Тхан рузма

23 март, 1939 шо. ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь вина Давлетмирзаев IабдулмутIелип, актер, Россин Федерацин халкъан артист, Россин Федерацин Пачхьалкхан совгIатан лауреат. Дешна театран, музыкин, кинематографин Ленинградерчу институтехь. 1962-чу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драмтеатрехь ву.

40 шарал тIехъиккхинчу актеран дахарехь Давлетмирзаев IабдулмутIелипа нохчийн театран сцени тIехь кхоьллина 100 сов васт: Лоренцо («Ромео а, Джульетта а» У.Шекспир), Печорин («Бэла», М.Лермонтов), Бож-Iела («Бож-Iела», I.Хамидов), Леонардо («ЦIий Iанийна ловзар», Г.Лорка), Фердинанд («Ямартло а, безам а», Шиллер), Сталин («44-чу шеран августехь», А.Гельман), Шемал («Маршо я Iожалла», М.Солцаев), ГIойтамир («БIешерийн бодашкара», И.Базоркин), иштта кхин а.

Билггал, воккха актер ву Давлетмирзаев IабдулмутIелип, Россехь уггаре бевзаш болчу актерашца (аьр вай, И.Смоктуновский, И.Лавров, М.Ульянов…) цхьана могIаре хIотто хьакъ волуш.

Нохчийн театран уггаре гоьбевллачу актерех цхьаъ ву Давлетмирзаев IабдулмутIелип.

 

   24 март, 1948 шо. Казахстанан  Джамбульски  областан  Чокпар  гIалахь вина Паскачев Асламбек, экономикин  Iилманийн доктор,  Нохчийн Республикин Iилманийн  академин   декъашхо-корреспондент. Дешна  Ростоверчу халкъан   бахаман  институтехь  (РИНХ), СССР-н Министрийн  Советехь   хиллачу  халкъан   бахаман   Академехь. Белхаш бина  Нохч-ГIалгIайн  АССР-н   Госпланехь  (лакхара  экономист,  председателан   хьалхара   заместитель), «Чеченингушплодовощхоз»  АПО-хь (отделан   куьйгалхо,  генеральни   директоран заместитель),  КПСС-н  Шеларчу  райкомехь (хьалхара  секретарь), РФ-н  Правительствехь  йолчу  халкъан  бахаман   Академехь  (кафедрин   профессор), иштта  кхечу  меттигашкахь. 1997-чу  шарахь  дуьйна   РФ-н  налогийн  органашкахь  болх  беш ву   (коьртачу   аппаратехь жоьпаллин  даржашкахь).

100 сов  Iилманан  белхан автор ву А.Паскачев. Царна  юкъахь  ю масех  монографи а («Трудовые  ресурсы Чечено-Ингушской  Республики», «Экономические  и методологические проблемы вхождения   в рынок. Чечня  и Ингушетия»,  «Налоговый   потенциал  экономики России»,  иштта  кхин а).

Жигара  дакъалоцу  Россин  а,  Нохчийн  Республикин а  юкъараллин-политикин  дахарехь.

 

  28 март, 1937 шо. Хьалха-Мартан районерчу Шалажехь вина Магомадов Леча, пачхьалкхан, юкъараллин  гIуллакххо. Дешна  Соьлжа-ГIаларчу  мехкадаьттан  институтехь. Къинхьегаман  некъ  дIаболийна  1964-чу шарахь  СССР-н «Минмонтажспецстройн» №3 йолчу  урхаллехь  мастер  волуш. Цул тIаьхьа белхаш бо  оцу  урхаллин  коьрта  механик, гIишлошъяран белхахойн профсоюзан  обкоман  председатель, Соьлжа-ГIалин горисполкоман  председателан хьалхара  заместитель. КПСС-н Нохч-ГIалгIайн  обкоман  шолгIа секретарь, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн  Советехь  йолчу пачхьалкхан  махлелоран  комитетан  председатель волуш.

СССР-н халкъан депутат хилла, дукхазза  Нохч-ГIалгIайн АССР-н, Россин Лакхарчу Советийн  депутат  хаьржина. 1995-чу шарахь  нохчийн къоман цхьабартхиларан Комитетан  куьйгалхо  хIоьттира  Леча, 2000-чу шеран май баттахь  цо  вовшахтуьйхира  «Цхьаалла» («Единство») партин  региональни отделени (хIинца – «Единая Россия»). Шен дерриге а дахарехь  Нохчийчоьнна, нохчийн къомана  пайдехь хила гIерташ  чекхваьлла Нохчийн Республикин сийлаллин гражданин  волу  Магомадов Леча. Кхалхар  хилла 2005-чу шарахь ХьаьжцIа  ваханчохь.

 

   29 март, 1938 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Тимаев Апти (Ваха), филологин  Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик. 1962-чу шарахь  тIехдика   дешарца   чекхйоккху  Нохч-ГIалгIайн   пачхьалкхан   хьехархойн   институтан  филологин   факультетан   къоман  отделени. Дешна  ваьлча, институтехь   балхахь   вуьту хинволу   Iилманча. ХIетахь  дуьйна    цуьнан  дахар Нохчийн  пачхьалкхан   университетаца   дозаделла   ду.

1994-чу  шарахь  Магдебургехь  хиллачу   Кавказоведийн   дуьненаюкъарчу  Iилманан  конференцехь  Кавказоведийн   Европейски   юкъараллин   декъашхо   хоржу. 1998-чу  шарахь  Чикобава  Арнольдан   цIарахчу   дуьненаюкъарчу  совгIатан  лауреат   хуьлу.

Iилманан  100 сов  белхан   автор  ву  В.Тимаев, шайна юкъахь «ХIинцалера   Нохчийн   мотт»  студенташна   лерина   учебник  а, «Категория   грамматических   классов   в нахских  языках» монографи а   йолуш.

Нохч-ГIалгIайн  АССР-н  Iилманан хьакъволу   деятель  (1984 шо), «Нохчийн  Республикин  дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат а дина Iилманчина.

 

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: