Къинхетамна хьайн дог ма кхоаде

Вайна  кху суьрта тӀехь гуш дерг генарчу Бразилехь хилла.  ТӀеюьйхина тиша, беркъа бедар а йолуш, когаш Ӏуьйра йогӀу миска йоӀ гича, цунах къа а хетта, шен когара мачаш цунна дӀалуш ву воккха стаг.  Шен оццул терго йича, йоӀ, хазахетта, йоьлхуш ю.  Цу стага луш ерш еза мачаш  яц (вай царах «вьетнамкаш» а, «сланцаш» а олу), амма цо уьш шен когара схьаяьхна луш ю – иза ду коьртаниг. «Кхин хьуна дан доккха гӀо дац сан, хӀара мачаш дӀаэцахьа»,  – боху хир ду воккхачу стага. Ша кога юха хӀума йоцуш висарх гӀайгӀа ца бо къаночо, таро а йоцуш, схьагарехь, дола дан кхин стаг а воцуш, ша цхьаъ йисинчу йоӀана гӀо дан лаьа цунна.gMUItwBkkkA

Шен  духаре а, кога юьйхинчу мачашка а хьаьжча, воккха стаг а йоккха таро йолуш волчух тера дац. Схьагарехь, цунна дика девза  мискачу нехан дахар, царна юкъахь ша вехаш хиларна а, денна уьш шена гуш хиларна а. Цуьнан къинхетамах дуьзна а, экама а дог ду. Иштта ца хилча, и миска йоӀ цо тергал а йийр яцара, шена иза ца гуш санна, тӀех а ваьлла, дӀагӀур вара. Амма Далла дукхавезаш стаг ву иза, хӀунда аьлча  цуьнца адамалла а, комаьршалла а, адамех дог лазар а ду.

Вешан дахарехь ойла йой те вай уллорчу адамех лаьцна? Уьш муха беха, цаьргахь хӀун халонаш ю, царна вайн гӀо оьший те аьлла, дагадогӀий те вайна? Мискачу  стагана орцахвалар, ницкъ кхочучу барамехь цунна гӀодар вайна тӀехь ма ду, муьлххачу къомах а, муьлххачу динехь а, милла а  иза велахь а. Иза вайн, бусалбанийн, ткъа ма-дарра аьлча, адамийн декхар ду. Муьлххачу гӀо дан хьакъволчу стагана накъосталла дар Дала а тӀедиллина вайна, хӀунда аьлча къаьмнашца, чкъуран басца, хьал-таро хиларца ца къестадо вай Хастам Хиларо.  Дерриге а адамаш, Цо кхоьллина, Цуьнан лайш ду.

Вайга вовшашца къинхетаме хила боху Дала. Къинхетам болчохь деган лазам а, гӀо дан лаар а, комаьршалла а хир ю. И дерриге а вайца хилча, вай Делан новкъахь а, Цо бохург деш а ду, Цунна а, нахана а хьалха  сийлахь а ду. Ткъа Сийлахьниг резаварал деза хӀума стагана дан а дац.

М. Арсанукаев

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: