуш, Россин кхечу гIаланийн школашкара баьхкинчу дешархошца шайн хаарш къовса кийча хилар, – элира Р.Медаевас.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Абдулханова Мата

 

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо    

.        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: