Тамашийна къам ду вай, даима нехачух цец дийла Iемина. Вешан долчун, мел дика делахь а, хама бан а ца сихло. Вайна массарна дика бевза дуьненаюкъарчу литературин турпалхой, дог Iийжадо цара лайначу баланаша, гIайгIанаша, самукъадоккху церан кхиамаша, цара яьхначу лакхенаша. Нуьцкъала безам хьахийначохь иэсехь карла йовлу дукхабезачу турпалхойн цIерш. Ромео Джульетта, Тристан-Изольда, Меджун-Лейла… Хьал ца хуучунна моьттур ду нохчийн литературехь и тайпа турпалхой бан а бац. Вешан ойланийн эгIазалло нохчийн литература иштта къен-миска ю моттуьйту вайна. Иза аьттехьа дац. Цунна къегина тоьшалла ду нохчийн яздархочун Курумова Селимин кхолларалла. Кху шарахь бIе шо кхочур дара Селимин. Шовзткъа шо сов зама ю иза вайца йоцу. Амма вайца яха йисина Курумова Селимин исбаьхьа кхолларалла. Йоккха яц цуьнан литературин тIаьхье. Яздархо дийна йолуш цуьнан зорбане яьлларг цхьа книга яра, «Дохк» цIе йолуш. Делахь а, цхьа мисхал бен дацахь а, деши иза деши ду-кха! Иштта мехала ду вайна Селимин дийцарш, повесташ. Уьш цIеначу нохчийн маттахь язйина ю, вайнехан дахар довзарца, къоман оьзда гIиллакхаш хесторца. Басарш ца кхоош, башха куц хIоттош, яздо Курумовас Iаламах лаьцна. Шайн хазаллица дешархо йийсаре лоцуш ду яздархочун дустарш. Уьш бIаьрла тоьшаллаш ду Селимина нохчийн мотт а, мохк а бевзаш, безаш хиларна…
1914-чу шарахь, Соьлжа-ГIалахь оьрсийн паччахьан эскаран эпсаран доьзалехь йина Селима. Цуьнан нана Медни инарлин Орцин йоI хилла. ХIаъ, Чермоев Орцин йоI а, Чермоев Iабдул-Межедан йиша а (дукхахьолахь Тапа олуш хилла цунах). Хьоладайн кхерчара схьаяларе терра, Селимин аьтто хилла дешарца Iилманийн кIоргене кховда. Цо кхиамца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара школа. 1934-чу шарахь деша йоьду автодорожни техникуме. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьтта институте йоьду деша, тIаьхьо, 1937-чу шарахь, Москва-гIалахь йолчу автодорожни институте дехьа йолу Селима. Кхиамца и чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1944-гІа шо тIекхаччалц Москвахь болх бо. Цигахь тосало Селимина вайнах лаамаза махках баха кечбеш хилар. Иза сихха цIа йогIу Нохчийчу, доцу бахьана хIоттадой. Амма тIаьхьа йисина хуьлу. БIарзлой хьаьвза йоI. Цхьа а вевза-везарг вац, хьаьнга хIун хатта деза ца хаьа, гIараяла ца яьхьа. Эххар а Селимина дагадогIу гIумкийн къомах болчу шайн гергарчу нахе яха. Цара дуьйцу йоIана хилларг ма-дарра, хоуьйту Селимин ненашича волу Идрисов Шамсудди, тIам тIехь чевнаш хилла, Соьлжа-ГIаларчу госпиталехь Iуьллуш хилар а. Селима сихонца цунна тIекхача хьожу. Шамсуддица цхьана палати чохь Iуьллуш волу кхин цхьа нохчийн дархо, эпсар Куразов ГIани а вевза. Бакъду, гергарчарех хаьдда, саготта хьийза Селима, цхьа а гуш яцара. Цунна сихха шен верасашна тIекхача, новкъаяла лаьара. Амма Шамсуддис ишта новкъа ца ялийтира йоI, нохчийн гIиллакх-оьздангалла евзаш стаг ша хиларе терра. Шен тIеман накъосте Куразов ГIанига дIаелира Шамсуддис Селима, бусалба Iедалехь догIуш ма-хиллара, там-мах а бина. ТIаккха шайн гергарчарна тIекхача Iалашо йолуш, Казахстане даха новкъа делира Куразов ГIани а, цуьнан хIусамнана Селима а. ТIаьхьо йоI хир ю церан доьзалехь. И буьрса зама дагахь латтийта делахь а, я кхечу бахьница доьзна делахь а, «Зама» аьлла хаза цIе туьллур ю цу йоIана.
Йозанехь болх бан хьалхе йолаеллера Селима. Дешарца кIорггера уьйр-марзо йолуш хиларе терра, цунна дика евзара дуьненаюкъара а, оьрсийн а литература. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь йолаелла иза шен ойланаш кехатах тешо. Амма цу хенахь цхьа хIума а зорбане-м ца яьккхина Селимас. Хьахаделлачуьра аьлча, Селимин йиша Бата яра йозанехь къахьоьгуш. Дукхахьолахь шена дагах кхетта цхьацца байташ оьрсийн маттера, нохчийн матте йохура Батас. Пушкинан а, Лермонтовн а, Некрасовн а байташ вайн матте гочйина цо. И гочдарш тахана а тоьллачарех лоруш ду говзанчаша. ХIора могIанехь хаало гочдархочо болх Iаламат экама бина хилар, цунна поэзи евзаш хилар, нохчийн мотт кIорггера хууш хилар а. Доцца аьлча, шина йишин кхоллараллехь вайна билгал долу КурумовгIеран доьзалехь нохчийн мотт, мерабер санна, неIсагIехь сецош боцуш, безаш, бевзаш, баьрччехь кхобуш хилар. Бакъду, нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хаьара аьлла нисделла, тоделла хIума-м дацара кхеран. Дерриге а нохчийн къам санна, граждански бакъонех хадийна бара КурумовгIеран доьзал а. Зама яр-кха иза ишта буьрса. Делахь а, Селима къаръян ницкъ-м ца кхечира, дажалийн куьца бирзина хьийзачу цу зуламхойн. Аьтто баьллачу сохьтехь автотранспортан декъе балха дIахIоьттира Курумова. Дукха нахана гIо-накъосталла дина Селимас цу хенахь. КIезиг бац цо балха хIиттийнарш, деша бахийтинарш. Цхьана минотана а Даймахках дог диллина яцара Селима. Цунна хаьара мел еха буьйса а цкъа мацца дIайоьдий а, Iуьйренан малхо, зевнечу зIаьнаршца, бодано гIорийна адамийн дегнаш хьостийла а. Иза дика кхетара цкъа мацца декъаза нохчийн къам шен къоьжачу лаьмнашка цIадоьрзург хилар а, тIаккха, харцоно хьаьшна, тишдина дахар дIатодан вайна говзанчаш оьшург хиларх а. Цундела лаьара вайнехан кегийрхоша деша, керла говзаллаш цара караерзо, луларчу къамнел вай оьшуш ца хилийта. Яхь яра иза, бакъйолчу нохчичун яхь, мел инзаре ирча зиэраш тIехIиттарх нохчичуьнга бIаьргнегIар ца тухуьйту яхь. 1957-чу шеран 9-чу январехь зорбане делира, кхойтта шарахь вайнаха сатийсина указ, мухІар санна къинхетамза тIетоьхна харц цIе дIайоккхуш. Хазахетар совдаьлла, делхарца, мара хьерчара адам. Iедалан ямартлонах боьллачу цхьаболчарна бакъ ца хетара, кестта шайна хьоме Кавказ гур ю аьлча… Делан къинхетамца бакъ хилира вайнахана цIаберза бакъо ялар. Хьем боцуш, цIа ян новкъа яьллачарех яра Курумова Селима. Соьлжа-ГIала цIайирзича иза сихха автотранспортан декъе балха йоьду, Алма-Атахь шена дика карабирзинчу балха.
Билгалдаккха догIу, автотранспортехь хьанала къахьегарна, нохчийн зударех Курумова Селима цхьаъ ю Советски Союзан куьйгалло Нъинхьегаман ЦIечу Байракхан орденца лаккхара совгIат динарг. Балха тIехь хьуьнаре хилла Iаш-м яцара Селима. Спортаца а уллера гергарло а, къеггина кхиамаш а бара цуьнан. Нийса топ кхоссарехула «Мастер спорта» боху лаккхара цIе лелош яра иза. Хетарехь, нохчашна юкъахь дукха бац и тайпа кораматалла йолуш, ЦIеяхана зударий. Бакъду, вайна массо а хIуманал мехала дерг иза Курумова Селимин чулацаме кхолларалла ю, шен къеггинчу басах, чомах ца телхаш, таханене схьакхаьчна йолу. Масала, цхьа дийцар ду Селимас яздина «Жарманан некъ» цIе йолуш. ХIинцалерчу мехкарша и дийцар дешча, Iаламат дукха шайна пайдехь дерг карор дара царна. Жарман дийцаран коьрта турпалхо ю. Иза кхиъна догIуш зудабер ду, юккъерчу школин лакхарчу классехь доьшуш. Амма дешарца кIезиг бала бу цуьнан. Аьрха ойла мелла акха йирзина, нанас дуьйцучуьнга ла ца дугIу. Нанас дечу хьехарел, балхахь-некъахь воцуш, мукъалла волавелла лелачу ГIирмас дуьйцург маьIне хета Жарманна. Цо ойла ца йо маре яхар муьлххачу а йоIана Iаламат чолхе гIулч хиларан. Суьйренца самукъана ша хи эца йоьду шовда хета цунна ирсечу зовкхе кхойкху сатийсаме анайист. Майра а, малхана дуьхьал лаьцна IиндагI санна, цхьа бахьана хилчхьана тоьу а ду моьтту… Мел халахеташ делахь а, тахана кIезиг бац вайна юкъахь оцу декъазчу ойланаша корта хьийзо мехкарий. Бакъду, доьзалан дукъ тIе дазделча, шашаха къайла йовлу-кх цу ирсан бIарлагIаш. Цунах ду Курумова Селимин «Жарманан некъ» цIе йолу дийцар. Нохчийн мехкаршка маре дан сихцабалар доьху яздархочо, Iамабо уьш шайн кхолламан дай хила, дешарна ойла тIеерзо гIерта. Исбаьхьчу куьцашца гойту, нанас бохург ца дича а, йоза-дешарна дукха хьалхе бIостанехьа вирзича а дукхахьолахь дахар Iаламат чаьмза нислуш хилар. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран шовзткъе итталгIачу шерийн чаккхенехь зорбане йийла юьйлаелира Курумова Селима произведенеш «Орга» альманахан, «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь. Даима езаш тIеоьцура уьш дешархоша. Хаьара Курумова Селимин йозанашкахь керланиг, хазаниг, цIенниг, бакъдерг шайна карор дуйла, «чомехьчу» нохчийн маттахь уьш язйина хир юйла. Бакъду, дуьххьара а, тIаьххьара, Курумова Селимин дийцарийн а, повестийн а гулар 1966-чу шарахь бен зорбане-м ца елира. «Дохк» яра цу гуларан цIе.
Дуккха а дийцарш, «Дохк», «Сан гIалат» повесташ яра гуларехь. Уггаре а хьалха шена тIе тидам боьдуш ерг «Дохк» повесть ю, кIезиг ю нохчийн литературехь иштта, лаккхарчу говзаллица, ненан маттахь сел хаза вайн Iалам дуьйцуш, язйина произведени. Нохчийн къоман гIиллакхийн хазна, Iер-дахаран хатI девзаш язйина ю повесть. Ткъа турпалхойн васташ, тайп-тайпана исбаьхьалин басарш ца кхоош, кхоьллина ду. Юьхьанца дуьйна повестан турпалхошка вайн безам бахийта ницкъ кхочу говзачу яздархочун. Коьрта ши турпалхо ду «Дохк» повесть тIехь. Ненан цхьаъ бен воцу кIант. Зовра. Цунна дукхаеза юьртара хаза йоI ЗабиIат. Бераллехь дуьйна цхьаьна лулахь хьалакхууьш ду и шиъ. «Хиндолу хьоза бенахь дека», олуш кица ду халкъалахь. Иштта, дукха жимчохь дуьйна къонаха ша вуйла хууш, къонаха хиларан и деза дукъ шена тIелаьцна, кхуьуш ву Зовра. Иза ненан цхьаъ бен вац. Дукха хьалхе да воцуш висина, нанас кхиийна иза. ТIаккха цуьнца вуо муха хир ву? Ткъа ЗабиIат луларчу хьоладен йоI ю. Делахь а и йоI ю, когаха кIохцал дахча йоьлху. Лулахочуьнца йишица санна хила ма веза. цундела Iуналла до йоIана Зоврас. Мел жима велахь а, Зовре ца лало цхьа хаза лакхара балда озош, ЗабиIат йилхича. КIант сихло ЗабиIатана орцахвала. Амма зама дIайоьду. КIант йоI доккха хуьлу. Юьхьанца и шиъ къехка вовшех, вайнехан гIиллакхашца догIуш ма-хиллара. Делахь а, бераллехь бахана безам, иза нуьцкъала ма бу, дуьне хаздеш йогIу бIаьсте санна. Бакъ болчу безамна хийра ю моттаргIанаш, цунна эгIаза ю муьлхха а дуьхьалонаш, иза нуьцкъала бу шалхонех доьттина харцонан оганаш херцо. Иштта безам бу Зоврин, ЗабиIатан дегнашкахь, ховхачу алонца кийра морцуш, амма ямартлоно къастадо деза шиъ. Ненавашас, доцу бахьана хьовзадой, шен сутаралла бахьанехь, маре дIало ЗабиIат. ЙоI дакъаза яларх бен-башха ца хета цунна. Безаман къа шех хьарчарх шек ца волу иза, хьуьнхара дечиг дан шена маршо хилчахьана. ХIинца а наггахь нисло-кх вайн дахарехь и саннарг. Дика дац иза. Безама тIехь ца кхоьллина доьзал цкъа а ирсе хир бац. И безам ларбаре, цу тIе хьарам куьйгаш ца кхийдоре кхойкху Курумова Селимас. Шен повеста тIехь авторо емалйо сутаралла, осалалла, ямартло. Доцца аьлча, вайн къоман гIиллакхашна бIостанехьа дирзина мел дерг, вайна хийра мел дерг, дIадаккхаре кхойкху яздархо. Цуьнан ницкъ кхаьчна ша дуьйцучух дешархо тешо, цунна тIеIаткъам бан. Цкъа мукъане а Курумова Селимин «Дохк» повесть ешнарг хIуттур вац безамна ямартлонаш лело. Безамах валар иза йоккха драма ю. Бакъду, говза яздархо йолчу Курумова Селимас лаккхарчу трагедига хьалабуьгу и бохам. Шен маре нах бала хилла еха ЗабиIат. Хийцавелла Зовра. Самукъадалар дIадаьлла цуьнан. Иза даима гIайгIане ву. Цуьнга ца лало шайна бина тешнабехк. Цкъа мацах езаелла ЗабиIат хьерча хаддаза ойланех. Кхечу йоIана ойла тIейоьрзур ю бохург бакъ дац. ДIа лелар ву, ца ваьллачу декъана, амма кху дуьненан бос-керча тайначу хазаллин чам къаьсташ-м вехар вац. Леррина а, ларамаза а дукха некъаш до Зоврас ЗабиIатах бIаьргтоха лууш. Иза дика кхета шена езарг марехь хиларх… Ткъа безам? Цунна хIун де вай? Цо цхьа мерза ов детта дагчу, дIаийзаво ЗабиIат йолчу… Эххар а бIаьрг кхийти езарх, вистхилар а нисдели… ЗабиIат къехка Зоврех, иза дегIаца цхьалха яц… Цул сов, вайнехан гIиллакхашца догIуш дац, майра везахь а ца везахь а, марехь йолу зуда нехан стагца латтар… Делахь а мерзачу гIайгIанца дог Iуьйдучу безамо ма ца боху Зовра хийра ву! ЗабиIатана лууш ма ца елла хIара, зуда а, ворхI бер а долчу стаге маре… Оцу къизачу хеттарийн уьйриг баста гIерташ декъаза ка-мIараш етта дезачу шимма. Хьуо йита а йититий, цIа йола боху Зоврас. Доьзалхочух йолуш цIаяр нийса ца хета ЗабиIатана. Иштта, барт ца хуьлуш, хIара шиъ лаьттачу хенахь Зоврина а, ЗабиIатна а юху тIеIоттало Мока. ЗабиIат маре дIаелла цуьнан ненаваша ву иза. Цо юха цхьа маьттаза гIовгIа йоккху. Зовра иза сацо гIерта. Питанах бен самукъа ца долуш волу Мока, кIантах, эвхьаза катухий, тасало. Зоврас цунна тIара туху. Цигахь йоккха гIовгIа йолу. ТIекхуьу ЗабиIатан майра ву бохург а. Цо герз доккху, ца хуьлуу даьлча, Зоврас а герзах катуху. Зовре ца лало вогIуш лаьтташехь майрачо герз тоьхна, ЗабиIат ер. Зоврас воь Мока. Цуьнан ка йолу ЗабиIатан майра вен. Бакъду, хиллачу чевнийн йозалла бахьанехь Зовра ша а дIаволу. Диъ дакъа Iуьллу эвлайистехь, цхьа питанча бахьанехь, цхьана стеган сутаралла а, ямартло а бахьанехь. Дуьйцур-м дера ду, нехан зуда Iадйита езара бохуш… И дуьйцурш бакъ хила там бу… Ткъа ша ца веза йоI нуьцкъала маре йига оьшурий-те, бухахь зуда а, ворхI бер а хилча-м муххале а. Иза ма ду, хастам хиларо АллахI-Дала кхоьллина цхьа адам, шен дуьненан хьежам а, шен синхаамаш а болуш. И хаттарш ду нохчийн яздархочо вайна хьалхахIиттош дерш, исбаьхьаллин тIеIаткъамца вай ойлане дохурш. Ша цIеначу даггара язйинчу массо хьаьркан беркатца адамалле кхойкху Курумова Селимас. Цуьнан кхолларалла ерриге а ю цхьа мах боцу беркат. Цундела басах а, чомах а ца телхаш, таханене схьакхаьча иза. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешерийн юккъехь язйина елахь а, хIинца а Iаламат мехала ю вайна Селимин произведенеш, серлоне, дикане, адамалле кхойкхуш уьш йолу дела. Бакъду, тахана еша дагахь, лаха араваьлча, каро хала-м ду Курумова Селимин произведенеш. Советан Iедало зорбане яьхнарш, цхьа инзаре ирча вайн махка хьаьвзинчу тIамо хIаллакйина. Юха уьш зорбане яха цкъачунна сихвелла стаг а вац. Дика-м хир дара оццул къегина похIма долчу яздархочун произведенеш вай карлаяьхча а, дешархойн шуьйрачу гуонашна уьш йовзийтича, кху шарахь Курумова Селимин бIе шо кхочуш хилар тидаме эцча муххале а. Вайн къоман яхь, юьхь, лазам, дозалла ма ду и санна долу адамаш. Вай декхарийлахь ду кегийрхошна уьш довзийта. ЧІурам санна, халкъан дуьхьа боций, чекх ма бовлу уьш, дуьненан бахам шайна ца лоьхуш. Курумова Селима яра царех. Шовзткъе ялхийтта шарахь бен ца яьхна и оьзда зуда. Амма бIешерашкахь нур довр доцу сирла лар йита ларийна Селима нохчийн литературехь. Дала хьекъал, доьналла лойла вайна Селимин кхолларалла йовза а, цуьнан хама-пусар дан а.
ГАЗИЕВА Аза
Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист