Цхьа а ца туьйлира

Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан рогIерчу 21-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат-Арена» стадионан майданахь 19-чу мартехь цхьаьнакхийтира Екатеринбургерчу «Уралца».IMG_20160320_171026

Майданан дай: Городов, Уилкишр, Родолфо, Семенов, Рыбус, Иванов, Кузяев, Адилсон, Грозав, Айссати, Митришев.

Хьеший: Заболотный, Данцев, Новиков, Фонтанелло, Коробов, Ярошенко, Кулаков, Асеведо, Сапета, Серченков, Дорожкин.

Коьрта суьдхо: Иванов Сергей.

Юьххьехь дуьйна а тIахъаьлла ловзура ший а команда. Амма, хьалхарчу тайман 19-чу минотехь счет схьаелла аьтто белира хьешийн. Майданан дайшна гол тохарца билгалваьлларг Дорожкин вара. Дашна доцуш, дика ловзура «Урал». ХIетте а вайн командин хьовсархой тешна бара ловзар «Урал» командин толамца доьрзург цахиларх. ХIунда аьлча, «Терек» шен цIахь ловзуш къаьсттина чIогIа дуьхьало еш ю муьлххачу а командина. Иза хила а хилира болельшикашна ма-хеттара.

Каде тIелатарш долийра «Тереко». Амма, жимма а малбала дагахь хьеший а бацара. Делахь а, счет дIанисъян аьтто белира вайн командин: Иванов тIахъаьлла хьовзар бахьана долуш, 33-чу минотехь цо «Уралан» кевна чу буьрка а тоьхна, шен цIе дIаязъяйтира серлонан табло тIе. Кхин вовшана гол ца тохалуш садаIа бахара футболисташ. ШолгIачу таймехь а хьешашна кхерамаш тийсира вайн командо. Буьрка цаьрга кхочуьйтуш а яцара «Тереко». Масситтазза хьешашна гол тохаза бевлира уьш. Амма, «Уралан» ковлардийриг (Зоболотный) сема хиларна ницкъ ца кхочура гол тоха. Кхин счет хийца цхьаннан а аьтто ца болуш чекхъелира матч. Карарчу хенахь «Терек», 35 очко а йолуш, турниран таблицехь 6-чу меттехь ю.

«Терек» рогIерчу турехь шен цIахь «Ахмат-Аренехь» 2-чу апрелехь ловзур ю ХIинжа-ГIаларчу «Анжи» командица.

И.МАТАГОВ

 №32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: