Генарчу Малхбалехь а Iама аьтто бу

Нохчийн технологически техникумехь дешначеран аьтто хир бу хIурдакеманаш дечу а, тодечу а заводехь шайн хаарш кIаргдеш деша а, болх бан а. Цу хьокъехь  барт хилла 29-чу февралера 3-гIа март кхаччалц Нохчийн технологически техникуман делегаци «Роснефть» программица Владивосток гIалахь хилар бахьанехь. Цигахь нохчийн делегаци кхечира Дальневосточни федеральни университете а, хIордакеманаш дечу Дальневосточни колледже а.

  Карарчу хенахь Приморски крайн «Большой Камень» олучу хIордакеманаш совцучу меттехь еш ю хIордакеманаш деш йолу «Звезда» завод.

Кхул тIаьхьа, хIора шарахь аьтто хир  бу Нохчийн технологически техникуман выпусникийн оцу заводехь «сварщик» говзаллица балха нисбала.

Кестта производственни бух тобеш, карлабоккхуш, керлачу гIирсашца болх бан Iемаш, корматалла лакхаяккхарна лерина дешаран туш юьллуш, белхаш бийр бу «Звезда» комплексехь. Балха хIуттучеран хаарш зуьйш аттестацех чекхбовла дезар а ду.

Вайн республикехь а оьшуш бу сварщикаш, слесарш, куьгаговза белхалой. Цигахь болх бина цIабаьхкинарш а болх боцуш буьсур бац вайн республикехь.

З.ХИЗИРОВА

№32, шинара, бекарг (март) беттан 22-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: