Нохчийн дипломата студенташна лекци йийшира

Дукха хан йоццуш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь студенташца цхьаьнакхетар хилира Россин дипломатийн ассоциацин Председателан заместителан, филологин Iилманийн кандидатан Мальсагов Баширан. Иза лерина дара кегийрхой кхетош-кхиорна, Къилбаседа Кавказехь кегийрхошна юкъахь терроризман идеологи яржорна дуьхьало ярна, иштта Герггарчу Малхбалерчу къаьмнийн культура а, истори а йовзийтарна.IMG_1090

Мальсагов Башира кегийрхошна йийшира «ИГИЛ: идеологи, структура, финансировани яран хьоста» аьллачу темина лекци.

Шен къамелехь цо дийцира террористически организацеш кхоллаяларх  а, бусалба нах шина декъе  (сунниташка а, шииташка а) бекъабаларан историх а лаьцна. Иштта дипломата билгалдаьккхира, ДАИШ огранизаци Иракехь кхоллаяла йолаелла хиларх. И организаци хьалха хиллачу кегийчу «джихадистски» тобанех кхоллаелла хилар а хаийтира цо.

Студенташна дуккха а керланиг а, пайдехь дерг а девзира. Кегийрхоша  дипломате делла цхьа а хаттар жоп доцуш ца дисира.

З.ЛЕЧИЕВА

Суьрта тIехь: студенташца цхьаьнакхетар

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: